„Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш доккхахчу декъехь Кремлана гергарчу концернашний, совдегаршний гIуданаш дар Iалашо йолуш ю. Ткъа Кремло Малхбузенна дуьхьал яьхнарш массарна а гIуда дар Iалашо йолуш ю“ - иштта го Европерчу тергамхошна а, коьртачу хаамийн гIирсашна а Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран сацамца юккъеяьккхина йолу Малхбузерчу юьртбахаманан сурсаташна йолу эмбарго. И эмбарго уггаре а хьалха могIарерчу Оьрсийчуьрчу бахархошна зенехь хилар Кремло, гарехь, мехала ца лору. Цкъа а шен политикан я идеологин Iалашонашкахь мискачу нехан хьашташ тидаме ша оьцуш ма ца хиллара.
Шеко йоцуш, санкцеша цхьанна агIонна а пайдехьа яц. Цундела а яра Европа, Украинехь Оьрсийчоьнан агресси йолаелча дуьйна схьа, и гIуданийн некъ юхьара ца лаца гIерташ, юхаийзалуш.
Экономикан агIор Оьрсийчоьнах иштта Европа санна совйозуш йоцучу Цхьаьнатоьхначу Штаташа ша мел ира-кира хIиттаярх, еххачу ханна экономикан санкцешка ца йолуш лаьттира иза, Кремлан леламаш хийцабаларе сатуьйсуш.
Эххар а маьрша некъахой чохь болу кема, хетарехь, Кремлан агIончаша Украинехь чудаийтинчул тIаьхьа, ткъа тIаккха а Оьрсийчоьно шен сепаратисташна белшашгIорторан политика хийца ца хийцича, мелла а шогох йолу гIулчаш ца яьхча ца ялар тIедуьйжира Евробертана.
Оьрсийчоьнан президенто тIеэцна болу сацамаш цу Евробертан санкцешна дуьхьал еш хIуьттаре лара мегар ду. Бекхам-м цунах олийла а дац, ткъа нагахь санна иза бекхам белахь а, шаьшна оьрсийн бахархошна дуьхьал бекхам бу иза. ХIунда аьлча, церан такха дезар ду Кремлан амбицех болу беза мах. Уггуре а хьалха оцу Путинан омрица эмбарго кхайкхинчу сурсатийн мехаш лакхабевр бу, ткъа уьш ца эцча ца волуш долу кхачанийн сурсаташ ду.
Оьрсийчоьне шен ницкъашца шен бахархойн хьашташна оьшшучул и тайпа сурсаташ Iалашдалуш ца хиларна, церан импорт ца йича, уьш ца тоьуш хир ду, мацах советийн заманара массарна а дика девзаш долу „дефицит“ боху дош халкъалахь юха а жигара лела а долалуш. Ткъа цу тIе кхачале хьалхара гIулч - мехаш лакхвдовлар, - хIинцале а Оьрсийочьнан а, Нохчийчоьнан а базаршкахь а, туьканашкахь а хаалуш ю.
Маршо радионца къамел дичну Соьлжа-гIалин яхархочуо Ташаева Заргана иштта дуьйцу цу гIаларчу базарахь мехаш хийцадаларх лаьцна.
Ташаева Зарган: “Арахьарчу махка чу дахьаш долчу шуьрин сурсаташна мехаш тIекхетта. Жижигна а тIекхетта мах, кхетташехь цIеххьана масех туьмана а кхеташ. Юург хIинцале а язъелла, амма иштта тIеюху хIумнаш а язлуш ю. Кху махкахь еш-тоьгуш ма яц уьш, арахьара чу яхьаш ю.
Некъ базбелла, билеташ дазделла, евро дазделла, тIаккха цундела тIеюху хIумнаш а язлуш ю. Iе а, ваха а хала ду, де дийне мел долу аттачу долуш-м тешна а дацара хIара, холчу долуш ду-кх“.
Цу юкъана Кремлана гергара аналисташ телевизионехула юкъараллийна тоьшаллаш деш бу, мехийн катастрофа хир яц, Оьрсийчоьне шен ницкъашца ша кхабалур ю, мацах Советийн заманахь а ма кхабалора вайга ваьш, бохуш.
Бакъду, тамаша бу и тайпа Советийн заманца долу дустар Оьрсийчохь дуккханна томе хилахь. ХIунда аьлча, тIаьхьарчу шерашкахь дуьненах бIаьрг тоха а, маьрша ваха а, ван а, кхечу пачхьалкхашкахь садоIа а, цигарчу томех а, диканех а марзо эца а Iеминчу таханлерчу оьрсашна луур дац, кхин цкъа а эчиган пардонна тIехьа дIакъевлина баха.
Луур дац царна иштта, къайлах а, къулах а джинсан хеча эца кадалахьара бохучуьнга юха а сатийса а, я хIетахь санна туьканашкахь йоьхьийн дефицит хилийта а.