Ша-шена рекордсмен. Стенна ву Кадыров нахана Путинал а чIогIа "вевзаш"?

Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан Iаламан Iилманийн академик, чоьхьарчу эскарийн инарла-майор, физкульту ран лараме белхахо, Самукъанечийн, ТIах-аьллачийн клубан (КВН-телешоу) Нохчийчуьрчу лигин президент, тхэквандохь а, кекусинкайхь а лаккхара даржаш даьхна латархо, профессор, лараме фермер Кадыров Рамзан кхаьчна шен рогIерчу рекорде: Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь Оьрсийчоьнан цхьана а хьаькамо ца баьхначул дукха кхаьжнаш баьхна цо - 99,7%.

Кадыров лакхенга кхачах лаьцна хаам баржийна "рекордаш тIечIагIъечу дуьненаюкъарчу агенталло" шен Interrecord сайтехь:

"Регионан куьйгалхо къасточу харжамашкахь уггаре дукха кхаьжнаш баьхна (проценташкахь) – 99,7% - Кадыров Рамзана (Оьрсийчоь), Нохчийчоьнан Республикан куьйгалхо хоржучу барамехь".

И хаам оццу сахьтехь дIасабаржийра Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша, стенна а делахь а, хиллачух "дуьненан рекорд" цIе а туьллуш.

Стенна эшна Кадыровна 100 проценте кхоччуш харжамийн жамI, хIунда мега цуьнан рейтинг естар Кремлна, хьан гIодина цунна юха а федералан хаамийн тIегIанехь гIаравала?

Дозанал архьарчу а, Оьрсийчуьрчу а хаамийн гIирсаша сов тидаме оьцуш хуьлуш а йоцчу "дуьненаюкъара агенталлин" Interrecord-ан сайт ю хаамаш хьаст. I998-чу шарахь Прагехь схьайиллина и агенталла, Оьрсийчу дехьаяьлла 20I0-чу шарахь, аьлла ду оцу сайта тIехь. Петар ю цуьнан Сочехь, Полтавская урамехь – ткъа йолчу информацица, цхьа жима цIаьлг лаьтта оцу цуьнан адресца.

Ша дукха елла а йоцчу интервьюшкахь Interrecord агенталлин коьртачу редактора Копылов Влада боху, стенна оьшу дуьненан хьалхеяьккхинчунна " Гиннессан рекордийн книге" язлуш дала деза массийтта эзар фунт стерлингаш дайъа, иза шен аенталле а далуш хилча.

"Стага тхуна бала беза мах бац 7-11 эзар сом бен. Компанешкара оха доккху рекорд тIечIагIйийриг 30-100 эзар сом", – лечкъа а ца деш дуьйцу Копыловс.

Аушевна а, Завгаевна а герга кхоччуш

Шен конкуреташна луьйш, Interrecord-ан долахочо оцу интевьюхь боху: рекордийн кхечу агенталлаша "тидаме ца оьцу хьалха яьхна а, хIинцца яьхна а рекордаш, рекордсменийн башхаллаш".

Бакъдерг аьлча, кхузаман политикан исторехь Кадыров вац рекорд яьккхинарг, Къилбаседа Кавказера кхин политик ву: аьлтернатива йоцчу харжамашкахь 1993-чу шеран Чиллан-баттахь Аушев Русланна белира наха 99,94% кхаьжнаш. И къовсаме харжамаш тидамза битича, ван а ву Кадыров рекордсмен. Цу тIе, шозлагIа яьккхина цо и тайпа рекорд – 2016-чу шеран харжамашкахь цо бехира 97,94% кхаьжнаш.

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыровн рекорд: бакъдерг я кхоьллинарг?

Кадыровн конкуренташ лара догIу Кемерово-мехкан харжамашкахь толамаш бохуш лелла Тулеев Аман (в 1997 шарахь – 94%, 2001 шарахь – 93%, 2015 шарахь– 96%), Татарстанан президент Минниханов Рустам (2015-чу шеран харжамашкахь цо бехира 94% кхаьжнаш), Самарера губернатор Меркушин Николай (2014 шарахь – 91%).

Логика йолуш дац оццул дестийна гойту жамI, ца оьшу цигахь цхьана а хьекъал долчу шахматистан чолхенаш леха

Нохчийчохь Кадыровн жамIе кхоччуш туьйлира 1995-чу шеран харжамашкахь Оьрсийчоьнехьа хилла Советан Iедалера функционер Завгаев Докка. 2003-чу шарахь таханлерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун дас Кадыров Ахьмада ца бехира кхаьжнаш 80% бен. Кадыров Рамзана оцу маьIнехь президент Путин эшийна ца Iа (Путинна 2018-чу шеран харжамашкахь наха белира 76% кхаьжнаш) - сийлахь-дезачу дарже ваьккхинчу шен дасчул дукха баьхна цо харжамхошкара кхаьжнаш.

"Нохчийчуьрчу Iедало ша божийна махкахь харжамийн мах"

Кадыровс 99% кхаьжнаш бахар ала дац Кремлна ца тов, хIунда аьлча, иза ву Нохчийчоь Оьрсийчоьнах йозаелла латтаран гарант, боху адамийн бакъонаш ларъечу "Iазапна духьалолатторан комитетан" юриста Янгулбаев Абубакара.

"Логика йолуш дац оццул дестийна гойту жамI, ца оьшу цигахь цхьана а хьекъал долчу шахматистан чолхенаш леха. Иза кхетамбацарца яьккхина гIулч ю, Нохчийчуьрчу Iедало ша божийна махкахь харжамийн мах. Хаа деза Кадыров диктатура лаьттачу пачхьалкхехь кхиина хилар, оцу кхетамца цуьнан да а лелла хилар, дас а бохура махкахь диктатура латта еза. Ткъа Рамзанехь спортехь хуьлу яхь гIаьттина, иза къовсалуш ву кхечаьрца", - дуьйцу юриста.

Янгулбаевна хетарехь, шел хьалха баьхначу диктаторийн жамIал а лакхаваьлла волу "Нохчийчоьнан куьйгалхо кхета а ца кхетта ша харжамашкахь динарг дастаме хIума дуйла".

Кавказ.Реалиица къамел динчу Калачев Констатнтинна хетарехь, "Кремло къобалдо Нохчийчоь юьззина куьйга кIел хилар гойту жамI. Оцо таро ло Кадыровна Нохчийчохь шена кIордадаллалц урхалла лелон. Клишасан низаман проекто а ю и бакъо луш".

Пачхьалкхан Думерчу Федерацин Кхеташонехь коьртачех ларалучу пачхьалкх кхолларан а, низамийн а комитетийн куьйгалхоша Крашенинников Павела а, Клишас Андрейс а низаман проект кечйина регионийн коьртехь губернаторшна шина харжамийн хенал а сов Iан магош.

Ткъа Кадыров Рамзана доьазлагIа а шен караийци урхаллин дукъ – шозза президента хIоттийра иза шегарчу дарже, шозза харжавелира – бакъду, губернаторийн бакъонаш карлаяьхна 2012-гIа шо бен ца лору оцу могIарахь. Иштта хаьржина, масала, шозлагIа мехкан куьйгалхочун дарже Кхарачой-Чергазийчохь Темрезов Рашид, даржехь иза кхозлагIа чIагIлуш велахь а.

Диктаторийн Iедалан сибат

"Нохчийчуьрчу харжамийн жамIах цецвийла ца оьшу – яц цигахь цхьана тайпа оппозици. Оьрсийчоьнан регионех цхьа Нохчийчоь бен яц парламентан шолгIачу харжамашка а ЛДПР партин кандидаташ кхачанза йисина. Яц Кадыров бахьанехь –цкъа а хир яц махкахь ЛДПР, аьлла цо", – билгалдоккху политолога Кынев Александра.

"Пачхьалкхехь Нохчийчоь а ю, йисина Оьрсийчоь а ю. Массарна а хаьа цигахь политикан система кхин юйла. Суна ца хета Кадыровс шен жамI цхьаьнца дагаваьлла схьаэцна аьлла. Конкуренташ моттаргIанна бен боцуш дIабаьхьна харжамаш", – боху Кыневс.

Нохчийчохь хIоьттинчу султанатан сибат гойту терахьаша

"Нийсонан Оьрсийчоь" партино, Кадыровна альтернатива хIоттош, хьалхатеттинчу мехкан куьйгалхочун администрацин урхалхочун гIовса Хаджимурадов Iисас, ша наха къобалван волошшехь, дIакъевлира социалан машанера шен аккаунт. Харжамийн компани йоьдуш тап-аьла тийна Iийра 0,15% кхаьжнаш кхаьчна волу компартин декъашхо-кандидат Накаев Халид а.

"99,7% – диктаторийн режиман гайтам бу. Иштта хуьлу диктаторийн хьал муьлххачу махкахь а. I00% - товш хир дацара, ткъа цхьа кIеззиг кхаьжнаш кхечу кандидаташна а кхачийтар – иза гIеххьа ду. Нохчийчохь хIоьттинчу султанатан сибат гойту терахьаша", – аьлла хета конфликтийн анализан а, уьш юхаяхаран а Центран куьйгалхочунна Сокирянская Екатеринина.

"Харжамийн терахь – иза Москва хьажош месседж ю. Цо гойту Кремлна Кадыров Рамзан махкахь массара а къобалвеш вуйла, архаш ерраш а цуьнгахь юйла. Ткъа нохчашна ца оьшу тоьшаллаш дуьхьалдетта, царна ишта а девза махкара декъаза хьал, хаьа мел мах бу режиман халкъан бIаьргаш чохь", – боху бакъоларъярхочо.

***

2007-чу шарахь дуьйна ву Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржехь. Оцу заман йохалла вуно дукха дуьненаюкъарчу а, Оьрсийчуьрчу а бакъоларъярхоша Iораяьхна цуьнан Iедало халкъаца лелош йолу харцонаш, къизаллаш – тидамехь лаьттина и хьал Американ Цхьанатоьхначу Штаташкахь а, Европехь а. Арабийлина хаамаш Нохчийчохь кхел а йоцуш нах хIаллакбарх лаьцна, Iедалхошна борша бац аьлла хета кегийрхой хIаллакбаран хьокъехь. Амма Кадыровс а, цуьнан гоно а харцбо и тайпа хаамаш.