Соьлж-ГIалара ирсе нах

Соьлж-ГIала, 2017 шо.

Your browser doesn’t support HTML5

Соьлж-ГIалара ирсе нах

Соьлж-ГIалин бахархой уггаре а ирсе нах бу. Ша бинчу талламан и жамIаш гIарадаьхна "Domofond" олучу аналитикин компанино. Шаьш бахархоша лаккхара мах хадийна боху цигахь, Соьлж-ГIаларчу некъашна а, машенаш дIахIиттайойлашна а, хьаша-да тIеэцарна а, шайн ирсан тIехсов лекха болчу барамна а.

ХIара тайпа талламашкахь Соьлжа-ГIала а, Нохчийчоь а дуьххьара хьалхарчу меттигашка йолуш яц. ХIора шарахь аьлча санна, дIакхайкхадо иштта жамIаш. Мел бакъду аьлла хета шуна шаьш ма дийцара ирсе, аьлла хаттарш дира бахархошка Маршо радионо а. Ала догIу, жоьпаш цхьатерра дац. Цхьаболчарна ирсе ду аьлла хета, кхечара аьттехьа бакъ дац боху.

Хеттарш динчу дукхачара билгалдоккху ирс а, маьрша дахар а цхьаъ ду аьлла. Масала, Авторханов Лечина иштта хета: "Вай ирс долуш къам ду. Соьлжа-ГIалахь дуккха а хир бу и ирс дерш. ХIунда аьлча, хиллачуьнга хьажча, вай маьрша Iаш ду. Чуетташ йолу бомбанаш а сацийна вайна. Вуьшта аьлча, ирс ду бохуш хилча а, адамийн бIаьргаш чухьаьжча гуш ду-кх. ГIайгIанехь волу стаг ирсе ву аьлла ца хета".

Цхьаболчарна ирсан барам шен доьзал а, гергара нах а хилчахьана, чохь токхо хилчхьана ду аьлла хета. Акаев Шамалан санна: "Со а цхьа чIогIа тIехдаьлла ирс долуш ву аьлла ца хетахь а, делахь а,тоьар ду: вежарий бу, доьзал бу, чохь Iан меттиг ю, дIахохкуш машен а ю, балхахь вацахь а".

Соьлжа-ГIалин яхархочунна Истамулова Тамарина дуьненан хIуманца доьзна ду аьлла хета адаман ирс. Ткъа, нахехь иза а, важа а дац, элира цо: "Кху заманахь ирсе нах кIезиг бу аьлла хета суна. Ахча хьан шортта делахь а, ирс хир ду хьан. Иза дацахь, иза даккха меттиг кхузахь бац, тхо ирсе ду бохуш кхайкхадахь а".

60 шарал тIехваьллачу вахархочунна Вагапов ИсмаьIална ирс шен жималлица дIадахана аьлла хета. Адамийн хIетахь хиллачу мерзачу уьйрашца дара ирс, элира цо: "Дуьнен чохь цхьа а хIума ца дезара суна сайн мохк, латта санна. И хIума кхин юхадогIур дац. Советан Iедал долуш дика зама хиллера. ХIетахь лаьттина марзо а, диканиг а, вониг а, оцу заманахь дисина".

Махкахь йолу кхерамазаллехула адамаш ирсе дина аьлла хета Соьлжа-ГIаларчу хьехархочунна Байсангурова Ларисина: "Суна-м Нохчийчуьра бахархой ирсе бу аьлла хета. Вай лайна болу тIом, халонаш а, уьш дIаевлла. Хьо мичча хенахь аравала меттигаш бу, доьзалца охьахаа меттигаш бу, самукъадаккха меттигаш бу. Сарахь волавала шортта меттигаш ю. Вайн Соьлжа-ГIала санна цIена гIала суна гина-м яц".

Ша верриге а ирс долуш я иза доцуш хуьлийла дац, аьлла хета Соьлжа-ГIалин вахархочунна Сальмурзаев Исламана: "Массо а ирсе болуш я массо а сингаттаме болуш аьлча нийса хир дац. Тахана, ирсе а, буьзна а шортта нах бу, иштта хала бохкурш а бу. Мел чIогIа яккхий гIишлош, хохкуш машенаш хиларх самукъадер доцуш нах бу, дIабаханчу шина тIамехь чуьра доьзалш байна нах бу".

Ирсан барам хIора стага ша-шена хIоттабо. Цхьаволчун шен гай дуьзна хилча мел долу хIума кхочуш шен дахарехь хилла аьлла хета. Кхечун Iалашонаш лекха хуьлу. 15 шо хьалха, масала Соьлжа-ГIалин бахархошна цхьаъ санна ирсе хила тоьура тIе бомбанаш ца йиттичхьана. Тахана а и дагалецамаш бу цаьргахь. Цундела, дукхачу декъана кхерамазалла хьалхарчу меттехь ю аьлла хета царна. Иза ша дерриге а мел дийцича а, шайга хоьттуш хуьлуш а я шайх доьзна хIума дац аьлла билгаладоккху цара.