"Шен йаларна ша бехке йу иза": доьзалехь ницкъбарна Нохчийчоьнан Iедалхоша муха бIаьргаш хьаббо

Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Нохчийчохь зударийн интересашкахь къоман стратеги тIеэцна – оцу документа тIехь аьлла хIумма а дац доьзалехь ницкъбарна профилактика йарх. Оцу йукъанна тIаьххьарчу беттанашкахь оцу республикица доьзна ду къаьсттина нахала даьлла, шайн доьзалашкахь гIело латторах бевдда зударий лечкъор, сецор. Билггал йолчу проблемех хьулдар, волайнхой шаьш бехкебар – и кепаш дукха хан йу Iедалхоша лелон, боху Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъоларйархоша.

Зударийн интересашкахь къоман стратеги – иза йоллу Оьрсийчуьра йукъара проект йу, куьйгалло тIечIагIйен. Цул тIаьхьа хIора регионо къастийна шен тера йолу план кечйо, амма йоллу пункташ йукъахь а йолуш. Кху шарахь Нохчийчоьно кховдийначу кепа йукъа цхьа а барам ца йазбина тIехь ницкъбинчарна, йа кхерамехь болчарна аьлла хьажийна. Цуьнан метта зударийн аьтто бохарна профилактика йеш цигахь профориентаци лелор йу, берашца болчу наношна гIо а деш а, халачу муьрехь болчу доьзалашкара зудаберашна кулинарин курсаш дIа а хьош, хIума тоьгу чоьнаш йоьллуш.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчуьра Сулейманова Седа лачкъорах таллам болийна прокуратуро

Луларчу Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а тIеэцна йогIуш йолу стратегиш: кхиндолчуьнца цхьаьна ши а республика лерина йу йоьIаршна а, зударшна а гIо дан царна тIехь гIело латтийна хьал нислахь. Оццу нохчийн документа тIехь "ницкъбар" боху дош данне а дац. Оцу йукъанна федералан къоман стратегин Iалашонийн текстехь гIелолаттор боху дош кхоазза хьахийна: зударийн социалан хьелашца аьтто боцуш хиларх а, доьзалехь ницкъбарна профилактика йарх а дуьйцучу контекстехь а.

Кхул хьалха, регионаша 2020-2022-чу шерашна лерина план зорбане йаьккхича, Нохчийчохь зударшна тIехь нйцкъбарх дакъа дIадаьккхинера. Оцу йукъанна Дагестанехь, ГIалгIайчохь и дакъа дерриг а номиналехь хиллехь а долуш дара – цу тIехь дуьйцура гIо дечу коммерцица йоьзна йоцчу организацех лаьцна а, доьзалшца профилактикан болх барх а, сексуалан эксплуатацица къийсам латторах а цхьаьна.

Стратеги тIечIагIйарца цхьана регионаша зорбанехь йовзуьйту кхеташонийн тобанаш а, дIахьедарехь, цара кхочушйийр йу и. Къилбаседа Кавказан дукхахйолчу республикашкахь (масала, ГIебарта-Балкхаройчохь, Нохчийчохь) оцу органийн куьйгаллехь божарий бу. Уьш берриг а премьер-министраш бу. Нохчийчохь кхеташонан йукъахь цхьа зуда нисйелла – Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхаха йолу йоI – Кадырова Iайшат.

Волайнхой бехкебар

Шайн зераш тIехь хIоттош йу федералан нацпроекташ кхочушйен планаш хIора республико. Нохчийчохь тIеэцначу документаца а догIуш, гIело латторца регионехь къийсам латтон эша а ца оьшу, ткъа коьрта проблема йу, аьтто боьхначу доьзалашкара йоьIаршна йа тега а, йа йуург кечйан а цахаар.

Оцу йукъанна дукха хан йоццуш Санкт-Петербургера лачкъийна, Соьлжа-ГIаларчу гергарчаьрга дIайелира Сулейманова Седа – нохчо, доьзалера гIелонах йедда хилла йолу. ХIинца а цуьнца зIене бовла йиш йоцуш бу адвокаташ. Аьхка Москвара "Внуково" аэропортера ара ца йалийтира Исмаилова Седа – паспорташка хьовсучохь сацийра иза, цул тIаьхьа адвокаташа бохург тергал ца деш, шен гергарчаьрга дIайелира иза.

ХIара хилларг дукха хан йоццуш хиллачех ду. Дахначу шерашкахь шуьйра дийцира Умаева Мадинин йаларх, цуьнан кхалхар талла дуьхьал хилира, Дагестанера шелтерехь хилла Тарамова Хьалимат кадыровхоша лачкъийра, ткъа нохчочун Лорсанова Аминатан Талламан комитете "жинаш лоьхку" бохуш, ницкъбарх чуделира арз. Бозуш боцчу бакъоларйархоша денна бохург санна дуьйцу регионехь зударшна тIехь ницкъбарх .

"Зударийн хьал тодаларх" дешнаш леладо, амма хьаьнгахьа? Тегар а, йуург йара а божарша лело деза?

Нохчийчохь гIело латторна бехкебо шаьш и Iазап лайнарш, кхетадо "Кавказ без матери" бакъоларйаран проектан координаторо Амината (цIе хийцина – Редакцин билгалдаккхар).

"Мича бюджетера ийцира Умаева Мадина йийначунна цIа? Иза ша йу шена йейтарна бехке бохуш, пропагандистийн кампани дIахьочу хенахь, муьлхачу ресурсех пайдаэйицра? Суна гинчу кехаташ тIехь, дукхазза хьахийна "зударийн хьал тодар" дешнаш, амма хьаьнгахьа? Тегар, йуург йар божарша дан деза? "Зудчо" шена тIехь дерг ледара кхочушдарна хуьлуш ду и вон мел дерг? ХIаъ, ша йу бехке, Iамор йу", -боху Амината.

"Сан бакъо йу критика йан. Зудчун йац. Тхан хIусамнана – цIеннана йу. Зудчунна шен меттиг хаа беза",- зударийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна иштта дийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана."

"Берийн дуьхьа Iехьа цуьнца"

Нагахь санна, зударшна гIо дарехь стратегин планехь ницкъбарца къийсам латторах дош дацахь, оцу программашна ахча латтор а дац, тешна йу доьзалехь бала хьегна нах Iалашбечу Центран белхахо Русова Софья.

"ТIаьххьарчу шарчохь масех Къилбаседа Кавказера, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а цхьана, масех латкъам кхечира тхоьга. Тхо профилан организаци йелахь а, тхуна гуш ду, Оьрсийчоьнан низамаша болх бар Нохчийчохь чекхдолуш хилар", - боху Русовас.

Амма йоллу Оьрсийчохь зударий Iалашбаран планехь "ламастин мехаллашна" а, репродуктиван функцешна а тIедоьгIна ду дерриг а, кхин дIа бохура бакъоларйархочо.

"Дикка къаьсташ дац, кулинарин а, тегаран а хIусамаш йилличу оцу плана тIехь йаздинчуьнца къийсам латтош муха гIо хир ду – доьзалехь гIело латторах-м дуьйцур а дац вай",- аьлла хета Русована.

Ницкъабр кест-кеста нисло, цкъацкъа цунах ца Iиттабелла зударий билгалбаха аттох хуьлу

Нохчийчохь гIело латтош йац, цигахь Iаламат дукха йу зударийн бакъонаш, тега Iамийчхьана кхин оьшуш хIума дац", - цайашарца элира Амината.

"Ницкъабр кест-кеста нисло, цкъацкъа цунах ца Iиттабелла зударий билгалбаха аттох хуьлу", - бохура цо. Амината дийцарехь, мел шайн шераш делахь а, Нохчийчуьра зударий оцу хьолаца нисбала йиш йу.

"Тхоьца зIене мел бевлларш тахана а ловш бу гIело, йа цхьана хенахь лайна бу. Церан баха меттиг йац, Кадыровс массарна а хезаш дIааьлла, зудчунна а, йоIана тохар могIарера хIума ду аьлла. Зудчунна шога таIзар дойла йу, полицихь гIело йан а тарло цунна тIехь (тхуна хууш ду масалш), нагахь санна, пурба доцуш цо шен бераш регионера арадаьхнехь. Кхетий хьо? Цо ша дина шен бер хIара балехь латточу стагана хьалхара дIадига цуьнан бакъо йац. Нохчийчохь хьаькамаша эр ду цуьнга, хьайн цIа йола, берийн дуьхьа сатоха, и стаг кухни чохь боксер велахь а, наркоман велахь а", - хьолах дуьйцу Амината.

Оцу йукъанна муьлхха а латкъамаш бар йукъахдоккхуш ду: "Хьо бехке йоцуш цхьа а проблема йац, цундела хьо Iалашйан хIуммаъ а дац", - дерзадо къамел дечо.

  • Къилбаседа Кавкахера иттаннашкахь кегийрхой, зудабераш Iиттало доьзалехь гIело латторца, цхьаболчийн аьтто хуьлу цIера бовда. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира оцу кепарчу хиламех, тIом бирзинчул тIаьхьа бакъоларйархойн болх муха хийцабелла а "Марем" тоба вовшахтоьхначу, Кавказера зударшкарчу хьолах лаьцна "Даптар" гIирсан коьртачу реадкторца Анохина Светланица.
  • Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь а санна, доьзалехь ницкъбар чIогIа ира лаьтташ проблема йу, хууш ду сий лардеш байина нах хилар, гергарчара наз лечкъорах бераш схьадахарх. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху, хIинца хIоьттинчу политикан рожехь республикера зударшна тIехь ницкъбар хила дезарг санна тIеоьцуш хиларх.