Церан божарий тIеман декхарш кхочушдан дуьхьал бовлахь, хала бохкучу доьзалшна Iедало кхачочу таронех а, ахчанех а баха церан доьзалш аьлла, тIедиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цунах лаьцна дIахьедина Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь хиллачу кхеташонехь парламентан спикер Даудов Мохьмад вистхиллачул тIаьхьа. Вукхо дийцира къечу доьзалашкара божарий реза цахиларх керлачу кадыровхойн полке язбала.
Даудовс дIахьедина, масала, Кадыровн тIедилларца ша "доладечу" Устрада-ГIалахь таро йоцуш а, "гуттар къен" а доьзал бу аьлла, билгалъяьккхина 412 хIусам ю аьлла. Цигахь балх балур болчу хенара ву 188 борша стаг, хIетте а царех кхоъ бен реза ца хилла керлачу полке гIуллакх дан ваха, кхин бан шайн болх боцушшехь, ахчанаш лур ду аьлча а.
"ХIораннан а керта а оьхуш, дийцира алапех, хIиттор долчу хьаштех, болх бинчул тIаьхьа хиндолчу пенсих а. 188 стагах кхоъ бен тIе ца тайра. Шиъ балха хIоьттина "Западе" (хетарехеь юьйцург ю дукха хан йоццуш кхоьллина "Запад-Ахмат" батальон - билгалдаккхар), школа чекхъяьккхина аьлла карахь аттестат ца хиларна виссина цхьаъ. Изза хьал ду кхечу сектаршкахь а, кIошташкахь а", - мукIарло дина Даудовс Кадыровца хиллачу кхеташонехь.
Цунна жоп лучу Кадыровс дуьхьалойийраш "малончаш" бу аьлла, тIедожийна федералан низамца таро йоцчу нахана хIиттийначу хьелех а, ахчанех а дIахедабе аьлла уьш.
"Болх бан ца луу нах бу уьш. Уьш адамаш а дац, йа хIуммаъ а яц. Махко царна миллиардашкахь ахчанаш дойу, царна хьалхара коммуналан ял дIало, гIо до, ткъа кхарна къахьега ца лаьа, гай тIе мIараш а хьоькхуш Iаш бу", - элира Кадыровс.
Оццу кхеташонехь Даудовс дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинехь шуьйра тIелатар долийначу эхашерачохь 20 миллиард ахча дайина тIамна аьлла. Валюта а, ахча стенгара даьлла – республикан бюджетера йа шен Кадыровн кисанара дара- регионалан парламентан куьтйгалхочо ца хьахийна. Официалан хаамашца, дахначу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо даьккхинарг ду 26 миллион ах миллион сом.
"ХIокху эха шерачохь, пачхьалкхо латториг а, вайн вежарша дийриг а доцург…вайн паччахьо – Дела реза хуьлийла цунна - ахчанца гIо латтийна [ницкъаллин структурашна] 20 миллиард соьмана", - дIахьедира Даудовс Соьлжа-ГIалахь йоьдучу кхеташонехь. Видео зорбане хIоттийна махкарчу пачхьалкхан "Грозный" телеканало.
- Оьрсийчохь къен лоруш бу, регионехь цхьана стагана ваха хIоттийначу барамал а лахара делахь хIора баттахь царна тIедогIу рицкъ. Нохчийчохь 2022-чу шеран мангал-баттера схьа дуьйна хIоранна а ваха оьшучу уггар лахарчу рицкъан барам бу 14 565 сом (марсхьокху-беттан 25-чохь динчу лараршца, Оьрсийчоьнан Центробанкан официалан курсаца 250 доллар ца кхоччуш – билгалдаккхар.).
- ЦIерашца Нохчийчохь дакъош кхолларх дийца даьккхира мангал-бутт бовш – хIетахь Iалашо яра Оьрсийчоьнан тIеман министраллана юкъа а йогIуш йиъ батальон вовшахтоха: "Север-Ахмат", "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат" а, "Юг-Ахмат". Уггар хьалха кхоьллира "Север-Ахмат" – полкан бараме дIадахдира цу юкъахь болчийн терахь. Кадыровс шен телеграм-каналехь зорбане хIоттийначу видео тIехь гуш бу дIахIиттийначу эскархошлахь ППС-н а, МВД-н ГБР-н а белхахой хилла ца Iаш, могIарерчу нехан духарца нах а.
- Стигалкъекъа-баттахь дийца даьккхира, Нохчийчуьра Украине тIаме бахначарлахь кеп-кепарчу зуламашна таIзарш дина нах хилар, царех цхьаболчийн хIинца а тоьхна хан чекхъяланза ю аьлла. "Можем объяснить" телеграм-каналан лараршца, Нохчийчуьра Украине вахначу 953 "лаамхочух" тептарера мел лахара а I0I стаг "криминалан хьалхалера а, тахане а" йолуш ву.
- Марсхьокху-беттан 17-чохь Украинан тIеман министраллин талламхойн урхалло дIахьедира, Нохчийчохь вовшахтухучу керлачу йеа батальонашкахь ницкъахоша лечкъийна бигина нах бу аьлла. Киевн хаамашца, доккхачу декъанна бу уьш нохчийн ярташкара бахархой – царна кхерамаш туьйсу бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даха йа къизаллаш лелор ю олий. Украинхойн таллархоша мах хадабо цуьнан, Оьрсийчохь тIом бан луурш кIезиг хиларца. Оцу чIагIдарех лаьцна комментариш ца ло йа Москвахь а, йа Соьлжа-ГIалахь а.
- Товбеца-баттахь украинхойн агIоно дIахьедира, Нохчийчохь вовшахдиттина тIеман дакъош Херсонан кIошта дехьадахарх, дезертиралла лелочу салташца къийсам латторехь пайдаоьцур бу царах аьлла.