ТIеман винташ а, винтикаш а: Евробертан керлачу санкцешна йукъахь йу Къилбаседа Кавказ а, Оьрсийчоьнан къилба а

Гумьсера Оьрсийчоьнан спецназан университетехь

Кадыров Ахьмадан цIарах йолу фонд Нохчийчоьнан куьйгалхочун ненаца цхьаьна, ишта Соьлжа-ГIалара конструкторийн бюро а, Ростов-на-Дону гIалара Iилманан-талламан институт а, Дагестанера электромеханикан завод а, кхин а цхьа могIа компанеш а нисйелла Евробертан санкцийн 14-чу пакета йукъахь. Оцу наха а, компанеша а муха гIо латтош ду Оьрсийчоьнан Украинана шуьйрачу тIамаца чуIортарна, Кавказ.Реалиин редакцино теллира.

"ГIоьналлин" фонд тIамана лерина

Кадыров Ахьмадан цIарах фондана а, латархойн, футболан шина а клубана - дуьххьара америкахойн санкцеш туьйхира 2020-чу шарахь. Цунах кхетийра, организацино Кадыров Рамзанна пайда бахьарца, ткъа цуьнан хьокъехь дозанаш тоьхнера 2017-чу шеран гIуран-баттахь "Магнитскийн актехулу". ХIетахь Кадыров бехкевира оппозицин политик Немцов Борис верна гунахь ву аьлла.

Диъ шо даьллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалхочун нанас куьйгалла дечу фондан шуьйра "гӀуллакхехь леларан тептар" ду: Евроберто блок туьйхира цунна Украинехь тIемаш бечу йолахошна ахчанаш латторна а, тIамана аьлла техника а, кхинболу гIирс эцарна а, бертаза пачхьалкхера схьадалийначу украинхойн берийн, кхиазхойн кхетам хуьйцуш программаш дIайахьарна а. ТIаьххьара фондана оцу тIегIанехь бехкбиллар дуьххьара хезаш ду.

Кадыров Рамзан а, цуьнан нана Кадырова Аймани а

Кадыровн фондера тIамана Iаламат дукха ахчанаш дохкарх масийттаза дийцира ша Нохчийчоьнан урхалхочо а, цуьнан гонерчу наха а. Зазадокху-баттахь, цу хенахь регионера парламентан спикер хиллачу Даудов Мохьмада дIахьедира, Украинана тIелетчхьана республико хIинцале а тIамана дайъинарг ду 31,2 миллиард сом аьлла. Ала догIу, 2023-чу шарахь фондо йинчу чоьтехь билгалдаьккхина ду, организацин оццул ахча цкъа а хилла дац аьлла: чот йинчу муьрехь цуьнан го баккхар ду 3,7 миллиард сом гергга.

Украинана тIелеттачу хьалхарчу шарахь Нохчийчоь лидер йара тIаме бахийтинчу лаамхошна цхьана ханна луш долчу ахчанан барамца. Контрактана куьйг йаздинчунна кара луш дара 300 эзар сом, ткъа луларчу Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а кхачадора кхузза лахарчу барамехь. Цо йира республикех йоллу Оьрсийчуьра лаамхой кечбен центр. 2024-чу шарахь Оьрсийчоьнан спецназан университете (РУС) веанчу Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовса Медведев Дмитрийс билгалдаьккхира, Нохчийчоьно кхин а дуккха а Къилбаседа Кавказера контрактхой бара тIеийзон безаш аьлла. Ткъа шена РУС-на оцу йукъанна Кадыров Ахьмадан фондера ахча ду латтош.

Кадыров Рамзан элира цунах лаьцна "дуккха а шерашкахь тIеман къемат лайча реабилитаци йан таро хилар"

2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан коьрта центр хилира Нохчийчоьнах "тIеман-патриотикан" берийн каппаш дIайахьа. ХIетахь лахьан-баттахь Шела кIошта валийра Оьрсийчоьнан регионашкара а, оккупаци йинчу "ДНР-н" а, "ЛНР-н" а дозанаш тIера мел лахара а 150 кхиазхо, "хала амал" йолчу берийн тептарехь хилера уьш. "Кавказан ницкъ" тиллира оцу проектан цIе, и кхоьллинера Кадыров Рамзана а, берийн омбудсмено Львова-Белова Марияс а.

Карарчу шеран йуьххьехь Оьрсийчоьнан парламентера дуьненан къаьмнийн гIуллакхашкахула йочу комитетан декъашхочо Кузнецов Дмитрийс хьийхира идей кхион йеза аьлла, цо бохура республикехь берийн "Ахмат" академи кхолла йеза. Цунна дагадарца, бертаза Украинера схьадалийна 11 шарера 15 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш Iамор долуш дара нохчийн спецназан эскархоша. Оцу Iалашонна реза хилира "Ахматан" командир Алаудинов Апти а, йаздархо Прилепин Захар а, амма критикех Iиттабелира уьш националистийн агIор, эххара дицделира цунах лаьцна.

"Йуьхьанца дуьйна а Кадыров Рамзанан идей йара за, суна хетарехь. Цунна моьттинера, и чIогIа дика хIума а ду, Москвана иза товр а ду. Цундела и дохьуш веара иза. Москвана гергахь хьасталуш", - кхетийра Прагера Карловн университетан политологин профессоро Аслан Эмиля.

Украинхойн бераш схьадалорна 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Дуьненайукъара бехкзуламан гIуллакх толлучу кхело ордер йелира Путин Владимир а, берийн омбудсмен Львова-Белова Мария а лаца. Асланна хетарехь, кхиазхойн кхетам хийца гIортарна Кадыровн фонд санкцийн тептаре йазйаро Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров лаца а йала тарло ордер. Делахь а, цо бахарехь, Кадыровна иза бен-башха хир дац, хIунда аьлча, цул а даккхий бехкаш цунна тIехь хиларна.

Санкцеш дуьхьал йаьхначул тIаьхьа ша Кадыров Рамзана элира украинхойн бераш йуха кхетош-кхиоран балхах лаьцна "дуккха а шерашкахь тIеман эрчо гинчу оцу берашна реабилитаци йар" ду и.

Соьлжа-ГIалара куьйга динарг

Соьлжа-ГIалара "Талламхо" конструкторийн бюрох хууш хIуммаъ а дац: организацин юридикан адрес дац, дуьххьара компаних лаьцна хьахийна пачхьакхан ТАСС агенталло дечкен-беттан йуккъехь.

"БухIа"

"Талламхочо" проект хIоттийна, вовшахтесна боху Оьрсийчоьнан артиллерин талламан "Пенициллин" комплексан "бюджетан аналог". Цунна цIе тиллира "БухIа" аьлла, хаамбора оццу публикацихь.

"БухIанан" комплексаш гулйо "туьканашкахь эца таро йолчу гIирсех", дуьйцура уьш кечъйечара. Теорихь оцу гIирсо акустикан тулгIенаш кечйо тохаршна дуьхьал, информаци ло мостагIчун герзаш долчу меттигах лаьцна – оцу йукъанна 100 эзар соьмах вовшахтесначу аппаратана, и коьллинчара дийцарехь, дуьхьалбохийла дац радиоэлектронан къийсам латтон гIирсаш.

Оьрсийчоьнан маркетплейсийн интернет-каталогаш тIехь "БухIанан" цхьана экземпляран мах бу цхьацца оьцучу хенахь 168 эзар сом – цхьана а ресурса тIехь билаглдаьккхина дац продукци хьан арахецна, ткъа ша и гIирс бу кIелхIотторгана тIехь йолу микрофон санна.

Куьйга бина гIирс зийна Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназан университетехь, ткъа 2023-чу шеран зазадокху-баттахь иза лелон баьккхира Укрианерчу тIамехь а. "Талламхон" векалша дуьххьалдIа элира, проекташ "Кадыровн Рамзанан командо" гIоьналла латтош йу аьлла – оцу йукъанна цо ша цхьа а хIума дийцина дац йа бюрох лаьцна а, йа цо йечу системех лаьцна а.

Зазадокху-бутт бовш конструкторийн бюрохь дIахьедира, гIовгIанца дронаш лоцур йолу "Малик" детектор йина шаьш аьлла. Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь хьалхара экземпляраш Гуьмсера полигонехь тест йинчул тIаьхьа Украине тIаме хьажийра. Оцу тайпачу системех лаьцна интернет-каталогашкахь хьахийна дац.

"Талламхон" балхах лаьцна хIара хаамаш эххар а кхин хийцам боцуш Евроберто тоьхначу санкцех кхеточу документашка бехира. Билгалдоккху, бюро Iемаш йу шалха пайдаоьцучу IT-программаш тIехь аьлла, цуьнан болх а "Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан командин эгидехь" бу аьлла. Юридикехь цхьаннан цIе йаьккхина йац Европан Кхеташонан сацамехь оцу йуцкъанна – документашца ишта цIе йолу бюро йан а йац.

Къайлабаьхьначу долахошца Советан НИИ

Ростов-на-Дону гIалара Йерриг Оьрсийчоьнан талламан "Градиент" а нисйелла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн йохка-эцаран министраллин санкцешна бухахь 2022-чу шеран мангал-баттахь. "Къомана кхерам латточийн" тептаре йазйина фирма, цунна а диттина экспортан дозанаш. Ши шо даьллачул тIаьхьа Евробертан санкцеш йехира институтана дуьхьал а.

1974-чу шарахь радиоиндустрин Министраллин омраца кхоьллина йара талламхойн "Градиент" институт шена лаамехь йолу Йерриг Оьрсийчоьнан Iилманан-талламан институт санна, аьлла ду организацин сайтехь йаздина. 2016-чу шарера схьа дуьйна цуьнан долахойх хаамаш къайлабаьхьна бу, делахь а хууш дерг ду, ВНИИ Москван "Радиоэлектронан технологеш Концерна" йукъайогIуш хилар – иза, шена догIучунна, "Ростехан" дакъа ду.

Акционерийн йукъараллин форма йу цара лелориг, оцу йукъанна шайн акционерех лаьцна дуьйцуш дац

Европан санкцийн баххашца а догIуш, кхузахь йина йу дронаш йохош тIамехь лелош йолу радиоэлектронан къийсам латтон "Красуха-4" комплекс а. 2018-чу шарахь "Градиенто" инспекци йинчул тIаьхьа Ростов гIалин администрацин куьйгалхочо Кушнарев Валерийс дIахьедира, институт "радиоэлеткронан къийсам латтон гIирсаш кхуллу уггар а толлачех" йу аьлла. Схьагарехь, Украинерчу тIамехь "Красуха-4" лелийна тIелеттачу заманара схьа дуьйна – уггар а хьалхара трофейн экземпляр схьайаьккхира ВСУ-но 2022-чу шеран зазадокху-баттахь.

Ростов-на-Дону гIалахь "Градиент" лоруш йу, ишта "Ростехна" йукъайогIучу Брянскан электромеханикан заводан урхалла ден компани. 2021-чу шеран чиллан-баттахь компанино шайх лаьцна ролик йар тIедиллинера: цу тIехь къаьсташ ду цигахь вовшахтосуш хилар проект йина "Красухаш" тIеман министраллина лерина. 2022-чу шеран дечкен баттахь "Градиентаца" цхьаьна БЭМЗ а нисйеллера америкахойн санкцешна бухахь. Евробертан санкцеша лаьцна йу ша завод 2023-чу шеран дечкен-баттера схьа дуьйна.

Дагестанера доьзалан гособоронзаказ

Кизляран электромеханикан завод 2022-чу шеран мангал-баттера схьа дуьйна йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш тоьхна. Цунна бехкедиллинера "Оьрсйчоьнан Федерацино дозанал арахьа зенаш дарна" гIо латтор. 2023-чу шарахь "Ростех" йукъайогIу концер а нисйелира Швейцарин санкцешна бухахь Оьрсийчоь Украине гIортарна. Евробертан 14-чу пакетехь йу шен коьрта директорца Ахматов ИбрахIимца цхьаьна завод а.

Европан тIегIанехь керла дозанаш тоха хиллачу бахьанехь билгалдоккху, оцу заводо лаьттахула лелон системаш а, авицин техникана диагностикаш а йеш йу, доккхачу декъана Украинерчу тIамехь лелочу Су-25 кеманашна. 2013-чу шеран гезгамашин-баттахь Ахматовс дийцира, цигахь "Дозор" диагностикан система арахоьцуш хиларх. Су-25 кеманашна тIехIиттош хилла ца Iаш, Су-3, Миг-29 кеманашна а оьшурш йу. Цо бахарехь, "Къилбаседа Кавказан хьелашкахь" дIадаьхьна ду "Дозор" системина тесташ йар, ткъа оьрсийн-нохчийн шолгIа тIеман йуьххьехь официалехь тIеийцира иза Оьрсийчоьнан арми.

Стохка стигалкъекъа-баттахь Кизлярера заводе вахара Дагестанан куьйгалхочуьнца Меликов Сергейца цхьаьна СКФО-хь президентан векал волу Чайка Юрий. Кизлярехь хIотинйачу кхеташонехь хIетахь цо билгалдаьккхира, тIеман-индустрин секторна проблема хилла гIирсан мах тIекхетарх а, уьш кIезиг кхачош хиларх а. Цигахь йаьккхинчу видео тIехь гуш ду, америкахойн Haas компанино беш болу гIирсаш лелош хилар заводо.

Чайка цига кхачале жимма хьалха гучуделира цхьа могIа оцу тайпа чархаш Китайра "Ростехан" кхечу заводе къайлах схьакхачийна хиларх – Новосибирскера заводана – "Абамет" компанигахула. Кху шеран чиллан-беттан 23-чохь оцу компанина а тоьхна Американ финансийн министралло санкцеш.

Оцу йоллу компанеша лелош йу акционерийн йукъараллин форма, делахь а шайн акционерех хаамаш ца буьйцу цара

Ахматов ИбрахIим ву Кизлярера электромеханикан заводан директор 2009-чу шеран гIуран-баттера схьа дуьйна. Луларчу Нохчийчуьра ТIехьа-Мартанахь вина Ахматов 2016-чу шарера схьа дуьйна ву мехкан парламентехь. Дагестанехь топ-менеджер хилла ца Iаш, воккха бизнесхо а ву: компанино 2023-чу шарахь йинчу чоьтаца, цуьнан долахь йу 18 процент КЭМЗ.

Оьрсийчоьнан "Ростехнологии" холдинг Евробертан а, Американ а санкцеш тоьхна йу 2014-чу шарера схьа дуьйна, ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа. ХIетте а цуьнца йоьзна дуккха а компанеш хIинцца бен йац санкцеша лоцуш. Оьрсийчоьнан Iедалхоша пайдаоьцучу юридикан "лазейкаш" бахьана долуш ду и, кхетадо Transparency International организаицн куьйгалхочо Шуманов Ильяс. Европан а, Американ а лелаш "50+1" цхьа бакъо йу: и бохург ду, санкешна бухахь нисйеллачу компанин мел кIезиг а 51% вукхуьунан акцеш йелахь, тIаьххьарниг ша-шаха дозанашна бухахь нислуш хилар.

"Оцу йоллу компанеша лелош йу акционерийн йукъараллин форма, делахь а шайн акционерех хаамаш ца буьйцу цара. Нагахь санна, Кизляран электромеханикан заводан 50 процент, эра ду вай, АхматовгIеран йелахь, кхин а 50 хилийтахьа "Ростехан", тIаккха формалехь Евробертан санкцешна буха ца кхочу ишта компани", - дийцира Шумановс.

"Ростехан" орбитехь йолчу фирманаша хаамаш ца бо акционеран капитал хийцайаларх, дийцира кхин дIа эксперто. Оцу тIера европахойн регуляторша санкцеш туху, 2022-гIа шо кхаччалц схьа "Ростехца" йоьзна хиллачу структурашна. "Даим а акционерашна мониторинг йеш ца Iен, европахоша а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а санкцеш туху юридикан стагана, ишта и хаттар дIакъовлу цара", - дерзийра Шумановс.

  • Кадыров Ахьмадан цIарах фонд КадыровгIеран "долара бохча" ду элира масийттаза, цу фонде бертаза ахчанаш дохкуьйту бюджетан белхахошка. Фондан активаш 2023-чу шарахь 5,3 миллиард сом йара – иза масийттаза кIезиг ду, Нохчийчоьнан Iедалхоша Украинерчу тIамана шаьш доьхкина бохуш дIахьедечул а.
  • 2022-чу шарахь дийца даьккхира, Кадыровн контроле эцарх Мариуполера металлургин Ильичан цIарах йолу комбинат а - Украинан Донецкан кIоштахь уггар а йаккхийчех индусри йара и.
  • Йеарин дийнахь шина партин низаман проект кховдийна сенаторша Линдси Грэма а, Блюменталь Ричарда а Оьрсийчоь терроримзан спонсор-пачхьалкх лара аьлла. Оьрсийчоьнан Федераци терроризман спонсор-пачхьалкх ларарх низаман проект шозлагIа пайда хир бу, Оьрсийчоьнца йукъарлонаш лелочу пачхьалкхашна санкцеш тухуш, Оьрсийчу экспорт йан магийна доцу товараш шордеш а.