Зазадокху-баттахь дуьйна Францин къайлахчу сервисаша а, къоман полицино а болх бо лаккхарчу терроран кхераман рожехь Олимпиада дIайахьарца доьзна. Цул а хьалха пачхьалкхехь долийра мухIажарш таллар, бара царлахь Нохчийчуьра бахархой а цхьана. И зераш динчул тIаьхьа дукхахболчарна кхерам хIоьттира Оьрсийчу дIахьийсон.
Сатаева Амина-Анна нохчи йу, Парижехь йехаш а, болх беш а йу иза. Цуьнан доьзал Франце дӀабаханера 2000-гӀа шераш дуьйлалуш, цуьнан шен 5 шо долчу хенахь. Кхузахь кхиъна Амина, дешна а йу. Ша жима йолуш дуьйна цо гӀо дора шен доттагӀашна, дена-нанна бевза-безачарна а Францехь дIатарбала, дIаэн. Цо гочдора францхойн маттара хьаькамашкара кехаташ а, церан къамел а тIебаьхкинчу нохчашна, гIо дора мухӀажаршна меттигерчу низамех, бакъонех кхета а, социалан гарантеш а, муниципалан хIусам а йоккхуш.
Юристан говзалла хаьржинчу Аминин шен махкахошна гӀо дан Iалашо хилира, мухӀажарийн гӀуллакхаш тӀехь жигара болх бан йолайелира иштта Амина. Шина а тӀеман ветеранаш а, мухӀажарш а, бомбанех а, мацаллех а бевддачу наха гIо доьхура цуьнга. ХӀинца Амина зеделларг долуш, сертификат а долуш юрист йу. Цо гӀо до Украинехь тӀаме мобилизаци йарна кхоьруш уьдуш болчу нохчашна, нохчийн жигархой а, оппозиционераш а, ЛГБТ-нах а депортацех кӀелхьара боху.
Кеп-кепарчу мухIажарийн тулгIенашца бечу белхан шатайпаналлех, муха хьуьйсу Францихь нохчашка, хIун ойла йу церан диаспорех лаьцна, оцу доллучух а дийцира Кавказ.Реалии сайте Сатаева Амина-Аннас.
– Муха нисделира хьан Нохчийчуьра мухIажаршца болхбар?
– МухIажаршца ас болх бо сайн 13 шо кхаьчча дуьйна. Хьо хьуо а мухIажар хилча, мотт Iамош а хилча, тIаккха гIо дан дезаш хуьлу хьо дена-нанна, церан доттагIашна, лулахошна.
Сан телефонан номер кар-кара лушй дIасайаржийра. Ӏедалшна тIебаьхкинчаьрца йоьдура со, гочддора, кехаташ кечдора. Сан зеделларг ду гулделла. Дешна йаьллачул тIаьхьа, суна йевзира юристийн фирман куьйгалхо. Дала шена тӀе йаийтина хьо элира цо, хӀунда аьлча, шена нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хууш, Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а хуьлуш долчух кхеташ стаг оьшура. Ас сацам бира, республикера ца бевллачу денна бевддачу махкахошна гӀо дар - сан декхар ду аьлла.
ХӀинца цхьаннах йозуш йоцуш, суо лела со доттагIийн- юристийн, адвокатийн командехь, церан йоллу бакъонаш а йолуш. Цкъачунна адвокатан статус йац сан. Юрист санна, ас оьшуш мел дерг вовшахьтуху, кхана-лама кхелехь царна оьшуш долу.
– Тахана Кавказера мухIажарш схьаэхар тоххаралерачуьнца къаьсташ дуй?
– 1999-чу шарахь нохчийн шолгӀа тӀом болабелчхьана массо а агӀор схьабахка буьйлабелира нохчий. Массара бохург санна тӀеийцира хьалхара тулгӀе, иза чӀогӀа атта йара. Иштта дӀадоьдура 2004-чу шарахь Бесланехь теракт хиллалц. Францхой телевизионехула хьоьжуш бара оцу теракте. Цул тӀаьхьа Францин хьаькамаш Оьрсийчоьнан пропагандина тӀетийжа буьйлабелира: нохчашца тӀом Оьрсийчоьнан чоьхьара проблема йу, уьш террорхой бу, бандиташ бу бохуш. Хууш ма-хиллара, Европера пачхьалкхаш кхеташ йара иза бакъ доцийла, амма уьш кхоьрура юкъагӀерта.
Европехь нохчийн цӀе бехъйан йолийра. Хьалхарчу тӀамехь хилларш а, шолгӀачу тӀамехь хилларш а къестон буьйлабелира миграцин хьаькамаш.
ШолгӀачу тIамехь дакъалаьцначаьрца кхин а луьра хуьлура уьш, Нохчийчохь радикализаци йолайелла хиларна. Хьалхарчу тӀамехь дакъалаьцначех французийн маттахь маршонан къийсамхой олуш хилла, Дудаев Джовхар а, Масхадов Аслан а, Яндарбиев Зелимхан а, Закаев Ахьмад а боккха сий-ларам болуш тIеоьцура.
Амма Басаев Шамиле болу хьежамаш хийцабелла Оьрсийчоьнан маьршачу гӀаланашкахь теракташ йар бахьана долуш. Нохчийчуьра мухӀажарш тӀеэцар лахделира. Цул тӀаьхьа, "Кавказан Имаратан" жигаралла бахьана долуш, кхин а галделира гӀуллакх. Вуно хала ду европахошна вовшех къасто, масала, оцу тобанехь дакъалоцуш хиларх шеко йолуш хилларш а, Ичкери йозуш ца хиларна гӀортор йарна хьийзош болу могӀарера нах а.
– Нохчийчохь боьдучу тIамна тIехь терго латтайорий Францихь?
– ХӀаъ. 2006–2008-чуй шерашкахь нохчийн дуьхьалонан декъашхой хилларш шеконашка ийцира, динан радикалаш бу аьлла. Французашна а, юкъарчу хьесапехь европахошна а хала ду историн а, юкъараллин а, къаьсттина динан контекст йийца. Муьлххачу а кхечу юкъараллехь санна, Нохчийчохь а бу ультра-аьтту а, ультра-аьрро а векалш. Центристаш а бекъа тарло аьтту а, аьрру а центристаш аьлла. Суна хетарехь, нохчийн юкъаралла кхуьуш йу политикан ойланехь а, бакъонан кхетамехь а.
2011-чу шарахь Шемахь тӀом болабелча кхин а чолхе делира нохчийн хьал. Бакъоларйаран органийн белхахоша кхин а леррина хьуьйсура нохчийн досьешка. Тешам байнера. ДАӀИШ-ца уьйраш хиларх шеконаш кхоллайолаелира, хIунда аьлча, Европера Шема дӀабахана цхьацца нах хиларна.
Доккхачу декъана пачхьалкхехь чIагйелира исламофоби, ткъа бусалбанаша, и хаалуш, кхин а чIогIа дIагойтура шайн суьпалла
– Масех шо даьлча Парижехь лелхийтарш дира ИГИЛ-н радикалаша дина.
– ХӀаъ, уггаре а ирча теракт хилла 2015-чу шарахь "Батаклан" залехь а, "Шарли Эбдо" газетан редакцина герз а диттира. Оццу хенахь ресторанехь а, футболан стадионехь а диттира герзаш. Иштта Ниццехь ингалсхойн хийистехь машенахь теракт йира, кир дIасакхоьхьучу машенахь цхьаммо машен тIейиттира адамашна. Францхой Iадийнера, нах исламхойх кхера буьйлабелира.
Оцу кхераман фонехь Францехь аьтто-партийн а, боламийн а тӀеӀаткъам алсамбаьлла, ткъа тахана вайна го Францехь политикан кризис. Аьтто-партеша ницкъ а гулбина, харжамашкахь дика болх бира. Йерриг а пачхьалкхехь алсамъяьлла исламофоби. Ткъа бусалба наха, и хаалуш, кхин а чӀогӀа гойту шаьш динна тӀетевжина хилар. Провокацина жоп луш провокаци йу иза, и цкъа а соцуш дац.
– 2023-чу шарахь а хилира теракт, ГIалгIайчуьра вахархочо вийра хьехархо. Пачхьалкха чохь муха тидам бира оцу зуламан?
– ХӀинццалц схьа суна дага а догIуш, Францехь хилла доцу хӀума хилира. Кхо бӀе сов стаг лаьцнера, дукхахберш нохчий а болуш. Цхьаберш цӀахь лаьцна латтош бара, ур-атталла, радикалаш бу аьлла, тептаре баьхначу хIусамдайн зударий а цхьаьна. Иштта гӀуллакхаш дара соьгахь, амма цаьрца болх бан хала дара суна, къаьсттина и стаг баккъалла а ДАӀИШ-ехь хилар а, дикка радикале ваьлла хилар а хууш хилча. Цу кепарчу мухӀажиран статус а, кехаташ а дӀа а дохуш, махкара иза араваккха йиш пачхьалкхан.
КХИН А ХЬАЖА: "Нохчо ву? Цундела ву-кх хьо кхузахь а": Олимпиада хила герга долчу хенахь Францихь лаьцначун дийцар– Ахь муха Iалашбо уьш?
– Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ) йуьйлура 3-чу артиклехула – ницкъбар дехкар.
Кхело Францехь бина сацам юха а боккхий, билгалдоккхура, нагахь санна, стагана кхел йан йезаш йелахь, тӀаккха оцу пачхьалкхехь дан деза и, вен, къизаллаш лелайайта Оьрсийчу дIа а ца хьажош. Иза хала ду чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллина, хӀунда аьлча, собар ца тоьа, билггал радикал мила ву, мила вац бохучух кхета а, фильтраци йан а.
– ТIаьххьарчу шерашкахь муьлш бу нохчех Франци оьхурш?
– Нохчийн тӀемашкахь дакъалаьцна нах схьаоьху, шайна Iедал тIаьхьадаларна. Уьш бу тӀом чекхбаьлча амнисти йелла, амма цул тӀаьхьа мухха делахь а церан доьзалш хьийзо буьйлабелларш, хӀинцалерчу Ӏедалан йеххачу хенахь лаьттинчу "Ӏаьржачу тептарш" тӀехь хиларна.
2022-чу шарахь дуьйна мобилизацих уьдуш бу нохчий. ХӀора баттахь кавказхошкара гӀо доьхуш 8–10 дехар кхочу тхуна. Дукхахболчеран цхьатерра хьал дара: эскаре кхайкхина, хӀара повестка йу, тIом бан ца лаьа. 2023-чу шеран товбеца-баттахь тховкӀело йаларх гIуллакхаш луьстучу Къоман кхело сацам бира, уьш тӀеэца беза аьлла.
МухӀажиран хӀинцале а тӀеман билет а, тӀеман зеделларг а хила деза, и тIекхойкхуш деана кехат а бакъ хиларх тоьшаллаш хила деза. Иза хала ду, хӀунда аьлча, экономикан миграци а чӀогӀа йу. Цул сов, хьайн пацифистийн хьежамаш бакъбан беза. Низамца тIекхайкха хан йоцу баккхий нах бу, йа дуккха а бераш долуш, амма хӀетте а гӀуллакхе кхойкхурш, царна атта ду. Дехарш дукха ду, Францехь уьш массо а дӀатарбан меттигаш дукха бац.
– ЛГБТ-пероснех а, доьзалехь бечу ницкъах уьдучарех а лаций дийцахьа. И тобанаш кхин а тIе муьлхачу проблемех Iиттало?
– Иза мелла а керла мухӀажарийн дакъа ду. Зударех доглазар алсам ду кхузахь. Францехь болу хьаькамаш кхета Кавказехь церан бакъонашца долчу хьолах. Амма миграцин сервисо а, Къоман тховкӀело луш йолу кхел а вуно лерина тӀегӀерта цу гӀуллакхана, хӀунда аьлча, цигахь адамийн инзаре дӀасалелар ду. ХӀора зудчо ша ницкъбарх йедда бохуш дӀахьедарш дан тарло, амма бакъдолчехь, шен дахаран хьелаш тодан лууш йу иза. Доьзалехь ницкъ бина бохуш делахь чIагIо йоллу тоьшаллаш оьшу.
2017-чу шарахь Нохчийчохь гейш мел луьра хьийзош бу гучудаьлча, и бен кхин цара дуьйцуш хIума а дацара. ЛГБТ-н организаци Оьрсийчохь экстремистийн вовшахтохаралла санна къобалйича, уьш духьало йоцуш тӀеэца буьйлабелира Францехь. Амма ЛГБТ-мигрантийн йоккха проблема йу, доьзалехь ницкъ баран гӀуллакхашкахь а санна, уьш даймахкахь хьийзош хиларан тоьшаллаш цахилар.
Даим ца хуьлу хан, бюджет, социалан-динан хаарш, мухIажарна кхерам лаьтташ хиларх тоьшаллийн хьесап дан
МухӀажарийн каппашкахь ЛГБТ-н нахана уггар а хьалха дискриминаци лелайо шаьш мухӀажарша. Цара чӀогӀа критика йан тарло цхьа кхечу кепехь долчу куц-кепна. Цкъа сан клиент а, со а иммиграцин офис чу йаханера, кхин болу мухӀажарш цецбевлла, агрессица хьуьйсура цуьнга, хӀунда аьлча, цуьнан пирсинг йара, месаш цIен йара, тIера бедарш а меженаш гуш. И хала ду, амма францхой чӀогӀа хьийза, и тайпа нах кхерамзалла йолчу меттигашкахь дӀатарбан.
– Муха къепе йу тховкIело йехаран хьесапийн?
– Процедуран деталашка а, муьрашка а ца йуьйлуш, ас эр ду, тайп-тайпана дехкарш бахьана долуш, администрацин даима а хан а, бюджет а, я геополитикан а, юкъараллин а, динан а хаарш ца хуьлу мухӀажаршна кхерам хиларан тоьшаллийн мах хадо. Цундела дехар йухатохахь, ледарлонаш йийла тарло.
ХӀетте а, апелляцин муьрехь а, баккъалла а тховкӀело лоьхучун досье йоьшуш кӀезиг суьдхой бу. Дукха хьолахь судхочун гӀоьнчас йоьшу. Цуьнан рапорто 10 минотера 25 миноте кхаччалц хан йойу кхелан кхеташо йолалуш. ИдIайоьшучун бакъо йу шен ойла йовзийта, нагахь санна, цунна и гӀуллакх ца тайнехь, йа иза тӀехула дешна делахь, оцу гӀуллакхо а Ӏаткъам бо кхелан сацамна.
Дукха хьолахь, тховкӀело йоьхучу наха, досье муха кечъян еза ца хууш, адвокат а воцуш, шаьш йаздо долчух лаьцна. Доцца цхьана агIонехь йаздина хуьлу и, кхин дIоггара кхетар воцуш. Цхьаммо а кечбеш бац уьш интервью йала. И бахьана долуш, дуьхьалонаш а дукха хуьлу. Амма, Далла хастам бу, дуьхьало йинчул тӀаьхьа мухӀажарийн бакъонашкахула кхел йу, ткъа кхузахь хьан бакъо йу гӀо дан йиш йолчу адвокатаца маьхза дерриг а йуха дӀанисдан.
– ТховкӀело йоьхучу хенахь хьаькамаша мах хадабой стеган куц-кепан?
- ХӀаъ. Францера суьдхой - дукхахберш баккхий нах бу. Царна чӀогӀа лазам хилла терактех, ткъа бусалба динах а, нохчийн ламастех а вуно кӀезиг кхеташ бу уьш.
Сан цхьа гӀуллакх дара, цхьана стеган вуно ницкъ болуш досье а йолуш, ур-атталла прессо а яздора цуьнан дийцар. Амма кхелан президенто (кхоъ суьдхо вара) цуьнан динан куц-кепах, можах лаьцна дуккха а хиттира, хьуна хӀун хета ДАӀИШ-ах а, шариӀатех а лаьцна бохуш. Кхел йукъахйаккха дийзира тхан, йеш йерг дискриминаци йу, цу стеган гӀуллакхах лаций хатта, цуьнан маж ма йийца бохуш.
ХӀетахь дуьйна ас сайн клиенташна дийца долийра, муьлхачу арахьарчу факторша хьаькамийн агӀор дискриминаци йан тарло. Хьалххе оцу нахаца интервьюш йан йеза, хьаькамашна динан а, историн а, юкъараллин а, ур-атталла политикан а контекстех лаьцна хьуна хетарг хаа лууш хилар нахана дӀахаийтархьама. Зударшкахь дӀакъевлина Ӏаьржа бос болуш духар хиларо, шеконаш кхулла, божаршкахь йеха маж хилча санна. Нисло, интервью йала йоьдучу хенахь зудчо йовлакх йа дӀадоккху, йа нохчаша ма-туьллара, тӀехьа доьхку.
– ХӀун до оцу мухӀажарша, шайна дуьхьало йинчул тӀаьхьа, кхелехь а кIелхьара вала аьтто ца баьллехь?
– ЦӀахь латтор а, махкара аравала омра дар а, экстрадици йар а алсамдаьлла догIу. "Шайн хьашт долчче дIагIо" олий, арабоху уьш. Цхьаберш Европерчу кхечу пачхьалкхашка боьлху, цигахь тховкIело йаккха хьажа. Цхьаберш Шенгенан зонера дӀабоьлху, йа Францехь буьсу, шерашкахь цӀахь лаьцна а буьту. Иштта, стаг Францехь масех шарахь ваьхначул тӀаьхьа, интеграци йан бакъо ейха йиш ю тхан.
Францин чоьхьарчу гӀуллакхийн министро кховдийна керла "тховкӀелонах а, миграцех а низам". Цо доза тосу мигрантийн Франце бахка а, политикан бахьанашца кехаташ даха а таронаш хиларна, хӀунда аьлча, цара хӀинца дуккха а алсам тоьшаллаш доьху. Хьалха кхелахо кхоъ вара, амма керлачу низаман проектца а догӀуш, цхьаъ хир ву боху. Францехь дуккха а митингаш хилира оцу хьокъехь, наха иза нийса доцуш лорура. Уьш кхоъ хилча, тӀаккха стагана цу кхааннах цхьаъ тешийта аьтто алсам хуьлу.
Цхьана суьдхочун хьокъехь долу низам хӀинцале а тӀеэцна ду, амма хӀинца иза толлуш ду Францин Конституцин кхелехь. Оцу низаман цхьайолу артиклаш конституцица йогӀуш яц. Парламентан декъашхоша хӀинцале а дов айдина.
– Кхин муха телхина мухӀажарийн хьал?
– Мигранташна луш долу пособеш лахдеш ду. ТховкӀело йоьхучарна лоьрийн гӀо а, 100% страховка а йеш ю. Царна иза а хадо хьийза, сихаллин гӀуллакхаш бен цу йукъа а ца лоцуш. Иштта чолхе даьккхина балха дӀатарбала таро лун бакъонашца дерг а. Хьалха санна сиха болх бан бакъо ца ло царна.
• Стигалкъекъа-бутт чекхболуш Францин полицино тайп-тайпанчу гӀаланашкахь йоккха леррина операци дӀайаьхьира, радикализаци йарна шеко йолу итт гергга нохчийн диаспорера стаг а лоцуш. Цунна тӀаьххье дӀакхайкхийра, тӀейогӀучу аьхкенан Олимпиадехь футболан ловзарех цхьанна юкъахь теракт йан кечлуш хилла аьлла бехкевина 18 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла жима стаг лацарх
• 200 эзар сов нохчий беха Европерчу пачхьалкхашкахь - уггар йаккхий диаспораш йу Францехь а, Германехь а, Австрехь а. Европел арахьа диаспора йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Канадехь а, Гергарчу Малхбалехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а.
• Дечкен-баттахь Amnesty International организацино кхайкхам бира Евробертана юкъайогӀучу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчоьне дӀа ма ло аьлла. ЦӀахь царна тӀехь Ӏазап латтон тарло, уьш сийсазбийр бу, йа Украинина дуьхьал тӀаме хьажор а эхь дац, бохуш дIахьедаора бакъонашларъярхоша.