Грозный IV хIоллам хIоттон оьшу я ца оьшу?

Your browser doesn’t support HTML5

Диктаторшна - хIолламаш

Репрессеш говза дIаяхьарца а, дуьйцуш ма-хиллара, шен воI верца а гоьваьллачу 16-чу бIешарахь ваьхначу Грозный Иванна хIоттон богIу, аьлла, Оьрсийчохь дуьххьарниг хила тарлуш, хьакамаша богIа дагалаьцначу хIолламна дуьхьал агитаци ю Орелерчу жигархоша гIаттийна.

ГIалин 450 шо кхачарна деш ду и шатайпа «совгIат». Оцо цецбаьхначу бахархоша гIара айина социалан машанашкахь.

«Кху 500 шерачохь цхьа а ца хIоьттина Грозный Иванна хIоллам хIотто: я паччахьаша а, я императорша а, я цхьа а президенташа а», - яздо протестехь йолчу тобан лидеро Голенкова Натальяс "Вконтакте" машанехь.

«Оьрсийчоьнан 1000 шо дузуш а ца деара иштаниг цхьанненна а дага», - боху цо, пачхьалкхерчу массо а гIаланашкахь лаьтта яхначу заманахь баьхначу нехан хIолламаш дага а лоьцуш.

Интернетехь петици ю Грозныйна хIоллам хIотторна дуьхьал куьйгаш лахьош. Нах, арабевлла, протест кхайкхош а лаьттина Орелехь оршоьтадийнахь.

Оьрсийчохь кест-кеста дискуссе доккхуш нисло, хан хьалха пачхьалкхан исторехь дика лар йитина цо, олий, вевзаш ваьхначу цхьаьнна хIоллам хIотто Iедална дагадеача.

Орелехь санна, къовсамехь ду 80 метр лекха хIоллам Iиса-Пайхамарна Петарбухахь билла гIертар, Москох ФСБ-на уллехь Дзержинский Феликсан тIулг-васт меттахIоттон цхьаьннан гIаьттина лаам, я паччахьна Владимирна и хIотто айина ойла.

Наггахь бен хуьлуш дацахь а, хIинца Орелехь Iедало Грозныйна хIоллам билла Iалашо лацар критике даьккхина Оьрсийчуьрчу пачхьалкхан телевизионаша а тIехь.


Иштачех яра Россия-1 каналан репортаж деношкахь. Бахархойн хьажам а ца лоьруш, даглаьцна хIоллам хIоттор, бохура тележурналисто.

«Кхеташ дац, и маьIна доцу, пайде йоцу монументаш стенна хIиттон дагадогIу, царна гонах дискуссеш стенна йо, кхин вайн проблемаш а йоцуш санна», - бохура репортеро.

Грозный Ивана ша паччахь волуш дуккха а нахана репрессеш йина, эланаш къарбеш, цаьргара хьал дIадоккхуш, пачхьалкх ша чIагIйо бохуш. «Опричнина» олуш хилла система цо кхоьллина, ткъа иза ЧК-н, НКВД-н, КГБ-н, ФСБ-н хьалхара IиндагI ду. Иштта ду протестхойн аьзнаш.

Резабоцурш тебеш, Орел-мехкан губернаторо Потомский Вадима ТАСС-агенталлехула дIахьедина, хIоллам цхьанна а новкъа хир боццушехь хIоттош бу, аьлла.

Шена ца хета Грозный Ивана оьгIазвахханчохь шен воI вийна бохург бакъ ду аьлла, боху Потомскийс. «Цхьа а документ дац официалехь иза бакъдеш,» - аьлла губернаторо кху беттан 13-чохь «Московский комсомолец» газетехь а.

И тайпа къийсамаш шайн гIалахь гIиттор дуьххьара дац Потомский Вадимна. Стохка 7000 вахархо духьал а ваьлла, хIоттоза бисира билла дагалаьцна Сталинан хIоллам. Ткъа хIинца Грозныйна хIоттон дагалаьцначу хIолламо а шина декъе баьхна Орелан бахархой хьовха, ерриг Оьрсийчоьнна бевза истеблишментера жигархой а. Пачхьалкхан Думера либерал Гудков Дмитрий а, даима а Кремлца волу журналист Соловьев Владимир а ву, масала, дуьхьал.

Иштта ю Маршо Радион корреспондентан Балмфорт Томан артикл.