Your browser doesn’t support HTML5
Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцу пачхьалкхаш лору Шеман Iедало. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Шеман арахьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамехь. Сухумехь а, Цхинвалехь а хир ю Шеман векалаллаш. Ткъа Димакъехь схьайоьллур ю абхазийн а, къилбахIирийн а дипломатийн хьукматаш.
2008-чу шарахь Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцу пачхьалкхаш хиларх лаьцна сацам бира Оьрсийчоьно. Иза хилира оццу шарахь Марсхьокху-баттахь, масийтта дийнахь Оьрсийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а юкъахь тIом хиллачул тIаьхьа.
Тбилисино а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а и территореш дIалаьцна лоруш ю. Оьрсийчоьно санна Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцуш пачхьалкхаш ю аьлла сацам бина Никарагуано а, Венесуэло а, Науру Республико а. Цхьаьна юкъана изза динера Вануату а, Тувалу а пачхьалкхаша. Делахь а тIаьхьо цара хийцира шаьш бина сацам.
ДIадаханчу кIиранах Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка кхайкхам бира Москохе, Абхазера а, Къилба ХIирийчуьра а эскарш арадаха аьлла. Цо дIахьедар дира, Вашингтоно уьш Оьрсийчоьно дIалаьцна йолу Гуьржийчоьнах дIакъасто йиш йоцу территореш лору аьлла. Помпеос билгалдаьккхира Iамерко Тбилисина кхин дIа а гIортор еш хилар.
Шемахь 2015-чу шарахь дуьйна дIатарйина ю Оьрсийчоьнан тIеман контингент. Оьрсийчоьнан эскархой гIо деш бу Шеман президентан Асадан эскаршна оппозицин герзаца йолчу тобанашца тIом беш.