Стенна оьшу Кадыровна блогерийн гергарнаш лечкъо?

Доьрзуш лаьттачу шеран чаккхе Нохчийчоьнна дагахьлаьттар ю республикерчу Iедало шена резабоцчу блогерийн, жигархойн гергара нах идийна хиларца. Оцу акцешахь дакъалоцуш федералан урхаллашкара белхахой хиллехь а, Москварчу хьаькамаша даима а санна тергамза йитина уьш. Эксперташа а, бакъонашларъярхоша а билгалдаккхарца, хIоьттинчу хьолехь цхьаъ бен бац некъ – хилларг официалехь нахалдаккхар.

Лечкъийна нах ГIуран-беттан 21 -25-чу деношкахь, буьйсанашкахь ерриг а Нохчийчухула. Доьзалца шен зIе хаьдда хилар журналисташна хаийтинчех хьалхарниг вара Турцехь веха блогер Халитов Хьасан – шен да а, ваша а вен кхерам бу, бохура цо. Гергарнаш шен а, шен зудчуьн а бовдийна, хаам бира оппозицехь волчу блогера Абдурахманов Тумсос а. Иза ша а ву 2020 шеран Чиллан-баттахь Швецерчу Евле гIалахь Оьрсийчоьнн бахархоша Мамаев Руслана а, Шапиева Эльвирас а динчу тIелатарехь валанза ваьлла. Йинчу кхело 10 а, 8 а шераш кхайкхийра зуламхошна. Европерчу леринчу ницкъаша Iорадаьккхина тIелатарна тIехьа лаьтташ Оьрсийчуьра Iедал хилар.

Шен куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш лачкъорах лаьцна хаам баржийра адмийн бакъонаш тергалъечу "Вайфонд" цхьанакхетаралло. Оццу дийнахь вайра Германехь вехачу Human Rights Center Ichkeria ("Ичкерин адамийн бакъонийн центр") директоран Арцуев Асланан виъ гергара стаг. Даймахкахь бисинчу шен гергарчарна гIело еш хиларх лаьцна орца кхайкхийра Германерчу блогера Мализаев Микаила а.

ГIуран-беттан 26-чохь ша дIаяьхьначу пресс-конференцехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьахийра и тема, билгалдаьккхира, шен доьзал а, шен гонахарчу хьаькамийн доьзалш а сийсазбо оппозицерчу блогерша, аьлла.

"Зударий бийца [маьттаза] мегаш дац. Цара дуккха а дуьйцу. Цара сийсазбечу нахах цхьамма дIабигина хир бу церан зударий, шаьш вайн зударшца дан дагалаьцнарг царна тIехь кхочушдан. Цул тхо дайъа… Соьгахь яц информаци, иза цара дуьйцург ду. Тоьшаллаш делахь - схьагайта", – элира Кдыровс.

Туркойчу садаIа боьлхучу ницкъхошна "тIе куьйгаш кхийдадо" бухарчу диаспорерчу оппозиционераша, бохура цо. Дагадаийтира, Iедало ницкъхошна пачхьалкхера арабийла ца хьоьхийла, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин инструкцешца а догIуш, махкара араволу хIора полисхо декхаре ву хьаькамашкара пурба деха.

Модератор лохуш

Ероперчу а, Туркойчуьрчу а диаспорийн векалша Кавказ.Реалиица динчу къамелашкара схьаэцча, хаамашкахь буьйцучул а дукха бу Нохчийчохь лечкъийна нах. Масала, лецна туркойн Кёрфез гIалахь Нохчийчоьнан Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев ЖовхIаран царх парк схьайоьллуш дакъалаьцначу нохчийн даймахкахь беха гергарнаш.

"Цара сагатдо шайн наханна, доьху информаци яржа цаяр. Сатуьйсу лецнарш кестта дIахецаре", – боху Кавказ.Реалиица къамелдинчех цхьамма – цо а доьху шен цIе цайовзийтар.

"Шайн гергара нах лачкъийначара хIинца хаийта долийна хуьлуш дерг бакъоларъярхошна а, хаамийн гIирсашна а. Хьалха тап-олий IадIара, "вон машар тоьлу дикачу тIамал ", олий", - дуьйцу Къилбаседа Кавказерчу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" декъан юриста Янгулбаев Абубакара.

Гергарчаьргахула оппозицин жигархошна тIеIаткъамаш бар – коьрта кеп ю уьш таIзаре берзо, оццу Туркойчуьрчу духьалончашна кхин дан хIума дац кадыровхойн, боху Янгулбаевс, оцу хьоло оьгIазъоьхуйту Нохчийчоьнан ккьйгалхо а, цундела а ву иза туркойн президентна ЭрдогIанна луьйш.

ГIуран-беттан 23–25-чу деношаь Хьалха-Мартанан кIоштарчу ГIойтIахь а, Соьлжа-ГIалахь а Iаьржачу духарахь хиллачу бевзашбоцчу герзхоша лецна юристан ден а, нена а агIор болу ЯнгулбаевгIар а, МусаевгIар а – 40 стаг гергга. Полицин дакъошка дIабигина уьш, дIахецна тIаьхьо цхьа дакъа царех.

Янгулбаевна хетарехь, цо лелош ду оппозицерчу 1ADAT боламан телеграм-канал, аьлла хета Нохчийчуьрчу Iедалхошна. Цуьнан цIе яьккхира, масала, Кадыровга Европера цIехьайирзинчу Ичкерин Iедалхойн гонехь хиллачу Мицаева Рубатис.

ГIуран-беттан 28-чохь Янгулбаевн Пятигорскерчу петарх хьаьвсина Талламан комитетан а, "Э" центарн Нохчийчуьрчу декъан а белхахой, дIаяьхьна гаджеташ. Лаьцна, левина юрист, "Терроран тохарш дан нах кхайкхарна" олучу бехктакхаман теш санна. Талламо бахарехь, 1ADAT каналехь ю терроризм бакъен пост. Янгулбаевс гайтина ша цхьа а кепехь оцу каналца зIе йолуш вацар, шена иза дIалелош болу нах бевзаш а бацар. Цул тIаьхьа дIахецна иза, амма юха ца елла гаджеташ.

Хайр доцу лецарш

"Лецнарш дIахоьцу дукха хьолехь. Нисло цаьрга Iедална луьйш волчу шайн гергарчу блогерна дуьхьал дов кхайкхадойтуш. Тарло гергарчарна наркотик я герз кIелкхосса. Ишта девнаш Нохчийчохь нах чубохкарца доьрзу, низам лелаш меттиг яц иза", – дуьйцу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юриста.

Янгулбаев тешна ву гергарнаш бовдийначу наханна хилларг лечкъадар пайде дацарх. Сихха хаамийн гIирсашкахула, бакъонашлаъярхошкахула официалан хьукматашка лехамаш болабайта беза, иза ца дахь, лечкъийначех хIуъа а хила тарло.

"Нах идоран коьрта Iалашо ю массо а Iадор, критика сацаяйтар, мел иза нийса елахь а. Иза шатайпа бекхам а бу – блогерна цхьа зен дар, герганаш юьхьIаьржа хIитторца эшаме верзор", – боху Ютьюбехь "Исламан ойланаш" канал лелочу Белокиев Ислама.

Наханна кIорда ма дой даима а кхоьруш лела, цкъа хадийталууш хуьлу дерриг а

Стенна билгал хIинца доладелла нах идор а туьду цо шен маьIнехь.

"Хан хене мел йолу алсамбуьйлу царна дуьхало ен нах. Кадыровхошна цу тIе кхерамза дац Оьрсийчоьнал арахьа лела – изза масал ду Туркойчоь. Гергарчара шайн доьзалхой наханна хьалха емалбарх а ца баьлла пайда, цундела ва-банке вахна Кадыров. Хьалха божарий хьийзош хиллехь, хIинца зударий а идабо, берах берш а тIехь. Оцо гойту церан ницкъ бешаш буйла, оьгIазалла цаьргахь йистинийла. Массо а гIиллакх-гIуллакх хьаьшна бевлла уьш", – аьлла го хьал Белокиевна.

Цуьнан дешнашца аьлча, кадыровхой билгалбовлу шайн оппонеташна дуьхьал беккъа дIа къиза ницкъ баккхарца. И "гIирс" бу лелош массанхьа а, массаьрца а, изза ду талламчаша дийриг а. Оцу юкъанна цIеххьана дIахеца а тарло лецнарш.

"Лакхарчу хьаькамех дозу иза дукха хьолехь. Я ловзабеш "бекхамийн гаьнгали" бу, массо а кхерамехь кхаба. Наханна кIорда ма дой даима а кхоьруш лела, цкъа хадийталуш хуьлу дерриг а", – билгалдоккху блогера.

Хилларг гIарадаккхаро бен кIелхьарбохур бац лецнарш, боху Белокиевс. Уьш дIа ца хецча а, шанс ю царна гIело кIезиг йийриг хиларан. КадыровгIеран кара кхаьчна мел Iийначара дуьйцу, шьш цхьамма орца даккхаре хоьжуш Iийра, олий. Iазап лахдо цара, шаьш нах лецнийла дуьненна а хууш хилча, Белокиевс бахарехь.

Гергарчара шайн доьзалхой наханна хьалха емалбарх а ца баьлла пайда, цундела ва-банке вахна Кадыров

Цунна гарехь, "мел мухха а дерзахь а, кадыровхой шаьш а кхоьру гергарчийн бекхамах. Суна бевза цхьа хилам: шаьш хьийзораш дIахоьцийла хиича, вилхина царна гIело ян тIехIоттийнарг, нах мукъабахарх воккхавеш. Цо велха а воьлхуш, маакъийлина ша ехха йиттинарг, дерриг а диканца дирзи хьан, бохуш", – дийцира Белокиевс.

Москвано магошдерг

Нохчийчохь нах идор къайле яц цхьанна а – цигахь лечкъабо бахархой тIемаш буьйлабелчхьана схьа. Хьалха иза геннара бахкийтинчу эскархоша леладора, хIинца махкарчу нахах къастийначу федералан ницкъаша лелайо и хьераяьлла харцо. Москвана атта ду зуламаш "кадыровхой" олучу ницкъашна, аьлча а, цигарчу ФСБ-н, Росгвардин эскархошна-нохчашна тIетатта, тешна ву Венерчу Kulturverein Ichkeria ("синбахамаллин "Ичкерия") центран куьйгалхо Исханов Хьусайн.

Путинна оьшу Кадыров, аьлларг деш а воцуш, цхьа саьрмак санна гайта, къарлуш доцу нохчийн къам цуьнга охьатаIадайта

Амма Исханов реза вац цхьаболу блогераш, шаьш Кадыровна а, цуьнан гонна а критика шаьш ечу къамелехь маьттазчу кепе, адамаш сийсаздеш бистхиларна. И тешна ву критика оьзда а, массо а нах кхетош а, факташ а, тоьшаллаш а долуш хила езаш хиларх. Делахь а, цхьа маьттаза къамелаш хуьлийла дац гергара нах леца бахьана, боху Исхановс.

"Путинна оьшу Кадыров, аьлларг деш а воцуш, цхьа саьрмак санна гайта, къарлуш доцу нохчийн къам цуьнга охьатаIадайта. Цунна иза оьшу къанвеллачу Жириновскийн метта, ша дан леринарг цуьнан багахула довзийта, ша дан лийринарг халкъо муха тIеоьцур ду гайта. Европерчу эмиграцехь долчу оха дуьнене дIакхачайо нохчийн къоманна тIехь геноцид латтораш йолу факташ, бакъдерг, амма Оьрсийчоьнан пропагандо Кадыров тотту хьалха, Кремло ден зуламаш цо ша-шеггара деш санна, иза возуш воцу паччахь волуш санна", – билгалдоккху Исханов Хьусайна.

Нах идабале хьалха Нохчийчуьрчу хьакамаша машанашкахула видео яржийра Кадыровс шена критика ечу, "маьттаза мотт" лебечу блогерашна бан богIу бекхам буьйцуш. Кхеташо гайтира меттигерчу телевизионо а, амма дIаяьккхира сюжет инстаграмера де даьлча.

ТIаьххьарчу шерашкахь хиллачу нах идорах уггаре гIарадаьлларг ду Нохчийчуьрчу ницкъхоша Краснодар-махкарчу Геленджикера 19 шо долу блогер Тепсуркаев Салман лачкъор. Гергарчара геопозици тергалъярца блгалъяьккхира иза дIакхачийна меттиг – Соьлжа-ГIалахь Кадыров Ахьмадан цIарх йолу полк лаьтта куп. 2020 шеран Гезгмашин-баттахь яьржира Тепсуркаев верзина а ваьлла шишанна тIе хууш видео. ХIетахь яйна, карош яц кIентан лар.