Аштаркхнехь мэр хоржуш Iедалша харцонаш лелийна аьлла, мацалла хьоьгуш ву 20 гергга стаг. Царна юкъахь ву цу харжамашкахь оппозицин кандидат санна дакъа лаьцна волу Шеин Олег а. Цунна накъостлла дан Аштаркхне гуллуш бу оппозицин лидерш а, юкъараллин жигархой а.
Оппозицин лидерш а, юкъараллин жигархой а гуллуш бу Аштаркхнехь. Цига хIинцале а дIакхаьчна Навальный Алексей а, депутаташ Гудков Дмитрий а, Пономарев Илья а, кхиберш а.
Уьш гIортор ян дагахь бу оппозицин цIарах Аштаркхнехь мэр хоржуш хиллачу харжамашкахь дакъа лаьцна волчу Шеин Олегана.
20 ца кхоччуш меттигера жигархо ву, Шеин санна, мацалла хьогуш. Цара дийцарехь, баханчу беттан I6-чу дийнахь дуьйна цара, хи малар бен, кхин йиина хIума яц.
Аштаркхнехь дуьхьалонан акциш юйлаелла Ставропол-кIоштахь Лермонтов-гIалахь мэр хоржуш оппозицин цIарах волу ши кандидат юкъа ца вахийтина, аьлла, мацалла а хьегна, цигара харжамийн жамIаш харц дина дукха хан ялале.
Петров Николай Москох Карнеги цIарахчу центран регионерачу политикан говзанча ву. Цхьа тактика юх-юха а юхьарлацаро халчу хьоле хIиттийна Iедалш, бохуш, дуьйцу цо.
Петров Николай: ХIара ду билггала Кремал кхоьруш дерг. Хьалха цу тайппа проблема яра Лермонтов-гIалахь. Ткъа хIара кхин а хала проблема ю царна. Кхузахь дерг хIу ду аьлча, нагахь санна тахана Iедалш Аштаркхнехь наха доьхучунна тIетахь, кхана цу тайпа хIуманаш кхин а алсам хир ду.
Кху тIаьхьарчу хенахь оппозицино Iедалца къийсам дIахьуш юьхьара лаьцна бу меттигера харжамаш. Цара хIинцале а толам баьккхина Тольяттехь а, Ярославлехь а,Черноголовка олучу Мовскох-кIоштан гIалахь а мэраш хоржуш.
Кремална дуьхьала болу нах дагахь бу Омскехь мэр хоржуш хилла болу харжамаш къовса а.
Шеин Олег «Нийсонан Оьрсийчоь» партин цIарахь Пачхьалкхан Думан депутат хилла ву. Мацалла хьогучу заманчохь 10 кила азвелла ша, бохуш, чIагIдо цо.
Цо доьхург ду Аштаркхнехь мэран харжамаш юхабар. Официалан долчу терахьашца, цу харжамашкахь Шеина гудлдира 30 % кхаьжнаш. Ткъа цуьнца и дарж къовсуш хиллачу «Цхьааллин Оьрсийчоьнан» кандидато Столяров Михаила гулдира 60 % кхаьжнаш.
И харжамаш харц бара, аьлла, хеташ бу цуьнан агIончаш. Шеин Олега дийцарехь, мацалла хьегар ца боьвллачу денна дина ду цо а, цуьнан агIончаша а.
Шеин Олег: Оха массо а вариантех пайда эцна. Аштаркхнехь яккхийн дуьхьалонан акциш яра. 2009-чу шарахь бозбунчаллаш лелийча нахна йиттира. I40 адамашна тIелатар динера. Харжамийн комиссин декъашхой чубохкара уьш болх беш болчехь. Царна тIе чохь йогуш йолу коьчалла а йолу шишнаш кхиссара. Стаг а лачкъийнера. И дерриг а долуш ду. Аса сайн болгехь дийцира цу латкъамех лаьцна. Видио-м яцара цу хенахь. Амма митингаш гIо ца дира.
Гришин Николай Астраханехь вехаш волу политолог ву. Цунна хетарехь, цкъачунна хала ду ала, Шеина вовшахтоьхна йолу акци муха дIайоьрзур ю.
Гришин Николай: Буьззинчу барамехь хуьлуш дерг схьаэцча, хеташ ду, кхузахь пат олу хьал хIоьттина. Дуьхьалонан акцин декъашхошна и пат олу хьал доьзна ду харжамаш юхабохур бу, аьлла, сатуьйсийла дукха къезиг хиларца. И нах къуьйсуш балахь а, уьш юхабовла дагахь бацахь а, массо а кхеташ ву Iедалш юхадоьвр ца хиларх.
Дукхах берш ойла йеш бу хIун дийра дара-те кху хIоьттинчу хьолехь, бохуш. ХIунда аьлча, мацалла хьегар бахьана долуш кхалха мегаш бу цуьнан декъашхой. Кхечу агIора, шена Iедална а и хьал пат олуш долу хьал ду, хIунда аьлча, харжамаш вуно во дIабаьхьна цигахь.
Цу хеннахь, Навальный Алексейс мацалла хьогуш болчаьрна вовзийтина Харжамхойн Лигана юкъара Пархоменко Сергей. Пархоменкос хаам бина, шаьш билеташ оьцур ду Аштаркхне ван лууш волчунна, аьлла.
Шеина Олега дийцарехь, мацалла хьоьгучара мутт мала долор ду, нагахь Оьрсийчоьнан коьрта харжамийн комисси хаьжа реза хилахь, харжамийн каппашкахь харцонаш лелош, цара яьккхина йолчу видеога.