Your browser doesn’t support HTML5
Кехаташ гайта аьлла, шайга дехар дича, цара герз а тоьхна а, граната а кхоьссина полисхой болчу агIор. И бахьана долуш, Кадыровс дийцарехь, вийна ши стаг.
Царах цхьаъ ву Шеларчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъан белхахо Гермачигара вахархо полицин сержант Муслимханов Iела. Важа ву Соьлж-ГIаларчу ППС УМВД декъан белхахо полицин лакхара сержант Сиржа-Эвлара Яхаджиев ИсмаьIил.
Кадыровс бинчу хаамца, дукха хан ялале вийна полисхошна тIелатар дина кхо стаг.
Уьш бу 1998-чу шарахь вина Мукаев Юнус а, цуьнан хеннара Эмедиев Бешто а, ткъа иштта 1996-чу шарахь вина Даргаев Сиддикъ а. Уьш берш Шелара бахархой бу.
Республикерчу хьоло баккъалла а синтем байина ду адам.
Кадыровс дийцарехь, царах шиъ зуламаш дина аьлла, федералан лехамашкахь хилла, кхоалгIа хилла меттигерчу полицино лоьхуш.
Шелахь герзаш тухуш вийначу Яхаджиев ИсмаьIилца кхиина ву ас къамел дина Зелимха цIе йолу жима стаг. Милцочуьнан болх безаш вара иза бохуш дуьйцу цо.
Зелимха: "Кегий долуш дуьйна цхьаьна хьалакхиина дара тхо. Ледара накъост а вацара иза. Иза кхалхар новкъа хета суна. Шен дас бина хIара (милцочуьнан) болх. Ша санна чекхвалалур велахь шега а бан мегар ду аьлла шега шен дас бохуш вара иза. Шен болх дика болх бу, дика ду шен гIуллакхаш бохуш, иза хестош хуьлура иза. Iожалла маца карор ю цхьанне а хууш дац-кх".
Цу буса Шелахь хилларг билггала хIун ду хууш дац. Цхьаболчу хаамашца, вийна бохуш вуьйцу кхо тIемало полисхошкара герз схьадаккха араваьлла хилла. Дийцарехь, Сиржа-Эвлара Яхаджиев ИсмаьIил ларамаза кхаьчна хилла Шела. Дуьйца цу эвларчу вахархочо Халида.
Халид: "Иза балхара садоIуш цIахь хилла. Буьйсанна хан яьллачу хенахь (цхьа бахьана доцуш хIума ца хиларан бахьана ду-кх иза) кхалла хIума дагаеана араваьлла хилла иза. Эвларчу туьканашкахь иза кара а ца йина, Шела вахана хилла.
Цигахь лаьтташ шена вевза накъост а гина, цунна тIевахана салам-маршалла хоттуш иза воллучу хенахь, вийначух тера ду-кх и шиъ. Бахьана хIоьттина-кх цунна".
Яхаджиев ИсмаьIил полицин духар доьхна ца хиларна, иза а мостагIах тарвелла герз тоьхна хила мега бохург а ду хьехош меттигерчу бахархоша. Республикерчу хьоло баккъалла а синтем байина ду адам.
Шелахь хилларг тидаме а эцна, оперативан-талламан болх кхин а жигара баккахр тIедиллина Кадыровс ницкъаллин структурашна.
Кадыровс дийцарехь, Мукаевна а, Эмедиевна а, Даргаевна Шемара схьа куьйгалла деш хилла цIера Шелара волу «Исламан пачхьалкх» олучу экстремистийн тобанан декъашхо Рашидов Мохьмад.
Инетренехула кегийрхой Шема кхойкхуш а, царна Iедалхой а, молланаш а, кхин болу диндай а байа бохуш омарш деш а ву и стаг бохуш, чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Цу хеннахь, Шелахь Iедалша вовшахтоьхна гулам хиллачул тIаьхьа махкахбаьхна кхаа тIемалочун доьзалш, дIахедийна царна Iедало хьажош хилла социалан гIоленаш.
Шелахь хилларг тидаме а эцна, оперативан-талламан болх кхин а жигара баккхар тIедиллина Кадыровс ницкъаллин структурашна.