Кху беттан 12-чу дийнахь Лондонехь дIадирзира XXX-гIа Олимпин ловзарш. Хьалхара кхо меттиг яьккхина Iамерко а, Китайно а, Британино. Иза баш тамашийна хIума а дац. Иза хуьлуш ду хIора а Олимпиадехь.
Шена тIе тидам бохуьйтург ду цхьацца борзан мидал а бен ца яьккхинчу 7 пачхьалкхах 6 пачхьалкх бусулба хилар. Амма кхин а тамашийна дерг ду 2020-чу шарахь Олимпин ловзарш шаьш долчехь дIадахьа лаара шайна аьлла, дехар динчу пхеа гIалана юкъахь кхоъ ю бусулба пачхьалкхашкара гIаланаш.
Дуккха а наха тIе тидам бахийтина хир бу Олимпин ловзаршкахь мидалш яьхначу
спортхошна а, Олимпин чемпионашна а юкъахь дукха къезиг бусулба нах хиларна. 100 сов миллион адам дехачу бусулба пачхьалкхийн спортехь болу кхиамаш дукха ледара бу. Делахь а Олимпин ловзарш вовшахтоха лууш ю дукхах болу бахархой Ислам-дин лелош йолу цхьамогIа пачхьалкхаш.
Иштта 2020-чу шеран Олимпин ловзарш шаьш долчехь хилийта лууш ю 5 гIала. Царах кхоъ бусулба пачхьалкхашкара гIаланаш ю, ша аьлча Катаран коьрта шахьар Доха а, Туркойчура Истанбул а, ткъа иштта Азербайджанан коьрта гIала Баку а. Царца и бакъо къовсур ю Испанин коьртачу гIало Мадрида а, Японин коьртачу гIало Токионо а.
Лондонехь хиллачу Олимпиадехь уггара ледара жамIаш гайтинчу пачхьалкхашна юкъахь ю бусулба нах бехарш. Царах ю Сауди Iаьрбийн пачхьалкх а, Кувейт а, Таджикистан а, Марокко а, ОвхIанистан а, Бахьрейн а. Цхьацца борзан мидал яьккхинчу 7 пачхьалкхана юкъахь бусулба йоцуш цхьа пачхьалкх а бен яц. Иза ю ХIонконг. ХIонконг Китайн дакъа далахь а, ша яра Олимпин ловзаршкахь дакъалоцуш цу пачхьалкхана юкъахь а йоцуш.
Вай лакхахь хьахийна йолу бусулба пачхьалкхаш тIех сов хьал долуш ю. Цигахь проблемаш яц кхачанца, медициница, я спортан объекташца йоьзна йолу. Мелхо а цигахь доьхнарг ду кхача дукха алсам хилар а, иза адамаш сатохар доцуш баар а.
Дукхах йолчу бусулба пачхьалкхашкахь спорт тесна ютуш хиларан бахьана изза ду аьлла, хета Нохчийчоьнан Олимпин комитетан куьйгалхо хилла волчу Бадалов Русланна.
Бадалов Руслан: «Суна хетарехь, цхьаболчара олу-кх массо а хIума вузхарца доьзна ду олий. Иза бакъ ду. Массо а хIуманна къахьега деза. Къахьега деза оцу спортехь а, дийнахь а, буьйсанна а аьлса санна. Спортхоша шаьш кхоо оьшуш дац. Оццула шайн аьтто хилча а цара иза ца лелочух тера ду».
Лонденхь хиллачу Олимпин Ловзаршкахь мидалш яхарца 12-гIа меттиг яьккхина Казахстано. Амма цигарчу спортхошна юкъахь бусулба нах болчух тера дац, цу пачхьалкхан цIарах уьш цу ловзаршкахь дакъалоцуш хиллехь а.
ГIажарийчоьно яьккхина 17-шIа меттиг. Иза дика гайтам бу. Бакъдерг дийцича, кху шарахь хилла Олимпиада хала хан яра бусалба нахана. Церах дукхах берш марханаш кхобуш бара. Амма цхьайолчу спортан кепашкахь мецалеларо новкъарло ца йора спортан гайтамашна. Царах дара, масала, топ кхоссар а, чIу тухуш къовсадалар а.
Лондонерчу Олимпин ловзарша гайтира Малхбухезь бехаш болчу бусулба спортхоша гIоле жамIаш гойтуш хилар. Масала, Британехь вехачу Фарах Мохьаммада дашо мидалш ехира Лондонерчу Олимпиадехь.
Тамашийна далахь а, тIом боьдучу ОвхIанистано а, уггара хьал долчу пачхьалкхех йолчу Саудин Iаьрбийн пачхьалкхо а цхьатерра борзан мидалш яьхна.
Луларчу Пакистано ца яьккхина цхьа а мидал.
Индино 55-гIа меттиг яьккхина Лондонерчу Олимпиадехь. Цигарчу спортхоша яьккхина 2 дато а, 4 борзан а мидал. Туркойчоь а яра дика аьттонаш хила мегаш йолчу бусулба пачхьалкхашна юкъахь. Цо яьккхина шиъ дашо а, шиъ дато а, цхьаъ борзан а мидал.
Ткъа 90 миллион ца кхоччуш болчу мисархошна юкъахь ши спортхо бен ца ваьлла Олимпиадехь лакхе гайтина волу. Цаьршимма а яьккхина хIораммо а цхьацца дато мидал.
Нагахь хоржуш хилча 2020-чу шеран Олимпин ловзарш дIадахьа Баку хаьржича дика хир дара аьлла, хета Нохчийчоьнан Олимпин комитетан куьйгалхо хилла волчу Бадалов Русланна.
Бадалов Руслан: «Бусалба динехь чIогIа мехала лоруш ду спорт лелор а, спортаца гергарло лелор а. Делера салам-маршалла хуьлда цунна Мохьаммад-Пайхамара тидаме лаьцна суннат хилла спортлелоран гIуллакх.
Спорт дIакхехьа аьтто болуш дуккха а пачхьалкхаш ю бусулба мехкашна юкъахь. Къаьсттина Азербайджанехь тидам тIебахийтина бу спортана. Оцу кхаа пачхьалкхах Азербайджанехь хьал дика ду. Нагахь цигахь Олимпиада яйтахь иза хаалуш хир ду аьлла а хета суна».
Олимпин ловзарш дIадахьа дуккха а ахча оьшу. Наггахь иза дукха беза мохь хуьлу. Цундела Малхбузе лууш ю хьал долу Iаьрбийн пачхьалкхаш цу Iалашонна юкъаозо.
Бадалов Руслан тешна ву Олимпиадах бусулба нахана пайда хир бу аьлла.
Бадалов Руслан: «Бусулба пачхьалкхийн иза д1аяхьа аьтто балахь цигахь спорт гуттар а хьала айалур ю аьлла, хета суна. Х1унда аьлча берриг а тидам цунна т1е а берзийна, уьш лаккхара кхиамашг баха г1оьртар хилар, иза мехала г1уллакх ду».
Амма кхузахь доккха хаттар дуьсуш ду, нагахь Олимпиада тIеоьцуш ерг мехкадаьттано юкъийна хьал долу Iаьрбийн пачхьалкх, я пачхьалкхаш хилахь, маса мидал яккхалур ю цигарчу спортхошка аьлла .