Зазадокху-беттан 22-чохь Подмосковьера концерташ дIахьочу "Крокус Сити Холл" хIусамана дина тIелатар уггар а доккхачух хили Оьрсийчохь 2004-чу шарахь Бесланера школа дIалаьцначул тIаьхьа. Цигахь беллачийн терахь 137 стаге даьлла, 180 гергга ву цигахь зенаш хилларг. Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIакхайкхийна шеконаш йолуш 11 стаг лаьцна аьлла, уьш Украинехь къайлабовла дагахь хиллера боху, оцу тIехула хеттарш диссира экспертийн.
Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориалан" Центран кхеташонан декъахочо Черкасов Александра дийцира, теракташ йечийн лелар тIаьххьарчу итт шерашкахь муха хийцаделла а, оцу ирчачу хиламех пайда хьанна бу а, Кремлан политикана цара Iаткъам муха бина а, конспирологин версеш нахалахь сил чIогIа гIарайевлла а хIунда йу.
– "Крокус Сити Холлна" дина тIелатар кхул а хьалха Оьрсийчохь хиллачу теракташца дуьстича, йуй царна йукъахь дикка къаьсташ башхаллаш?
– Муьлш бара террорхой, стенгахь лийцира закъалтхой, хIун тIедожийнера Iедалхошна къаьсташ хиллачу терактех къастон беза зазадокху-беттан 22-чу дийнера хиламаш. Вай йуьйцурш йу 1990-чу а, 2000-чу шеран йуьххьехь а хилла йаккхий теракташ: Буденновскера дарбан цIа дIалацар, Кизлярана дина тIелатар, Дубровкера театран хIусам, Бесланера номер 1 йолу школа. Оцу охьайагарйинчу меттигашкахь Iедалхой, дайн аьлча, ца гIоьртира террорхойн политикан тIедахкарш йукъараллина хаийта а, дийцаредайта а, коьртаниг дара царех – Нохчийчуьра эскарш арадахар.
Кхин цхьа башхалла а йара – масех дийнахь-буса а лаьттира лакхахь дийцина теракташ. КIиранах гергга Басаевс закъалтехь латтийра нах Буденновскехь, Бесланера школехь – гIадужу-беттан 1-чу дийнера гезгамашин-беттан 3-чу дийне кхаччалц, Дубровкера центр латтийра цара шайн карахь – кхаа дийнахь-бусий.
1996-чу шеран дечкен-баттахь хиллачу Кизлярера терактаца доьзна дийцарш катоьхна дирзира, амма цул тIаьхьа масех дийнахь бахбелира Первомайское эвлара тIом, гIаттамхоша цига дIабигинера закъалтхой, цигахула йуха Нохчийчу шаьш дIабахара. И хиламаш бахбаларна хаамийн гIирсашкахь а, йукъараллехь а ца дуьйцийла йацара.
Буденновскехь хилларг кхузаманан Оьрсийчоьнан исторехь уникале масал хилира, дукхахболу закъалтхой дIасахийца аьтто белира шайн лаамехь кхин нах церан кара а боьлхуш. Кхузахь пачхьалкхан куьйгалло могIарерчу нехан интересаш политикан амбицел а лакхайехира. Оцу кепара сценарийх, закъалтхой кIелхьарбахар коьрта Iалашо йолу, Iедалхоша кхин дIа ца лелийра. Цул тIаьхьа Кремло хIуъа дина а террорхой хIаллакбен тактика хаьржира.
– Хийцалой террорхойн тактика?
– Беслан дIайаьллачул тIаьхьа тIемалойн командиро Басаев Шемала сацийра оцу кепара акцеш вовшахтохар. Шен йоккха тобан кхерамна кIел хIоттайойла дацара, Iедал уьш хIаллакбан кийча хилча, царна йукъахь закъалтхой белахь а, бераш а цхьана доллушехь. И дара Басаевс, масала, оьрсийн "Свобода Радион" журналисте Бабицкий Андрейга интервьюхь аьлларг а.
Иштта кхайкхоза тIом хуьлу Оьрсийчохь терактех, пачхьалкхан политикан куьйгаллийца диалог йоцуш, кхерон гIирс. 2005-чу шеран гурахь Нальчикехь къепедацаршкахь а цхьана а кепара тIедахкарш ца дира, ГIеебарта-Балкхаройчуьра ницкъахоша лелочу репрессешна делла жоп а, диллина терроре бовлар а дара и, тIедахкарш а, йа дийцарш дар а ца хьехош. И дара "Неван экспресс" йохош а, 2009-2010-чу шерашкахь Москвара метрон социйлашкахь динчу лелхийтаршкахь а.
ДIадахначу иттаннашкахь шерашкахь субъекташ а хийцайелла - Нохчийн Ичкерия республика дIайаьккхина, иза хийцира цхьана а тайпа къаьсташ политика йоцчу Оьрсийчоьнан шортера "Кавказан Имарата". Кхин а кIезиг Оьрсийчоьнна тIедахкарш хила тарло "Исламан пачхьалкхан", "Крокус Сити Холлера" хиламаш бирзича жоьпалла царна тIедилла а гIиртира.
КХИН А ХЬАЖА: "Терроризмаца къийсам латтор харцахьадаккхар": "Крокус Сити Холлехь" дина тIелатар а, Къилбаседа Кавказера даIиш а– Зазадокху-беттан 22-чохь дина тIелатар тIаьххьарчу шерашкахь хиллачу муьлхачу терактаца дустур дара ахь?
– Ас ма-аллара, "Крокус Ситихь" хилла теракт къаьсташ ду, цигахь закъалтхой ца лецарца а, цхьана а тайпа тIедахкарш цахиларца а, йа политикан а, йа вуьшта а. Цкъачунна цхьана а организацино цунах жоьпалла щена тIеэцна дац,
Концертан гIишло чохь нах байар мел а тера ду 2015-чу шарахь Парижера "Батаклан" театрехь хиллачу терактах, цхьа а тIедахкарш доцуш, Iедална шантаж йеш закъалтхой ца лоьцуш дирзира иза а.
– "Крокус Сити Холлера" хиламаш бирзича Оьрсийчоьнан а, оппозицин а векалша йуьйцура конспирологин версеш. Цхьаболчара дIахьедо, Украинан, йа Малбузенан къайлахчу сервисаша байъийтина концертан зал чохь нах, вукхара бехкаш дохку президентана Путин Владимирна а, ФСБ-на а. ТIаьххьарчу версин бахьана ду Буйнакскехь а, Москвахь а, Волгодонскехь а цIенош лелхийтар, шуьйра йуьйцучу цхьана версица, Путинан Iедал чIагIдархьама, Кремло дойтуш дара и лелхийтарш.
– Кхета со, дукхахболчу Оьрсийчоьнан бахархошна цIеххьана дагадогIу "Рязанан шекар", зазадокху-беттан 22-чу дийнара хиламашца къайлахчу сервисийн питана го. Амма хIара хетарг ду, вайн Iедал а, цуьнан кепаш а дика йевза дела.
Билггал, Буйнакскехь а, Москвахь а, Волгодонскехь а лелхийтарш хиллачул тIаьхьа Путинан рейтинг дикка лакхайелира. ХIора кIиранах кхуьуш йара и хIетахь премьер-министр хиллачу цо террорхошца шога къийсам латтон беза аьлча. Оцу йукъанна тоьшалла дина дац Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дакъалаьцна цигахь аьлла, йа чIагIдина дац Басаев Шемала дакъалацар а оцу зуламашкахь. Суна нийса формула хета: вайна ца хьаьа, лелхийтарш хьан дайтина, амма царех пайда хьан эцна, вайна хууш ду.
Иштта вайна хууш дац, тахана муххале а, хьан дайтина "Крокус Ситихь" теракт. ФСБ-но йовзийтина версих со ца теша, хIунда аьлча, хIинццал схьа шерашкахь оцу урхалло иттаннашкахь гIуллакхаш дехира ДаIишан "тийначу гаранех" пачхьалкхан хIора субъектехь. Билггал дерг гойту аьлла ца хетара цара, шайна дIадийца хIума хилийта лелош дара. ХIунда аьлча, дуккха шерашкахь тIом боцчу Къилбаседа Кавказехь, кест-кеста "хIаллакбо" тIемалой бу боху нах, дукха заманаш хьалха хиллачу хиламашкахула гIуллакхаш дуьхьал доху. Масала, Псковера десантхой байъарца доьзна. И гIуллакх леррина теллина хиларна олийла ду, шайн артиллерино байъина бу уьш, амма иттаннашкахь нахана хIинцале а таIзар дина, кхин а иттаннашкахь чубохка а тарло.
– ТIаккха хьанна оьшура "Крокус Ситира" хиламаш?
– Ас йуха а боху, хьанна оьшура, хьан дайтина бохург – гуттар а цхьаъ хуьлийла дац. Дукха хьолахь билггал теракташ вовшахтухучарна зенаш хуьлу, ткъа цунах хуьлучу санех пайда кхечо оьцу.
Хала хеташ делахь а, литературин а, философин а урокаша хийцина таблоидашкара схьаэцначу къайлаха бартбаран теорино
1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан гIаланашкахь динчу лелхийтарех пайда хилларш нохчийн сепаратисташ бацара, Путин вара. Тоьшалла дац лелхийтарш вовшахтохарна цуьнан бехк хиларан. Кхин дIа хилла терактех Кремло гайкаш тIекъийла а, бахархойн маршонаш къийла а, терроризмаца къийсам латтабо а бохуш пайдаэцна хилар, "Норд-Остехь" а, Бесланехь а хилларг Путина вовшахтоьхнера бохург дац. Зазадокху-беттан 22-чохь хилларг а, шеко йоцуш, иштта лелийна Iедал кхин тIе а чIагIдеш, бахархойн маршо къовлуш, кхин хIун дина доза тухур дара адамийн бакъонашна эр ду-кх.
– ТIаккха оццул чIогIа гIарайевлла стенна йу теракташ вовшахтухуш къайлах барт бина хилла боху конспирологин теореш?
– Билггал болу хиламаш ца гуш, гонахарчу дуьненахь къайлах барт бина аьлла хетар, - паталоги йу. Оьрсийчоьнан политикехь а, журналистикехь а дуккха а шерашкахь вониг дийцарна йоллу йукъараллина цунах ун даьлла. Цхьа фантастике, амма кхета атта йолу конспирологин версих теша кийча хилар ондда дIаийна хьекъалх.
Чернобылера АСЭ-хь хиллачу эккхийтарца а гора бартбар. 1991-чу шеран марсхьокху-беттан путчах а, 1993-чу шерийн хиламех, тIемех а иштта кхета буьйлира. Хетара, билггал дерг цхьана кхетамца хIоттийна ду моттар дIадала йиш йара школехь Лев Толстой "Война и мир" Iамийча. Буьйралло шена ма-хетта планаш хIиттайахь а, амма колонна дIа ма йолайелли, уьш йуху, дагахь доццург нислой, ахь са ма тийссара чекх ца долу.
Хала хеташ делахь а, литературин а, философин а урокаша хийцина таблоидашкара схьаэцначу къайлаха бартбаран теорино.
– Хьуна хетарехь, хьалхалерачу шерашкхаь динчу тIететарийн хьесапаш диний-те Iедалхоша, "Крокус Сити Холлера" теракт йукъах ца йаьккхинчу ницкъаллин блокехь хийцамаш а бийр бу аьлла хетий хьуна?
– Хала хеташ делахь а, ницкъахоша цкъа а хьесап ца до лерринчу операцешкахь шайгара йевллачу ледарлонийн. Дубровкехь хиллачу бохаман а жамIаш ца дира, цундела шо даьлча Бесланехь изза дира. Ахь боху гIалаташ листарх а, уьш нисдина кхин дIа дерг тергонехь латторах а. Цуьнца Оьрсийчоьнан Iедалан гIуллакх даим а ледара дара, цхьа наггахь бен цхьаммо вектор хуьйцуш йац.
Ницкъаллин блокехь хийцамаш бойла дуй? Цунах а йаккхий шеконаш йу
КIезигчех цхьа масал – 1996-чу шеран марсхьокху-баттахь Нохчийчуьра тIом сацийна Лебедь Александр. Кхузаманан Оьрсийчоьнан историхь уникале хIума ду и. "Норд-Ост" хиллачул тIаьхьа президентан администраци федералийн "контртерроран хIуманаш" тIера конфликтана чеченизаци йан йуьйлира, нохчех вовшахтоьхначу структурашна ницкъбар дIа а луш. Цо эххар а гIуллакх далийра Кадыров Рамзан паччахьалле хIотточу.
Суна ца хаьа, зазадокху-беттан 22-чуьра хиламаша ницкъахойн хьокъехь политика хуьйцур йуй. Путина урхалла дечу хIокху йоллу заманчохь терроризмаца къийсам латтабо а бохуш, йоллу пачхьалкхан структура хийцина йу. Амма терроризмаца къийсам латтон лелош дац и, шен раж карахь сацо, тIеман зуламаш а, адамаллина дуьхьал зуламаш дан а лелош хIума ду. И система хийца йиш йуй-те йуьхьанца дуьйна хила йезачу а, деклараци тIехь йазйинчу а Iалашонашца цуьнга болх байта? Цо йаккхий шеконаш йуьту.
- 1999-чу шеран аьхка, хIетахь Оьрсийчоьнан премьер-министран даржехь хиллачу Путин Владимиран рейтинг 2-3 процент йара, чIагIдо йукъаралина хетарг толлучу Фондан хьалханчас Ослон Александра. "Левада-центран" талламашца а догIуш, цу шеран марсхьокху-баттахь 31 проценте делира и терахь, ткъа 2000-чу шеран йуьххьехь 84%. Оцу кепара цуьнан гоьвалар говзанчаша дузу Нохчийчуьра шолгIачу тIамца. Москвахь ("Охотный ряд", Гурьяновн урам, Каширскан шоссе), Буйнакскехь а, Волгодонскехь а хилла цхьа могIа теракташ хилира цул а хьалха. Оцу лелхийтаршкахь 300 сов стаг вийра, 3300 гергга лазийра.
- ГIарадевлла "мочить в сортире" (хьаштагIчохь хIаллакбе) дешнаш элира Путин Владимира 1999-чу шарахь Астанахь хиллачу пресс-конференцихь, оцу дийнахь омра дира цо федералан эскаршна Нохчийчохь тIом болабе аьлла. Соьлжа-ГIалахь Оьрсийчоьнан кеманаша бомбанаш йеттарх лаьцна дуьйцучу цо элира: "Оха террорхой миччахь а лоьхур бу. Аша суна бехк ма билла, хьаштагIчохь а лоьцур бу – оха хьаштагIчохь бойур бу уьш. Кхин дийца дац, цу тIехь хаттар дIакъевли кхин йуха а ца дуьйцуш". "Мочить в сортире" дешнаш Оьрсийчоьнан бахархошлахь тIеийцира, цо айдира Путинан гIаравалар элира социолого Руткевич Михаила, йукъараллина хетарг толлуш 2000-чу шарахь бинчу хаттамна тIетевжина.
- ГIадужу-баттахь Кадыров Рамзана дIахьедира Путин Владимирна Нохчийчоьнан уггар лакхара совгIат даларх – шен ден Кадыров Ахьмадан цIарах орден. "Регион меттахIоттайарна" аьлла билгалдоккхуш делла президентана совгIат. Политологашна хетарехь, къаьсттина 1999-чу шарахь Нохчийчохь дIакхайкхийначу шолгIачу тIамо вира Путинах президент. Иза веачхьана эзарнаш нохчий лечкъийна, байина, дуьххьара долийна меттигерчу харжамашкахь фальсификацеш лелор, ткъа Соьлжа-ГIала дуьненан ШолгIачу тIамера схьа лерича, уггар а хIаллакйина гIала лерира.