Украинан Кхерамазаллин сервисо хаам бина Оьрсийчоьнан ФСБ-н куьйгалхошка, Оьрсийчоьнан лаккхарчу куьйгалхошна тIелатар дан кечлуш хиллачу Осмаев Адаман а, Пьянзин Ильян а бехк-такхаман гIуллакх теллина доьвлла шаьш аьлла. Цуьнах лаьцна зорбанан гIирсашка хаам бина Оьрсийчоьнан лерринчу сервисерчу хьостано.
И хаам тIечагIбина Шинарийн дийнахь Украинан кхерамазаллан сервисан пресс-центро. Бехке беш берш хIинца доьшуш бу талламхоша кечдина кехаташ.
Нохчийчура вахархо Осмаев Адам а, Казахстанера Пьянзин Илья а дIалецира Украинан кхерамазаллан сервисан белхахоша кху шеран Чиллан-бутт болалуш. Цкъа дуьххьара цаьршинна бехке дуьллург дара, бакъо а йоцуш, герз а, саьмгар а лелор.
Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Хьалхарчу телеканало сюжет гайтира Украинехь дIалаьцна волу и ши стаг Оьрсийчоьнан куьйгалхошна тIелатар кечдеш хилла, ткъа коьрта церан Iалашо хилла цу деношкахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь кандидат санна дакъа лоцуш волу Путин Владимир вен аьлла. Оьрсийн пачхьалкхан телевизионо чIагIдарехь, эккхийтар кечдеш хилла зуламдайша Москох Iедалхойн ковраш дIасалелачу Кутузовн проспектехь.
Оццу дийнахь Украинан кхерамазаллан сервисан официалан векал йолчу Остапенко Маринас бакъдира Оьрсийчоьнан лерринчу сервисашца цхьана Украинан территори тIехь леррина операци дIаяьхьна хилар. Амма цо, комментари а ца еш, дитира Путинна тIелатар деш хилла цхьа нах бохуш, баьржина болу хаам.
ТIахьо Украинерачу талламхоша дIахьедар дира шайгахь тоьшаллаш ду, тIемалой Путин Владимир вен дагахь хиларан аьлла.
2007-чу шарахь Зазадоккху-беттан 9-чу дийнахь Москох теракт ян Iалашо йолуш хилла аьлла, дIалаьцнера Москох бехаш а, доьшуш а хилла нохчийн кегийрахой: Батукаев Iумар а, Хамиев Лорс а, Мусаев Руслан а, Осмаев Адам а.
Цаьрга бехк кховдийнера, уьш Москох теракт ян дагахь а хилла, Кадыров Рамзан вен Iалашо йолуш а хилла аьлла. Талламхоша дийцарехь, уьш Умаров Доккин куьйга кIел хиллачу диверсин тобанна юкъабогIуш хилла. Амма цу хенахь Осмаев дIахийцира, бехк кховдон кхин хIара бу аьлла, бух ца карийна.
Цу гIуллакхана терого ечу наха билгалдоккхуш ду цхьа хIума. Осмаев бехке варехь дуккха а цакхеташ хIуманаш хилар.
ОсмаевгIера доьзал Нохчийчохь дика бевзаш бу. Осмаевн деда, масала, Советан Iедал хенахь цхьамоггIа кIрштийн коммунистийн партин комитетан хьалха секретар хилла а ву, хьунан бахаман министр лаьттина а ву.
Цуьнан деваша Осмаев Амин, масала, хьалхара тIом чекхболучу хенахь Госсовет олучу Оьрсийчоьнан Iедалша Нохчийчохь кхоьллинчу кхеташонан куьйгалхо хилла ву. 1996-чу шарахь Федерацин Кхеташонан декъашхо вара иза. 2000-чу шарахь цо урхалла дира Путин Владимиран харжамийн штабана. Иза хIинца а ву Москох вехаш. Цигарчу интелегенцина юкъахь лоруш стаг ву иза.
Ша Осмаев Адам, дийцарехь, 2005-чу шарахь араваьлла Нохчийчура. Британехь экономика а Iамийна цо. Оьрсийн хаамийн гIирсаша леррина дуьйцу, «Осмаев Адам Лондонехь маьждиге ихна, цундела, террорца боьзначу нахаца уьйраш тасаелла хилла цуьнан», бохуш.
Ткаъа хIинца Украинан кхерамазаллан сервисо бакъдина шаьш Пьянзинна а, Осмаевна а дуьхьал схьадиллина, бехк-такхман гIуллакх теллина доьвлла шаьш аьлла. ХIу ду билггала цу шина стагана бехке дуьллуш дерг аьлла, хаьттира оха цу гIуллакхана терго еш волчу Маршо Радион украинахойн сервисан Одессехь волчу корреспонденте Шевчук Иване.
Шевчук Иван: «Карарчу хенахь царна бехке дуьллург ду терроран организацина юкъахь дакъа лацар а, теракт кечъяр а. Цкъа дуьххьра, бакъо а йоцуш, герз а, саьмгар а лелор а бен дацар царна бехке диллина хилларгш.
Ткъа и шиъ Оьрсийчоьнан президент (цу хенахь премьер-министр волу) Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а ве дагахь хилла бохург, хIинца хила магара аьлла, къастош ду».
Маршо Радион Одессерчу корреспонденто дийцарехь, Оьрсийчоьне Осмаев дIаваларх долу хаттар хIинца а жоп доцуш дуьсуш ду.
Шевчук Иван: «Цара Украинан территори тIехь зулам дина хилар гуш долу хIума ду. Одессехь Базаран цIарахчу урамехь дина долу эккхар, низамехь а доцуш, лелош долу, саьмгар эккхар хIинцале а зулам дар ду. Теракт кечйина аьлла, йолчу артиклехула бехке беш бу уьш.
Хаамаш беш ма-хилла, уьш къера бу шаьш Оьрсийчоьнан куьйгалхой байъа дагахь хилла бохучунна. Амма дерриг а тидаме а оьцуш аьлча, экстрадицех лаьцна долу хаттар х1инца дIакъоьвлина, схьагарехь, ала мегар дац».
Цхьаболчара дийцарехь, Осмаев Адама, шена тIе бехк лоцуш, къамелаш дина, ша Оьрсийчоьнан Iедалшка дIацавалийта. Амма иза цо динехь а, иза галваьлла бохуш, дуьйцу Шевчук Ивана.
Шевчук Иван: «Цу наха тактикан гIалат далийтина шайгара. ХIунда аьлча, суьдаца а, талламхошца а зулам толлуш гIо дахь, экстрадици ян бакъо яц, аьлла долу низам Украинан керла бехк-такхаман кодекс ГIадужу-беттан 19-чу дийнахь болх бан йолаелча а бен, ницкъ болуш хир дац».
Осмаев Адамна а, Пьянзин Ильяна а тIехь кхел мичахь хир ю билггала хууш дац.