Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш юха а яхъян мегар дац аьлла Италин премьеро

Итали-- Ренци Маттео а, Путин Владмир а Миланехь, Манг.10, 2015

ТIедогIучу еари дийнахь Брюсселехь дIахьур йолуш ю Евробертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрийн рогIера саммит. Цу цхьаьнакхетарехь дийцаре дечу хеттаршна юккъехь кхерамазалла а, экономикан хеттарш а, террорца къийсам а хир ду. Лерина дацара царна юккъехь дийцаре дан Оьрсийчоьнна дуьхьал Евроберто яьхначу санкцийн хаттар.

Уьш, и санкцеш, рогIерчу ахшаренна нуьцкъаллехь йита еза аьлла яра хIинцалца схьа Евробертан куьйгалхойн позици. ХIунда аьлча, цкъачунна санкцеш юхалиста я яххане а юхаяха бахьана Кремло гайтина дац. Цундела санкцеш юхатоллу я шаьш ма-ярра юьту бохург дийцаре дар а эрна лоруш дара цара.

Амма хIинца Италин премьер-министро Ренци Маттеос динчу дIахьедаро IалагIож яьккхина Малхбузерчу Европехь. Цуо кху деношкахь, Ройтерс агенталло дахкочу дешнашца, аьллера, Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш кхин цкъа а йийцаре ян еза тIейогIучу Евробертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрийн саммитехь, аьлла.

Цуьнца цхьаьна Италино шен агIор блокада йина автоматикаллин режимехь саммитехь тIебогIучу ялх баттана санкцеш яхйарах болчу сацамна. И бохург ду, Италин урхаллин луург чекх далахь а, ца далахь а, амма Евробертан пачхьалкхийн коьрта дипломаташ шайн еари дийнахьлерчу цхьаьнакхетараллехь Оьрсийчоьнан хаттар а, цунна дуьхьал яьхначу гIуданийн гIулчийн хаттар а ца дийцича бевр бац бохург.

Италин премьер-министро Ренци Маттеос и хIума шен махкарчу бизнесхоша шаьшна санкцеш бахьана хуьлучу зенашна бечу латкъамашца дуьйзира. „Цу санкцеша, вайна гуш ма-хиллара, Оьрсийчоьнан леламашкахь беш хийцамаш бац, я цара цхьа а тIеIаткъам а ца бо Оьрсийчоьнан куьйгаллина, цундела уьш пайденна хилар юха а дийцаре дан деза“, - элира цуо.

Амма цхьа могIа аналисташна хетарехь, санкцеш юхаяха-м тешна а мегар дацара, уьш малйар а гIалат хир дара. Ткъа Кремлана цара тIеIаткъам ца бо бохург харц ду, хIунда аьлча экономикан кризисо лаьцначу Оьрсийчоьнна вуно хьашт ду Малхбузено шен санкцеш юхаяхар, аьлла хеташ ву немцойн тIеIаткъамечу Франфуртер аллгемайне Цайтунг газетин экономикехь аналист волу Штабенов Михаэл. „Маьттаза пируэт“ аьлла цIе тиллинчу шен артиклехь цуо емал до Италин премьер-министран леламаш, а цуьнан дешнаш.

„Цхьаъ-м лаъ дац кхузахь, - бохуш язйо аналисто. - ТIаьхьарчу кIиранашкахь Евробертана юккъера массо а партнераш цхьа ойла йолуш бу, дечкен баттахь чекхйолуш йолу Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш кхин дIа а яхйарах долчунна тIехь.

Цу хIуманна шен мехала бахьанаш а ду: ишттий бен Москохана кхин дIа а тIеIаткъам балур бац, цуьнга Минскера барт кхочушбарехь конструктиве дакъа лацийтархьама а, Украинин Малхбалехь конфликт дйаерзийтархьама а.

Ткъа цундела а вуно ца кхетаме ду, Италин премьер-министрана Ренцина хIинца юккъехула санкцеш юхалистаран гIуллакх дийцаре даккха лаар. Ренци и шен маьттаза пируэт а ца еш Iийнехь бакъхьара хир дара“, - аьлла яздира вевзаш волчу немцойн аналисто.

Штабенов Михаэлна санна, Брюсселерчу саммитехь Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш нагахь санна ца бевлла Евробертан дипломаташа йийцаре яхь а, амма уьш шеко а йоцуш, кхин дIа а нуьцкъаллехь юьтур хиларх тешна ву политолог Асхабов Хьамзат а.

Цунна хетарехь, хIинца Италин премьер-министро и дIахьедар далле а, дуккхаъ бахьанаш девллера Малхбузенна, санкцеш мал а йина, Оьрсийчоь юха а, олуш ма-хиллара, шайн клубан декъа ялон, масала, ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIишца къийсам латторехь. Амма Малхбузено иза ца до.

Асхабов Хьамзат: „Цунах гIуллакх хир ду аьлла ца хета суна. Украининий, Оьрсийчоьнний юккъехь долу дов а, цакхетамаш а, церан диспози а хийцаяла цхьа а бахьана дац, ткъа Малхбузенан санкцеш цуьнца йоьзна ю. Доллу дуьне а цу хьолана тIехь тидам беш а ду. Барт хир бац аьлла хета суна санкцеш юхаяхарехь.

ХIунда аьлча, хIинца долу хьал ца дийцича а, хьалха а дара Малхбузенна шен Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш юхалиста шортта бахьанаш, масала, Исламан пачхьалкхе шех олучу тобанца къийсам латторехь. Тхо шуна цу тIехь пайдехьа хир ду шуна, цхьаьна байта вайга и къийсам бохуш цаьрца берта яха гIерташ Оьрсийчоь елахь а, реза ца хуьлу Малхбузе“.

Ала догIу, Италин премьер-министр кхечу Европерчу куьйгалхойн позицех дIа а къехкаш, Оьрсийчоьнга гIо дохуш хилар тидам ца беш ца дитина оьрсийн хаамийн гIирсашкахь. Къаьстина пачхьалкхан политикана муьтIахьчу агенталлаш а, газеташа а хесторца дуьйцу италхойн „прагматикаллечу“ позицех лаьцна.

Иштта, масала, РИА агенталло дахкадо, цуо ма-яздарра, „вевзаш волчу“ италхойн политикан Маттео Салвинин дешнаш. Салвинис Италин куьйгалле кхайкхам бина бохуш дуьйцу агенталло, сихаллийца Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш юхаяха еза, аьлла.

Бакъду, цара ца хьахдо шаьш вуьйцуш волу Салвини Маттео бакъдолчехь мила ву. Иза шен фашистийн хьежамашца вевзаш волу политик ву, италхой, кхечу къаьмнах болу нахий юкъараллин транспортехь вовшех къаьсташ ховшо беза, царна юккъехь мацах Iамеркехь Iаьржачарний, кIайчарний юккъехь санна пардонаш а кхуллуш бохучу дешнашца гIарваьлла волу.

Кхин а цхьа могIа расистийн хьежамаш гойтучу маьттазчу къамелашца гIарваьлла ву и Оьрсийчоьнан президента Путин Владимирс 2014-чу шарахь Москохахь тIеэцна хилла волу италхойн аьтто политик.