ДIалаьцнарш бара берриг а нохчийн.
И хаам зорбане баьккхира кара-кара а оьцуш дуьненерчу прессо. Амма дукха хан ялале уьш берш дIахийцира, кхин бахьана а ца карийна.
Цул тIаьхьа ши де далале Туркойчохь лецира 90 гергга Къилбаседа Кавказера а, Юккъерчу Азера а схьабевлла нах. Царна юкъахь а вара масийтта нохчо. Карарчу хенахь царах дукхах берш а дIахецна аьлла хаам бу.
Ткъа кху деношкахь Полшехь кхел йолаелла Шемахь тIом бечу Исламан пачхьалкх олучу тобанца уьйраш хилла аьлла лецначу веъа нохчочунна тIехь. Цара ахча дахьийтинчух тера ду Шема.
Дуьненахь яьржинчу терроризмо бохьучу кхерамо сагIа делла стаг а террорхошца уьйраш йолчу нехан могIаршка тохуьйту бохуш дуьйцу Маршо Радион политикан эксперто Вачагаев Майобека. ЛадогIа цуьнан комментарийга.
Your browser doesn’t support HTML5