Яра Хьайбах я, яцара? И ду хаттар!

Дицдан омар -- 1944-чу шарахь вайнах цIерабахарх лаьцна Коканаев Руслана яьккхинчу кинон сурт

Зе деллара гойту, нохчашца доьзна муьлхха а хаттар къастон-дийца волавелча, хьаьвззий, хиллачуьнга юхахьажа везаш. Масех нохчийн кинояккхархо ву карарчу хенахь нохчийн къомана тIехIиттинчу уггар чолхечу киртигах лаьцна кинош йохуш – къам цIерадаккхарх а, даханчу бIешарахь Нохчийчохь бола а бина, берзазчу тIамах а лаьцна. Оьрсийчохь церан кинош гайтар дихкина. Бахьана - къаьмнийн юкъаметтигаш йохорг хилар.


Нохчийн дакъазалла ю, шайна тIехь латтийна а, латтош долу а Iазап дийцича, оьрсийн Iедалша иза къаьмнийн юкъаметтигаш талхорца дуозар. Историн мел ширачу замане кхевдича а, оьрсийн агIора Нохчийчу деана хиллачу муьлххачу а Iедало и зулам дина хиллехь а, иза хьахор ца товш схьайогIуш ю Кремл.

Оьрсийн паччахьан заманахь Дадин-юртахь йийсаре лаьцна, Терк-хих дехьа доккхуш хиллачу 46 зудаберо, шаьш сийсаза ца дахийта оьрсийн эпсаршца цхьана, дала реза а хилла, хин буха даханера. Царна 2013-чу шарахь Нохчийчохь хIоллам хIоттийча йоккха гIовгIа яьккхира Оьрсийчохь.



Оццу хенахь, Къилбаседа Кавказехь луьра, къиза адам хIаллакьдаран политика дIакхехьначу инарлина Ермоловна хIолламаш хIиттабо. Ца хIиттабо Москох, Петарбухехь я Уралехь. Билггал, цу инарло къизаллаш лелийначу нехан тIаьхье ехачу Кавказехь бен.

1944-чу шарахь къам доха а дина, Азерчу пачхьалкхашка хьажош, даккхий зуламаш дина НКВДен ницкъаша. Цунах лаьцна кино яьккхина яьккхина Коканаев Руслана.

Сценарий язъяр цхьаьна юкъа а лоцуш, 2012-гIа шарахь болийна и болх, 2014-чу шеран коьртехь чекхбаьллера. Кинохь дакъа лаьцна Нохчийчура 12 актера. Цхьаберш керла бу, вуьйш – драмтеатрера Ахмадова Хьава, цуьнан йоI Хеда, Татаев Мовсар, нохчийн университетера къона актераш а бара. Мосфильмера 4-5 вевзаш волу актер. 300-400 стага дакъа лаьцна дукха адам гулдалар гойтучу сценашкахь. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь Коканаев Руслана дийцира, кино йоккхучу яртийн бахархоша а жигара дакъа лецира, бохуш.

Your browser doesn’t support HTML5

Коканаев



Кино йоккхучу муьрехь, го баьккхина дехкарш хилла Коканаевн. Нохчийн къоман дахарехь хилла къиза бакъдерг иза делахь а, кинона юкъа ца дахийта дуьхьалонаш лелийна.

Your browser doesn’t support HTML5

Коканаев



Ша кино яккха волавалале, Коканаев Руслана ондда кечам бинера. Историн эксперташ, этнографаш а тIе а оьзна. Цул сов, архивехь тIекхача аьтто мел хилла документ а теллина. 1944-чу шарахь Хьайбахехь гергара нах баьгна волу, «Таллам кхин дIа а беш бу» бу бохучу книгин авторх цхьаъ волу Гаев Саламат а хилла хьехамча санна тIеозийна. Цул сов, шен ма-хуьллу, гIазакхийн къомаха болу нах цу кино чохь къинхетаме гайта а хьаьжна Коканаев. ХIетте а, Оьрсийчоьнан Културан министралло дихкина иза Оьрсийчохь гайтар.

Your browser doesn’t support HTML5

Коканаев



Сталинан заманахь нохчий боцурш, кхин долу къаьмнаш а даьхнера цIера. И лазам Iаьвшинчу къаьмнийн векалша ен гIортор хааелира шена, бохуш дийцира Коканаев Руслана.

Your browser doesn’t support HTML5

Коканаев



Москохарчу Iедалийн ирчачех а ирча гIан ду, шаьш чу са дан ца дуьтуш, шаьш шайха ах-адамаш хоьтуьйтуш, охьатеIош латточу Кавказерчу къаьмнийн цхьабарт хилар. Цунна тIебоьгIна бечу белхан дакъа ду исбаьхьаллехь бехкамаш бар а, исторе кховдар тIе ца кIадар а.

Кинояккхархочо дийцарехь, Оьрсийчура Iедалшца долу гIуллакх кхин а гена даьлла. Хьайбахехь хилларг бакъдац бохучунна тIедаьлла хIинца.

Your browser doesn’t support HTML5

Коканаев



Маршо радио: Кхеташ верг цецволу хIума дац иза. Гуттар бехказабуьйлучу хьоле нах хIиттор а бу, Кремлан политикан онддачех болу ницкъ. Къам бехказадуьйлуш мел деха, цхьаьнаметта когаш бетташ иза мел лаьтта, иза кхуьург ца хиларан дуьззина тоьшалла ду.

Хьайбах шайн бIаьргашна гина нах хIинца а болуш бу.
Цул сов, шайн доьзалера нах билггал Хьайбахера говрийн божалахь байъина хиларан дуьззина тоьшаллаш ду Гаев Саламатан. Советам заманахь дуьххьара и гIуллакх талла долийча, аьлча а, бахьана хIоттийча, тоьшаллаш дина ву иза.
Цул тIаьхьа, Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев Джовхар волуш, и зулам гIарадаккха арабевлла нах а бара. Цунах лаьцна яздан аьтто белира, юристан Хадисов Мусан.

Хадисов: «90-чу шерашкахь цхьа жимма паргIато яла йолаелира дош ала. Газеташна тIехь, журналашна тIехь, радио чохь а хахо дуьйладелира Хьайбахехь нохчий багийна хиларх лаьцна. И артиклш совцуш яцара, алсамъйовлуш яра. Со хIетахь Хьалх-Мартан тIерчу прокуратурехь болх беш вара.

Прокурор вара тхан Цакаев Руслан бохуш. Дуьйцучунна тидам а бина, дуьйцург бакъ ду-дац Хьайбахе дахана а хьовса комисси кхоьллира. Комисси Хьайбахе дIакхаьчча цунна дагийначу божалх йиснарг, цуьнан бух, цхьа жимма пенаш а гира. ТIаккха Соьлж-гIалара эксперт вахийтира. Ишта гучуделир-кх иза. Цигахь ягийна даьIахкаш карийна, тIехь хиллачу бедарийн нодарчий, яхк, кхин йолу хIума а карийра. Акт хIоттийна схьабаьхкира уьш, йийцина хилла факташ тIечIагIйелла аьлла.

Бехк-такхаман гIуллакх айина, ишта дIадоладеллера иза. Дов лелочу хенахь тоьшаллаш а, тешаш а лаха дуьйладелира тхо Хьалха Мартан-тIехь, Рошни чохь, ГихтIехь, ГIуш-кIотарахь. Зулам деш гина, дийна бисина нах карийра тхуна. Оцу юьртахь ца хилла уьш. ДIо гена бахана хилла, хьунан юккъерчу ирзошкахь даьхни кхаба. Iаьно цигахь дуьтуш хилла хьалха даьхни. Цига бахана цIа богIуш, юьртахь кIур а баьлла, хьийзаш салтий гина царна. Адам божална чу дуьгуш гина царна. ТIебаха ца баьхьна, хIун ду ца хууш.

Оцу кепара тоьшалла деш дуккха а нах карийра тхуна. Ткъа и ша-дерриг а уллехь гина а, цигахь лаьттина а ву Мальсагов Зиявди. Вай цIерадахале юстицин министр хилла ву иза. Вай цIерадохучу хенахь оцу цIерадахаран кампанина юкъавахийтина хилла иза, партин декъашхо хилла хиларе тера. Нах цIерабохуш гIо дан хаьржина хилла лакхарчу даржашкахь хилларш. Зиявдина гина иза.

Нийсса цу тIе кхаьчна иза, нах божална чу а боьхкина, гонах ча-хIума а тесна, маьхкадаьтта дуттучу хенахь. Кхетта иза уьш нах багон гIерташ буйла. ТIаккха Гвешианина тIевахна иза, хьо хIун да воллу, аьлла. Ша цхьаъ бен ца хилла иза, цуьнца Громов бохуш кхин цхьа капитан хилла, Маьлхичура схьабогIуш хилла уьш.

ТIаккха Гвешианис жоп делла цунна, кхин хьо вистхилахь, тIепаза войур ву хьо, аьлла. Иштта, тIаккха, цIетесна-кх цара (салташа) цу божалх. ЦIе яьлча, божалахь болу нах кхиъна хуьлчух. Маьхьарий хьаькхна, кевнех арататтабала хьаьвсина нах. Ара хьаьдча, царна тIе пулемет йиттина. Адамийн декъех оцу кевнан гура дIабуькъна цара.»

Маршо радио: Хьайбахахь нах багор шен бIаьргашна гинчу Мальсагов Зиявдис дIадийцинера, Сталинан метта Советан пачхьалкхан урхалле хIоьттинчу Хрущев Никите. Ша велла дIавалаллц, цу зуламна таллам байта а гIиртина иза. НКВДен майра леларе хьаьжча кхеташ ду, и зуламаш динчарна уггар лакхарчу Iедалийн гIортор хиллийла.

Хадисов: "Оцу хенахь цига (Хьайбаха) ворда яхалуш некъ ца хилла, машен яхалуш муххале а ца хилла. Говраца а, гIашший бен хьалавахалуш ца хилла оцу юьрта, Хьайбахе. ТIаккха, цIе а тесна, уьш байгича а хIума дац аьлла, багийна-кх цара уьш.

Уьш, шайгара жоп доьхург хиларх ца кхийрина те, боху хаттар кхоллало. «Аьлча а, цхьа а тешар вац, шаьш баьгна эр ду» аьлла, шайн план сихха кхочушъян сихбелла, кхин хIуманах а озалуш ца хилла уьш. Шаьш шайна тIедиллинарг кхочушдина аьлла, Iедалшна хьалха дика хилчхьана, дисинчунна сагатдеш ца хилла.

Оцу хенахь ваьгнарг 700 стаг ву. Оццул нах баьгна хиларан тоьшаллаш ду.

Церан массеран а цIераш ца хаьа. Билггал стенгара бу а ца хаьа. Луларчу эвланашкара хьалабигина хилла нах, Хьайбахана гонахарчу кIотаршкара. Я оцу хенахь паспорташ ца хилла нехан. Цхьаболчара олу соьга, муьлаш бу ца хууш, байиний муха хаьа шуна? Оцу луларчу ярташкара наха дийцина тхоьга. Царна хаьа уьш хьенан-муьлаш бу.

ГаевгIеран фамили яьгна ша-ерриг. Церан 19 стаг ваьгна цхьана доьзалера. Гаев Тута цIе йолуш, церан хьалхара стаг хилла, бIе шарал тIехваьлла. Шайн юртарниш боьвза царна. Кхин вуьйш тIебалийнарш ца бевза. Нахе дину къамелашкахула билгал а даьлла, оцу кепара дIадахана и терахь, оццул багийна бохуш долу.

Хьайбахера операцехь дакъа лоцуш 700 салти а, эпсар а хилла. Дукха хьолахь, эпсарш хилла уьш. Оцу Iедало (Советан Iедало) мидалш а, совгIаташ а делла царна. ХIора вийнау цхьана стагах, цхьана эпсарна я салтичунна цхьа мидал кхочу-кх. Стаг вийначу эпсарна оьллина мидал ю.»

Маршо радио: Гаев Саламатан гергара нах байъина Хьайбахера божалахь. Оьрсийн Iедалша тоьшаллаш дац бохуш чIагIдийриг бух боцуш ду, бохуш дийцира цо Маршо радиога.

Your browser doesn’t support HTML5

Гаев Саламат


Маршо радио: Нохчийчохь тIемаш беш оьрсийн эскарша даккхий герзаш диттина Хьайбахера божал даьгначу меттигана тIе. Цу уллехь я гонахь аьттехьа тIемалой ца хиллашехь. Гаев Саламат тешна ву, иза лерринчу маьIница дина хиларх.

Your browser doesn’t support HTML5

Гаев Саламат


Маршо радио: Нохчийн къомаха болчу режиссерийн лазам, шайн къоман лазаманна уллехь бу. Цундела хьовсу уьш къоман иэсехь а, дахарехь а кIорга лар йитинчу хиламех лаьцна кинош яха.

Къона режиссера Магомадов Руслана яьккхина документалан «ЦIа» олуш кино. Иза а яц гайта магийна. «Чилла» цIе йолуш, кхин цхьа кино яьккхина цо, вайнах цIерабахарх лаьцна. Иза а, къайлаха-къулах гайтира, ур-атталла, Нохчийчохь а.

Кинош-хьовха, депортацех лаьцна Нохчийчохь интеллигенцин гулам вовшахтоьхна политолог, адамийн бакъонашларъярхо Кутаев Руслан ву, кисанахь наркотикаш карийна аьлла, лаьцна латтош. Оьрсийн а, церан муьтIахь долчу меттигера а Iедалша зуламаш дан мегаш ду. Цара юкъаметтигаш ца талхайо, церан хьесапехь. Царах лаьцна дийцаро талхайо. Заманан билгалонаш ишта ю тахана.