Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь видео гучуйаьлла КъурIан дагорна шеконашца лаьцначу Журавель Никитица – цу тIехь цунна йетташ ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долу кIант Кадыров Адам. Журевеля шена йеттарх дIахьединачул тIаьхьа цхьа бутт баьлча арахецна и видео. Оцу дийнахь телехьожийлан белхахочо Собчак Ксенияс дIахьедира, "дийна, могуш" волчу Кадыровс Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь хиллачух шега дийцина аьлла. Кавказ.Реалиин сайто теллира, оцу хиламе йуха стенна вирзина Нохчийчоьнан куьйгалхо.
"Низам лардаран системина бина кхайкхам"
19 шо долчу Журавель Никитина йетташ видео арахийцира гезгмашин-беттан 25-чу сарахь. Цу тIехь Кадыров Адама куьйгашца, когашца йетта лаьцначунна, тIаккха лаьтта охьакхуссу иза – важа дуьхьало йеш ца хуьлу.
СИЗО-н цхьайолчу белхахойн чоь чохь ду хуьлург – соне хIоттийна Нохчийн республикан байракх йу гуш. Видео билггал маца йазйина ала аьтто бац. Марсхьокху-баттахь адамийн бакъонашкахула йолчу Москалькова Татьянин цIарх кехат йаздира лаьцначо, 2023 шеран 14-чу дийнахь (бутт къаьсташ бац кехатехь) Кадыров Рамзан СИЗО веъча йиттинера шена аьлла.
Зорбане йаьккхинчу видео тIехь къаьсташ дац, оцу чоь чохь маса стаг вара, йа хиллий цу чохь Кадыров Рамзан, цуьнан кIанта лаьцначунна ницкъбечу хенахь. Кадыров Адам, Журавель Никита воцург, и видео йаьккхина волу оператор хилла цаьрца. Амма оццу видеон мета-хаамашца дуьстича, и видео хьалхо йаьккхинчу видео тIера кийсак йу: файлан цIе "Адам Новый" йу.
"Чекхдаккханза къамелаш ца деза" шена аьлла йозанца хIоттийра Кадыровс лаьцначунн йеттар гойту видео тоьшаллаш. Адамо динчух воккхаве ша, аьлла цо – "йиттина, нийсса йиттина" аьлла тIетоьхна.
Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхочо Меркачева Евас хуьлучух "Оьрсийчоьнан низам лардаран системина бина кхайкхам" бу аьлла, Журавель Соьлжа-ГIалара дIавигар а дехна цо. ГIуллакхехь хIинца тоьшаллаш ду, цунна йиттина хиларна харцдеш цхьа вац, тIелеттачун цIе йевзаш йу – оцу бухца, Меркачевас бахарехь, Талламан комитете хьажон арз кечдеш йу ша.
Тидаме ду, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь хилларг "низамна дуьхьал" ду аьлла дIахьедина пачхьалкхан думан хаамийн политикан комитетан хьалханчан гIовсо, "60 минот" олу пропагандин программа дIахьош волчу Попов Евгенийс: цо дагадаийтира, "зуламхочунна таIзар кхело билгалдоккхуш ду". Кадыров Адам жоьпалле озо везаш хиларх дIахьедира Красноярскан низамаш кхолларан Кхеташонан депутато Кулеш Алексейс.
Адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан куьйгалхо ийзалуш вистхилла, КъурIан дагор "чолхе зулам ду" олуш – Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Кадыровн кIанта динчух вистхиларан меттана аьлла цо иза. Оцу видеога ша хьаьжна вац, шена цигахь хиллачух дийцина, боху цо.
"Бехкебийраш, шеконашкахь берш лаьцна латторан низамаш ду лелаш – уьш лардан а деза", – дIахьедина цо Baza телеграм-канале, Кадыров Адаман цIе ца йоккхуш.
Кадыровн кIанта диначунна комментари йан дуьхьал хилла Песков. "Ца лаьа суна", – аьлла цо
"Йукъараллина кхераме долуш, миллионаш дин лелочу нехан синхаам сийсазбеш динчу зуламах" йистхилира адамийн бакъонашкахула векалйина йолу Москалькова Татьяна – гезгмашин-бутт йукъабаьлча ша Журавеля бахьийтира цуьнга латкъам. ТIаккха цо нохчийн омбудсменна Солтаев Мансурна таллам бар тIедиллира – вукхо хилларг тIечIагIдира. Ницкъбиначул тIаьхьа бутт баьлча а Кадыровн кIант жоьпалле ца озийна.
Журавель Никитин нана дуьхьал хилира журналисташка комментари йала и видео гIарйаьлча. Лаьцначун адвокат хилла волчу Серебренников Александра "Коммерсанте" дIахьедира, ша и гIуллакх кхин лелош вац аьлла, тIаккха оцу видеога ша "хьаьжна вац, йа хьажа ца лаьа" аьлла цо, цу тIехь Журавель билгалваккха аьтто бац цуьнан.
Лаьцна волчу жимстагна йеттар гойтучу видеона комментари ца йина Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра а, юстицин министра Чуйченко Константина а – цо хьалхо аьллера, "бусулба нах бехачу регионерчу набахте хьажон веза" Журавель.
Кадыровн кIанта диначунна комментари йан дуьхьал хилла президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий. "Ца лаьа суна", – аьлла цо.
ВидеозIенехула къера хилар
Гезгмашин-беттан 26-чу буса телехьожийлан белхахо йолчу Собчак Ксенияс шен телеграм-каналехь цхьамогIа посташ арахийцира, Кадыров Адама динарг йемалдеш, тIаккха дIахьедира, шега Нохчийчоьнан куьйгалхочо телефон тоьхна аьлла. Цо бахарехь, 40 минотехь дара цаьршимма дина къамел, амма и дIадаздан таро йацара шен – цундела, Кадыровгара пурба а дехна, иза шен телеграм каналехь шен дешнашца охьадийцира Собчака.
Телехьожийлан бехахочо бахарехь, республикан куьйгалхочо дIахьедина, ша оцу СИЗО чу Журавель Никитин дехарца веанера, цо бусулба дин тIеэца дагахь ву ша аьлла дIахьедича. Къаьсттина тидам бина цо, "низамаш лардеш волу вахархо" и дерриг хуьлучу хенахь оцу чоь чохь вацара – цо бахарехь, Журавельна йетта сацам Кадыров Адама ша бинера.
Къамел чекхдолуш политико Собчаке "дIахьедина", шех лаьцна хIуъа йаздан йиш йу цуьнан, амма шен доьзалх лаьцна дийца ца магадо ша. И лар ца дахь хIун хир ду – цо ца дийцина.
КХИН А ХЬАЖА: "Къинхетам бина дийна витина": КъорIан дагийначунна йеттар бакъ лерина НохчийчохьСобчака шен Кадыровца хиллачу къамелах лаьцна йолчу постехь скриншот хIоттийна шайн видеозIенан, масийттаза дIахьедина цо иштта, Кадыров "дийна, могуш ву, нейросеть йац, тIетаьIIина кешью баIарш дууш ву". Могушалла эшна йу, йа велла хила тарло боху хаамаш баьржиначул тIаьхьа Кадыровн кхоалгIа гучувалар дара Собчакца хилларг – цул а масех де хьалха цо федералан чолхечу хьолан министраца Куренков Александраца хиллачу цхьанакхетарера видео гайтира, амма цуьнан бакъ хиларх шеконаш кхоллаелира. Масала, Кавказ.Реалиин редакцино билгалдаьккхира, Куренковн кабинетехь дIайазйина йацара и видео, хьалхо цара дIахьедеш ма-хиллара.
Оьрсийн ницкъахошца йоьзна йолчу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало шен хьасташна тIетевжаш йаздира, Росгвардин куьйгалхочун Золотов Викторан Кадыровца хиллачу белхан цхьаьнакхетарера видеона монтаж йеш хьийзира оцу Росгвардин белхахой дерриг мукъа деношкахь, амма и видео арахецар дIататта сацам бира, Журавельна йетташ видео арахецале хьалха. Иза арахецаран хьокъехь бартбина хилар гойтуш хила тарло цо.
Кадыровн тIаьххьара пост а, Собчакца цуьнан хилла къамел а – политикан могушаллех болу хаамаш бицбайтархьама кечйинчу медиакампанин цхьа дакъа хиларх тешна ву политолог Преображенский Иван.
Кадыров дийна ву, цуьнан хьал тоъал дика ду, аьлла дIахьедар йара цуьнан Iалашо
"Цунах лаьцна хаамаш аьшпаш бу, хIунда аьлча, Кадыровн кепехь дац оцу кепара телефон йеттар. Хьалхо цунна пиар йечех цхьаъ йара Собчакан доттагI Канделаки Тина. Цо дуьйцучух теша хала ду, хьалхо цуьнан долара хадархо хилла волчу Росгвардин куьйгалхочуьнца Золотов Викторца цуьнан зIенаш хилар тидаме эцча – иза а ву Кадыровца доттагIалла хиларца вевзаш", – билгалдаьккхина Преображенскийс Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь.
Цунна хетарехь, "нохчийн тIемалошна а, Кремлерчу ницкъахошна йукъахь" Кадыров дIаваьлча цуьнан метта мила хир ву бохучух йист йаллалц "кIурах пардо хIоттон" Iаладошца йинера и пост. Оцу кепара резонанс йацара Нохчийчохь "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрана а тIелатар дича – цундела Журавельца йерг "хьалхо кечйина пропагандин кампани йу", аьлла хета политологна.
"Комера схьа телефон кхетар йац"
КъурIан дагорна шеконашкахь латточунна йетташ видео гайтар – иза керла хаам бац, бутт хьалха хиллачун тоьшалла ду, тидам бо нохчийчн политолого Кутаев Руслана.
"Кадыров дийна ву, цуьнан хьал тоъал дика ду аьлла дIахьедар йара цуьнан Iалашо, хIунда аьлча, комехь волчу стага Собчаке телефон тухур йац. И къамел далуш хиларна тоьшаллина хIоттийнера шайн хабар Собчака", – тешна ву къамел дийриг.
Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан социалан машанехь ур-атталла хаттам арахийцира: "Къобалдой аш Кадыров Адама динарг?" Гезгмашин-беттан 25-хь хIоттийра и пост 19:31 даьлча, тIаккха 20:17 даьлча 40 эзар стага кхаж тессира цигахь – царах 83% йемалдира Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта динарг. Амма жамIаш сиха хийцаделира, шолгIачу дийнахь Журавель Никитина йеттар къобалдеш болчу нехан терахь 45% хьаладелира. Карарчу хенахь цигахь кхаж тессина 370 эзар сов стага – оцу кепара терахь кхиаро гойтуш хила тарло, нохчийн Iедало ботех пайда эцна хилар, хIунда аьлча, хьалхо оцу тIехь "гучубевлира" уьш.
Бакъоларйаран "Мемориал" центран кхеташонан хьалханчас Орлов Олега билгалдоккху, оцу хеттарийн "тамашена" жамIаш арахецаро шеконаш йуьту, Кадыровн коьрта Iалашо "Оьрсийчохь бусулбачу динан гIарол" санна пиар йар дуй те бохучунна.
Нохчийчохь гейш бойъучу хенахь оцу пропагандхойн йерриг тоба шайн корта шаьш охьахевшинчу метте а боьллина, тебна Iа
"Суна хетарехь, иза "Кадыровн кепехь пиар" йу: "Со Оьрсийчохь бусулбачу динан гIарол ву, ас [Журавель] жоьпалле озор ву, сан дин сийсаздан цхьанна а дага ца тассийта". Цунна рогIера долу лелар ду иза. Амма, кхечу агIор дуьстича, и хаттам стенна хIоттийнера, йа 90% жамI хIунда ца гайтира цо, Нохчийчохь хьалха хуьлуш ма-хиллара? Йа Iалашо кхин йара, йа Кадыровс баккъала а шена пиар йархьама леладо иза, амма цуьнан лелар лартIахь ца хуьлу – могушалла бахьанехь", – хета къамелдечунна.
Оьрсийчоьнан низам лардаран системина бина кхайкхам бу иза баккъала а, хIунда аьлча, Кадыровс хIинццалц гайтина дацара цо ша, йа цуьнан наха адамаш Iазапехь латторан, кхелехь доцуш нах байъаран тоьшаллаш, тIетоьхна Орлава. ХIинца зуламан тоьшаллаш цуьнан цIарца арахецна, цхьамма ца къуьйсу и зулам баккъала дина хилар – "хIинццалц оцу кепарчу меттигашкахь аьпаш битта хIуттура Iедал, иза хилла дацара бохуш".
Видео ша Кадыровс арахецна хиларх цхьа а тоьшаллаш дац, боху Преображенский Ивана.
"Кадыров дийна, могуш ву аьлла верриг тешон дагахь йукъараллин ойланашна манипуцляци йан гIертар ду иза. Амма оцу кампанина йукъаозийна Кремлан йерриг пропагандин система. Нохчийчуьрчу СИЗО чохь адамашна йиттина ца Iаш, уьш дойъуш хилар шайна дукха дика кхеташ болу нах хIинца шаьш цецбевллча санна кеп хIиттош бу. Нохчийчохь гейш бойъучу хенахь оцу пропагандхойн йерриг тоба шайн коьртеш шаьш охьахевшинчу метте а бехкина, тебна Iа", – дерзийна политолого.
- 19 шо долу Журавель – аннекси йинчу ГIирмера схьаваьлла ву. Волгоградерчу маьждигехь лецира иза, КъурIан дагорна шеконашца. Йуург дIасакхоьхьуш болх беш хиллера иза цу гIалахь. Талламан версица, СБУ-н тIедилларца дагийна хилла цо КъурIан, цара 10 эзар сом лур ду аьлча. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла. Лаьцначо дийцинарг доцург, хууш дац хIун ду дуьйцург, мича буха тIехь долийна гIуллакх.
- Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тIедожийнера Журавель Соьлжа-ГIала дIавала. Цигахь "къоман кхел" йар кхайкхош тIелецира иза.
- Марсхьокху-баттахь Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь лаьцначунна йиттина бохург Кадыровс шен пропагандехь лелийра. Иштта Iаьрбойн пачхьалкхийн а, Туркойчоьнан а куьйгалхой динехь хилар шеконе диллира цо, тIаккха кхерам тессира НАТО-н декъехь йолчу Европан пачхьалкхашка, тIамца чугIоьртар ву ша аьлла – ультра аьтто агIор политикан хьежамаш болчу наха КъурIан дагорца доьзна дара и дIахьедарш.
- Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан масштабера скандалашна йукъахь: Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Мехкан куьйгалхочун могушалла ийгIина хиларан тоьшалла лерира "Новая газето" цуьнан воIаршна жигара йеш пиар хилар.