Киевехь хьийзаш болу фашисташ. Оьрсийчу уьдуш болу бIеннаш эзарнаш махIажираш. Жуьгташна дуьхьал йолийна кампани. Православин килсашна деш долу тIелетарш. Иштта ю Оьрсийчоьнан заорбан гIирсаш Украинера хьал марса даккха гIерташ буттучу аьшпийн истореш.
Украинехь баккъалла а хуьлучунна тIаьхьакхиа вуно хала ду. Ткъа Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша, гарехь, леррина иза кхин а халчу доккха. Тахана оьрсийн телеканашлашкахь гойтург цхьаъ ду. ГIирма дIалаьцна латтташ оьрсийн ницкъаш бу. Москох ю тIом бан кечлуш.
Оьрсийн журналисташ а церан политикаш а маьхьарий детташ бу Киевехь фашисташ бу, жуьгтий юха а хьийзош бу, Украинин Малхбалерчу кIошташкахь оьрсашна деш тIелетарш ду, Украинера бовдучу оьрсийн мухIажираша юкъийна ю Оьрсийчоьнан доза хадо меттигаш бохуш.
Амма и цхьа бух боцу хиламаш коьрта дакъа хуьлий дIахьуьтту Оьрсийчоьнан политикаша дечу дIахьедарийн. Наггахь и аьшпаш чекхбуьйлу Малхбалерчу хаамийн гIирсашкахула а.
Фицпатрик Кэтрин яздархо а, гочдархо а ю. Interpretermag.com сайт тIехь яздо цо Украинехь хуьлучух лаьцна.
http://www.interpretermag.com/ukraine-liveblog-day-I4-could-a-cold-war-turn-hot-today/
Фицпатрик Кэтрин : «Иштта дуьйлало тШемаш. Олуш ма-хиллара, «бакъдерг ду уггаре а хьалха тIамо дуьш дерг». Ткъа вайна гуш ду Оьрсийчоьно билггал иза деш хилар. Суна хетарехь, уьш баккъалла а жоьпазаллан нах бу.
Цара цабезам а кхуллу, паника а йоккху. Харков санна йолчу меттигашкахь адамаш оьрсийн телевизионе хьожуш ду. Церан аьтто бу меттигерчу телеканалашка хьажа, амма уьш марзбелла оьрсийн телевизионе, цундела цара бакъдерг лахархьамма ца толлу оьрсаша дуьйцург».
Фицпатрика дийцарехь, президентана Путин Владимирна Украинехь тIом боло бакъо луш Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно бухе диллинарг аьшпаш тIехь вовшахтоьхнарг дара. Иза дара Оьрсийчоьнан Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацехь волчу векло Чуркин Виталийс кхерамазаллан кхеташоне дуьйцуш хилларг а.
Фицпатрик Кэтрин: «Федерацин Кхеташоно ницкъах пайда эца ша бакъо луш дуьйцург а, Чуркина дуьйцург а дара кхерамехь болу оьрсийн мотт буьйцу бахархой - украинахой а, оьрсий а - къелхьар баха юкъагIорта дезаш ду шаьш бохург. Амма и дIахьедарш цара до, цхьа а бух боцучу, тIелетарш деш ду нахана бохучу хаамна тIе а тевжаш».
Цхьаmнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь вист хуьлуш, Чуркина цул сов дийцира Киеверчу Печоран лаврина тIелатар дина бохуш. Иза а дара шуьйра дуьйцуш Оьрсийчура хаамийн гIирсашкахь а, телевизионехь а.
Амма оцу килсехь сихха харц бира и хаам. Делахь а, цуьнга хьажна доцуш, и тIелатар хилла бохуш чIагIдеш вара Чуркин. Цо эргIад яхийтинера ша бохуш яздо Фицпатрика.
Оьрсийчура телевизионехь шуьйра дуьйцуш дара 650 эзар мухIажар ведда Украинера Оьрсийчу бохуш. Амма Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин мухIажирашкахула йолчу урхалоо харц бира и хаамаш. Хьалха хиллачулла а алсам наха доза хадоран билгалонаш яц элира цо.
Ткъа Украинерчу блоггершна гучуделира шаьш дуьйцург бакъ деш оьрсийн телеканалаш Оьрсийчоьнан дозанехь хуьлург гойтуш яьккхина видео Укринин а, Полшин а дозанехь яьккхина хилар.
Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс кху беттан 5-чу дийнахь Интерфаксана комментари еш элира ГIирмехь Оьрсийчоьнан номерш а йолуш хилла тIеман техника провокаци яра аьлла.
Цо юха а дIахьедар дира шайн эскарш цигахь дац аьлла. Шайна ца хаьа бохуш чIагIдора цо мичара девлла ГIирме эскарш. Иза Шойгус дийцира Украинерчу журналисташа оьрсийн салтийца йина видео-интервью интернетехь гучуяьллачул тIаьхьа.
Цхьаболу украинахой беларца дуьхьал лаьтта оьрсийн пропагандина. Масала, интернетехь шуьйра яьржина ю лаххара 5 тайп-тайпанчу меттигехь оьрсийн журналисташ гайтинчу репортажашкахь, латкъамаш беш лелачу цхьана оьрсийн зудчух лаьцна яьккхина видео.
Изза аьшпаш бу жуьгтий Украинехь хьийзош бу бохуш дийцар а.
Социолог Лев Гудков директор ву йозуш йоцучу Левадан цIарахчу талламан центран. Пропагандан коьрта Iалашонах лаьцна иштта дуьйцу цо.
Гудков Лев: «Пропаганда еш вуно мехала ду, хьулуш дерг кхечу агIор хила мега бохург юкъара дIадаккхар. Алтернативан информаци цахилийтар. И бахьана долуш Iедалша дуьйцучух тешаш боцу нах цхьа аьтто боцуш хьулу кхечу хаьжарца болх бан. Иза ду пропагандехь коьртаниг».

Your browser doesn’t support HTML5