Your browser doesn’t support HTML5
Устрада-ГIаларчу хьерахь шераш хьалха яьккхина видео йиллина деношкахь Ютубе цкъачунна цIерш йовзаза буьсучу, амма яххьаш лечкъа а ца еш, дуьйцучу оьрсийн эскархойн.
ТIеман шераш дIадахана хиларе терра, къоьжа нах бу дагалоьцурш. Шаьш лецна нохчий кху чу кхуьйсура, бохуш, оцу элеваторе а баьхкина, гойтуш ю цара ах бIе метр кIорга, чу кIа духкуш хилла гIу. «Эксперимент» хIоттош, чуластабо цара гIамарх буьзина тIоьрмиг. Боьлу шайн са а хаьдда.
ХIинца хIоттор вай дустуш сурт. Хуьлуьйтур яржийначу видеоно гойтурш оьрсий эскархой а боцуш, нохчий. Хьан дуй буур бара, и нохчий кIира-ши кIира далале лецна, набахте хьовсо кечбийр ма бацара аьлла?!
...Ростоврчу тIеман кхело кхаарийдийнахь хатта долийна Тунтаев Аюбан дов. Мила ву Тунтаев?
2005-чу шеран аьхка ЧIуьлга-Юьртахь молханах юьйлина машен эккхийтина вийра 15 полисхо. Цунна куьгбехке а лерина, набахте хьажийра массех нохчо. Царалахь вара Тунтаев Аюб а.
ХIетахь оцу стагна ца богIу бехкаш а тIехь тIехьерчийна аьлла, 2012-чу шарахь дIахьедира Путинан цIарх Нохчийчуьрчу адамийн бакъонийн тергоечу Нухажиев Нурдис. Ткъа цуьнга а, я адвокаташка а ла ца дугIуш, набахтехь яккха ехха хан кхайкхийра Тунтаев Аюбна.
Изза Тунтаев ву дуккха шераш девлча, хIинца юха а, рогIера бехк а карийна аьлла, кхеле валошверг. Бакъду, иза цига цакхачор бахьанехь тIебогIучу батте дIатеттина кхел. Къилбаседа Кавказан тIеман кхелан сайто бо и хаам, ткъа хаийтац стенна ца хилла Тунтаев шен рогIерчу девне вало йиш.
Дустур вай, дукхахболчу бакъоларъярхоша а, Нохчийчоьнан бахархоша а санна, хIун башхалла ю Тунтаевс дина бохучу зуламний, видеонехь шаьш кху 50 метр кIоргачу гIучу лецна нохчий кхуьйсура бохуш дуьйцучу оьрсаша шайна тIеоьцучу зуламний юкъахь?
Тунтаев шега хIетахьлерчу мехкан президенто а, муфтис а массо а хаамийн гIирсашкахула, трибунашкахула аравала, даймохк Iалашбе, баьхча, ара а ваьлла, чудаьхкинчу эскарех летарна бехкево.
Ткъа Устрада-ГIаларчу элевоторехь гIучу нохчий кхийсира шаьш бохучаьрга, цара дуьйцург хIун ду, иза муха мегаш хилла хатта дагахь а вуй-те Оьрсийчохь цхьа а прокурор, талламча я полисхо?
Цхьана а низамхойн урхалло доьхуш жоп а доцуш, кIезиг дац и тайпа видеотоьшаллаш интернетехула девлла лелаш. Я кхунах а дац жоп доьхур ду ала.
ТIеман зуламаш дарна бехке бу аьлла, Оьрсийчоьно набахтешка хьийсийначу нохчех доккхачу декъо, церан гергарчара ца хеддаш аьрзнаш до, шераш девлча а дог ца дуьллуш, бехк тIехьарчош тоьхна хенаш, бохуш. Ткъа кхелаша цаьрга а, церан адвокаташка а ладоьгIна меттигаш вуно кIезиг ю, яц ца алархьама аьлча.
Пхийтта шо хьалха дара Пятигорскехь хоттучу нохчийн тIемалойн девнехь Iимран (ишта аьр вай цунах, кхетачу бахьанийца, кхин цIе а туьллуш) дехха шераш даха набахте хьажийча.
И ерриг хан текхна а ваьлла, даймахкана а, Оьрсийчоьнна а юьстах ваха дIатарвелла Iимран ши-кхо шо хьалха.
Мел хьуне ду вай далийна дустар, нохчашна сихха, лоций, прокуроро мел йоьху хенаш еттар, ткъа оьрсийн эскаршкарчу зуламхошна къинхетамаш бар, иза муха тIеоьцу набахтешкарчу нохчаша, хаьттира цуьнга Маршо Радионо. Iимрана иза йоккха харцо лору. Дегабаамбо ерриг а Оьрсийчоьнна, цигарчу Iедална, харцо а мегаш бехачу бахархошна.
Iимран: «Дегабаам хилла а ца Iа. Цхьана бахьанийца лаьцна, цувоьллира со, кхечу бахьанийца – хан тоьхна, хан яьккхина, араваьлла со. Со саннарш шортта бу цигахь, духхьара а вац, тIаьххьара а вац.
Вайн цIахь зуламаш дина чубоьхкинчу гIазакхех аьлча, церан чохьбахкар шатайпа хуьлу. Царна набахте кхоччушехь тоьлла хьелаш хIиттадо. Гергарчарех а мичча хенахь кхоьтуьйту, дIалуш ерг а духьало йоцуш, дIакхачайо. Хеназа ара а уьш бовлуьйту.
Оьрсийчоьно лелочу харцонах со цец ца волу. Iедало ахча а луш, латтабеш иллиалархой а тIехь бу цигахь, нохчий аьшнашбеш лоькху церан тобанаша эшарш. Царна хьовсархоша тIараш а бетта, иза экстремизм а ца лору… Кхин даккхий хIуманаш-м дуьйцур а дац вай. Нийсо хилла а яц, хир а яц оьрсийн пачхьалкхехь, вайн къомаца а, я бусалбачу нахаца а».
Конституци цхьаъ ю, иза массарна а ю юкъара, низамаш а иштта, цхьабосса ду халкъаца, къаьмнашца, адамашца, церан бос, юьхь-марш а ца къестош, боху Кремлан охIланаша. Ткъа шалхенаш лелийла хаьа Оьрсийчохь массарна а. И хаарал а совнах, хаьа царна кхи цхьа бакъдерг а – гуш дац нийисонехьа лаьтта хенан доза. «Тахана и харцо елахь а лелаш, кхана хир яц» - ишта олу нах баовлане а ца бовлучу кхочуш лаьтта.
Iедало "йийр ю нийсо", ца олу хIинца. Олу Устрада-Эвларчу хьерахь салташа шаьш дина зулам хесточу видеона буха цхьаммо ма-яздарра: «жIаьлеш… хIумма а дац, зама йогIур ю кхьуйсуш шу а, хIан-хIа, кхуьйсур дац оцу гIучу, амма жоьжахатин цIерга-м кхуьйсур ду».