ХIиндойн океан чохь эткаш йила луург цхьа Жириновский хилла ца Iа

Оьрсийн империн а, Советан Цхьаьнакхетараллан а гербаш

Оьрсийн политикаша а, Кремлана герга болчу зорбанчаша а кест-кеста гIаттадо, шайн пачхьалкхан дозанаш керлачу лаьттанашца шордича бакъахьа хир дара, олий. ХIинца юха а айдина и къамелаш пачхьалкхан телевизионаша а, газеташа а. Оьрсийн империн долахь хила догIуш дара, цара бахарехь, Африкера, Iамеркара мехкаш хьовха, космосан доккхах дакъа а.



Ши эзар шо хьалха дуьне даккха араваьллачу Искандер-паччахьна (Македонский Александрна) санна, ХIиндойн хIорда чохь шайн салташа эткаш яшайойла шена лаьийла къадийра массех шо хьалха Оьрсийчоьнан уггаре а самукъанечу депутата Жириновский Владимира. Дуккха а нах боьлура цунах. Амма Кремлехь кест-кеста самаболуш хуьлу сатийсам бара Жириновскийс гIарабаьккхинарг.

Кар-кара а оьцуш, дуккха а газеташа яржайо кху муьрехь цхьана Зелев Андрей цIе йолчу журналиста язйина «Оьрсийчоьнан долайовлаза йисина колонеш» цIе йолу артикл.

Цуьнца аьлча, тахана Тринидад а, Табаго а, цуьнан мехкдаьттаца, газаца, Iаьмеркара Калифорни а, цигарчу дешин маьIданашца, Босфор а, дуьненан юкъ хиларца мехала йолу, Таиланд а, Индонези а, шайн Iаламан Iаламаташца, Эфиопи а, Папуа Керла Гвинея а хила догIура оьрсийн колонийн могIарахь, хIетахьлера паччахьаш тентакаш ца хиллехьара – оцу мехкашка кхочуш а, бухарчу къамнашна товш а хилла оьрсийн империн куьг.

Журналистна Зелев Андрейна хетарехь, Оьрсийчоьно лаьтта тIера тайна кескаш ялийтина ца Iаш, йожийна шен долара космос а. Уггаре хьалха кхаьчннашехь шен ракеташ Батта тIе, Марса тIе, Венерана тIе, Оьрсийчоьно стенна ца яьхна и тIурненеш шен дола, бохуш, цецвуьйлу журналист-империалист. Цигахь а ма бу баккхий бахамаш, боху цо - аьчкан маьIданаш, термозарратан ягориг.
Ишта ю вуьйцучу журналистан а, кхин а дуккхаъчу оьрсийн политикийн, пачхьалкхан дайн амбицеш.

Беламе хеталахь а, къамелаш дийраш кхетамчуьра бовларна а доцуш, империн денъярх болу хьогам баржор, бестор шен цхьа орам а болуш хIума ду аьлла хета Маршо Радиоца оцу оцу хьокъехь къамел динчу историкашна.

Францерчу историка Вачагаев Майрбека Оьрсийчоьнна импери а хилла яха лаар иштта туьду.

Франци -- Вачагаев Майрбек, историн Iилманан доктор

Вачагаев: «Дуьйцург цхьа миллион стагна дуьйцуш ма даций. И ойла йижа ца юьту цара, «хьалхалера чIогIа пачхьалкх», бохуш. Тахана шаьш доцийла хууш хиларна. Ахь муьлхха а хIума схьаэцча, экономика, политика, эскар, хьалхарчу итт пачхьалкхана гергахь а яц Оьрсийчоь. Царна иза ца мега, хала ду лан. Цундела Рогозин санна болучара яздеш хIуманаш ма дай уьш.

Пачхьалкхах лаьцна вон мел яздийриг телевизионе ма дита боху цо, масала. Пачхьалкхана дуьхьал долу цхьа а дош ма дита, боху. Хьераваьлла а ма ца бохий цо иза. Ша дуьйцург хIун ду а хууш ма дуьйцу цо. Iедало «хIаъ» а аьлла, бохуш ма ду иза.

Хаза нехан санна халчохь бу уьш. Шайна хилларг хIун ду ца хууш, цунна тIаьхьа ца кхуьуш, и шайн хьалхалера истори юьйцу. Уггаре дукха газ, мехкдаьтта долуш пачхьалкх елахь а, халкъана хIумма а луш дац. Ахча ца лахь, къомана «истори» мукъане а яла еза.

Эладитанаш тIехь, туьйранаш тIехь адам охаьтаIийна латтадо. И ца дахь, и пачхьалкх хир яц. Адамо йохор ю иза, дуьхьал а даьлла. Амма ца йохайо – оцу туьйранаша латтайо. И пачхьалкх мел ю туьйранаш лаьттар ду.

Сибрех бехарш ма бийца ахь, вайн, нохчийн, махкахь беха, университетан студенташ а тIехь къийсало соьца, Оьрсийчоь тоьлла пачхьалкх а ю, и санна диканиг ян а яц, бохуш. Телевизион а ю царна, интернет а ю, амма кхетам бац оьрсийн политико белларг бен. Цунах а цецвала ца веза – идеологи ю тIеIеткъарг. И вайн кегий нах вуно мутIахь бу, дуьйцург схьа а оьцу, юьхьара а доккху. Тамаше делахь а, иза долуш ду».

Нохчийчоь а санна, бIешерашкахь тIамца, дашца оьрсаша баьккхинчу Кавказан кхечу махкара, Дагестанера, ву историн Iилманан доктор Доного Хьаьжмурд. Цунна хетарехь, кхечу къаьмнашна хьалха шайн леллачу сийлаллах, локхаллах, хьолаллах хьоьгу дуккха а дукха оьрсий, амма иза ца кхета кавказхошлахь а Оьрсийчоьнан импери меттахIоттаре догдохуш, цуьнан истори язъеш нах нислуш хиларх.

Дагестан - Доного Хьаьжмурд, историн Iилманан доктор

Доного: « Тахана а бовлу дагестанхошлахь, паччахь волуш низам а лелла, мелла а дика даьхна адам олурш. Уьш берраш а аьшпаш бу. Дагестан колони хилла, бIешерашкахь тIамца, цIийца, хийра гIиллакхаш даржорца яьккхина.

Ерриг а Кавказ а хилла иштта, къаръеш, яьккхина. Тамаше ду цхьаболчу дагестанхоша «импери» боху дош а цхьа ницкъалчу, тайначу, низамаллечу хIуманца дузуш, туьдуш хилар. Со даима а цецвуьйла, ванах, дагестанхой, оцу империне сатийсам шуьгахь а бу теша, олий. Юханехьа, импере, некъ бан а ма бац. Вайна, кавказхошна хила дика а ма дац цунах. Вайх юха а хир ю-кх колонеш».

Иштта ю Оьрсийчоьнан олалла дендан , цунах алссам мехкаш, халкъаш дозуш хилийта луучара империн хилларг а, хила тарлург а даздеш юха а гIаттийна кампани.

Ткъа кхетий-те и нах, политикаш, журналисташ, Iедалхой, дуьне тоххара декъна даьллийла а, бухара къаьмнаш хьалхалера акхарой йоцийла а, цара стенга сатуьйсу те, тахане шайн махкахь хазъечу меттана, нехан мехкашна цергаш стенна хьекхайо те, олий, хетало, Оьрсийчоьнан импери деньяларе сатуьйсучаьрга ладоьгIуш.

Делахь а, гарехь, кхачонза ю адамашкахь тахана а, юкъара гIиллакх а хилла, нехан цIий а Iенош, эзар шерашкахь яьхна хьагI, саьхьаралла, къизалла.