ЦарнаевгIара Бостонехь дина зулам дагадоуьйту "Патриотан де" кинохь

"Патриотан де", скриншот.

Ткъа кху деношкахь ерриг а Iамеркехь гайта йолийна «Patriots Day» «Патриотан де» цIе йолу кино. Цхьанатоьхначу Штаташкахь вевзаш волчу режиссеро Берг Питера яьккхина иза 2013-чу шарахь Бостонехь Марафон дIахьош вежарша Царнаев Тамерлана а, ДжовхIара эккхийтар дар бухе а диллина язйинчу сценарица.

Your browser doesn’t support HTML5

ЦарнаевгIара Бостонехь дина зулам дагадоуьйту "Патриотан де" кинохь

Цкъа дуьххьара кколехь, цул тIаьхьа университетехь нохчий истори Iамош ойла йора ас, делахь, мел чIогIа кино яккхалур яра, вайн дайшца хилларш бухе а дехкина бохуш.

Цул тIаьхьа дуккха а хан яьлла. И кинош, ма дарра аьлча, хIинца а йоцуш ю. Цуьнан шен бахьанаш а ду. Амма тIаьхьарчу хенахь, дукха ца хьехадахь а, наггахь нохчий хьахош а, гойтуш а меттигаш нисло Iамеркахоша яьхкначу филмашкахь.

Бакъдерг дийцича, кхеташ ма хиллара, цу киношкахь гойтурш бац я Iилманан говзанчаш а, я похIма долу нах а, я къонахий а. Гойтурш хуьлу коьртачу декъана ахчанца бозбунчаллаш лелон, нах закъалтана лоьцу я кхин болу криминалан тобанашца боьзна нохчий.

Царах ю, масала, «The Drop» (Юкъара шайкай) цIе йолу кино. Кхузахь нохчех гойтург ву Iамеркехь веха криманалан тобан декъашхо.

"Юкъара шайкай" филман скриншот

«Proof of Life» (Дахаран тоьшалла) кино а ю дика евзаш, уггаре а хьалха цигахь коьрта рол ловзош вевзаш волу актер Кроу Рассел хилар бахьана долуш. Цуьнан турпалхо доьналла долуш хилар хоуьйтуш иза гойту Нохчийчохь закъалтхо кIелхаьара ваккха вахана. Цу кинохь санна Нохчийчохь тIематасадалар оццул тера даьккхина хир дац аьлла хетало.

Ткъа кху деношкахь ерриг а Iамеркехь гайта йолийна «Patriots Day» (Патриотан де)цIе йолу кино. Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь вевзаш волчу режиссеро Берг Питера яьккхина иза, 2013-чу шарахь Бостонехь марафон дIахьош вежарша ЦарнаевгIара Тамерлана а, ЖовхIара а ши эккхийтар дар бухе а диллина язйинчу сценарица.

Вашингтонехь Iаш Садаев Алихан хилира цу кинон премьерехь дIадаханчу ПIераскан дийнахь. ЦарнаевгIара дина зулам бухе а диллина яьккхина хилча, нохашна луьш яьккхина хир ю иза аьлла ойла кхоллало вайн махкахой. Муха гойту цу кинохь нохчий аьлла шега хаьттича, Садаев Алихана нохчийн цкъа бен цIе а ца йоккху цу чохь элира.

Садаев Алихан: "Цигахь цкъа нохчийн цIе яьккхира, "чеченцы" аьлла. Кхин цхьа хIума а дара. Оьрсийн маттахь гочйеш йеш а йолуш хьожуш вара со. Масала, кху Iамеркехь "Кавказ" боху кхетам баш баьржина бац. Гочдархочо "Кавказера адамаш" элира. Кино йоьдуш Тамерланан а, ЖовхIаран а цIераш а ехира. Цхьа а хIума нохчашна дуьхьал дацара цу кинохь".

Царнаев Тамерланан рол ловзош ву гуьржийн къомах волу актер Меликадзе Темо, ткъа Царнаев ЖовхIаран рол елла Вулф Алексана. Нохчийн лелар долуш, вайн нахах тера вуй и шиъ аьлла, шега хаьттича Садаев Алихана элира цнохчийн хатI дацара церан аьлла.

Iамеркахоша кино дика йоккхуш хилар хууш ду. Ахь муха мах хадор бара «Патриотан де» филман аьлла хаьттира ас Садаев Алихане. Дикачу киношца юьстича 3+ хIоттор дара ша элира цо.

«Патриотан де» кино безамах лаьцна а, Iамеркахошна даймохк безарх лаьцна а, кхерамазалла ларйон белхахоша дика бечу балхах а лаьцна ю. Цу агIор дахарехь доцург ца гайтина аьлла хета шена цу филмехь бохуш вара Садаев Алихан.

Нохчех лаьцна, нохчийн синкхетам, нохчийн бакъдолу дахар гойтуш кино иштта дикаллица яьккхича чIогIа бакъхьа хир дара аьлла ойла кхоллаелира шен бохуш вара иза.

Гайта йолийначу цхьана дийнахь 4 миллион 300 эзар доллар гулдина «Патриотан де» филмо. Таханлерчу денна и терахь ду 16 миллион доллар гергга. Ткъа ша кино йоккхуш дайина 45 миллион доллар.

Вежарех ЦарнаевгIерах аьлча, царшиннах воккхах волу Тамерлан вийра полицин белхахошца герзаш тохарехь. Ткъа Царнаев ЖовхIар лецира шолагIчу дийнахь Бостонан йистехь.

Царнаев Тамерлан

2015-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 15-чу дийнахь Iамеркан федералан суьдо вен кхел кхайкхийра Царнаев ЖовхIарна.

Царнаев ЖовхIар

Амма иза карарчу хенахь а дийна ву. И зулам хиллачу Массачусетс штатехь «Бостон Глоуб» газето бинчу талламца 19 процент бахархой бен бац Царнаев ЖовхIарна вен кхел кхочуш ян еза аьлла хеташ. Бостонехь и терахь дац 15 процент бен.