Ондда тIемантасдалар хилла Орштотан-дийнахь Шеман пачхьалкхан коьртачу гIалахь Димашкъехь.
Тешаш дийцарехь, масатоьпаш еттар а, гранаташ лелхар а хезаш дара цу гIалан Меззе олучу кIоштахь.
Меззе Димашкъан юккъерачех цхьа кIошт ю. Цигахь ю цхьамоггIа вуно чIогIа ларйеш йолу кхерамазаллин ницкъийн объекташ.
Дечкен-баттахь Маьрша Шеман Арми цIе йолчу гIаттамхойн тобан аьтто белира шайн Iуналлин къел эца масийтта Димашкъана гонах йолу кIошт. Меззехь хилира Iедалшна дуьхьала хьажийна йолу яккхийн митингаш а, демонстрациш а.
Оршот Iуьйринна Рейтерс агенталлан корреспонденте меттигерачу цхьана вахархочо дийцира буьйсанна ХIамада олучу йоккхачу туькан хьлха тIемантасадлар гира шена, аьлла. Карарчу хенахь полицино гоне лаьцна бу цигара масийтта урам.
КIирандийнахь Алеппо-гIалахь машен эккхийтира муьлш бу ца хуучу наха. И бахьана долуш вийна 2 стаг, кхин а 30 стаг лазийна ву.
Шоьтан дийнахь,ши эккхийтар а дина, 27 стаг вийна Димашкъехь.Чевнаш хилла ву мел-лаххара 97 стаг.
Шеман телевизионо хаам бина уьш терроран тIелетарш дара, аьлла. Шайн агIора оппозицин векалша дIахьедар дина и лелхийтарш Iедалш дина, шаьш сийзаз дар Iалашонца, аьлла.
Шеман президенто Асад Башара юх-юха а дIахьедарш до шен эскарш махкахь къепедацарш кхолла гIерташ болчу герз карахь лелачу бандиташца къийсам латтош ду, бохуш.
Цхьанакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь долчу терахьашца даханчу шарахь цу махкахь вийна 8000 сов стаг.