ЦIера гIелонах йеддачу йоIана кхерам бац аьлла Нохчийчоьнан омбудсмено. Тоьшаллаш цо ца далийна

Сулейманова Седа. "СК SOS" кризисан тобанан сурт

Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура дIахьедина, махкара йахархо Сулейманова Седа "кхерамзаллехь" йу, цуьнан "цхьана а хIуманах кхоьрийла а дац" аьлла. Шен дешнаш тIечIагIдеш цхьана а кепара тоьшаллаш ца далийра цо. Хьалхо, "сий лардеш" ша гергарчара йерна кхоьруш цIера йедда хилла Сулейманова Санкт-Петербургехь лачкъийра нохчийн полисхоша.

Сулеймановаца ша цхьанакхетарх Солтаевс дIахаийтина шен телеграм-каналехь. Цо чIагIдо, шен цуьнца а, цуьнан гергарчу нахаца а къамел хилла бохуш. Солтаевс бахарехь, йоI "дика йара, цуьнан бакъонаш ца хьешна, иза хьийзош стаг а вац".

Шен публикацица цхьаьна Солтаевс сурт хIоттийна Сулеймановаца цхьаьна даьккхина. ЙоIана кхерамаш цахиларх цхьана а кепара тоьшаллаш ца далийра хьаькамо. Иштта цо ца хьахийна, къола дина аьлла, бахьана а хIоттийна, йоI Нохчийчу дIайигинчу гIуллакхах лаьцна а. Лачкъийначул тIаьхьа йоьIан таро ца хилла шегарчу хьолах лаьцна дийца.

  • Марсхьокху-беттан 23-чохь Сулейманова а, цуьнца хилла Кудрявцев Станислав а дIадигира Петербургера петарера веа стага, царех шиммо шаьш полицин белхахой ду элира биссинарш могIарерчу нехан духарца бара, дийцина Кудрявцевс бакъонашларйархошка. ЙоI а, Кудрявцев а гIалин 54-чу полицин декъе далийнера. Жимстаг дIавахийтина, ткъа Сулейманова сацийна 150 эзар соьмана цо хIуманаш лечкъийна аьлла. ЙоIехь хIуммаъ а карийна йац, официалан версица, хьенан хилла уьш а – хууш дац. Бакъоларйархошна хетарехь, къола дарх гIуллакх шайггара кхоьллина ду – Нохчийчохь нах лечкъош гуттар а хIоттош бахьана ду и.
  • Марсхьокху-беттан 25-чохь Сулейманове хеттарш дира адвокат цхьаьна а воцуш теше санна, ткъа иза Санкт-Петербургехь лоцучу заманчохь къола дина цо аьлла, шеконаш йу баьхнера. Иштта бертаза куьгйаздайтина цуьнга, адвокаташ оьшуш бац аьлла. Оцу документана адвокат уллохь волуш куьгйаздеш ду. Хеттарш динчул тIаьхьа полицин декъера арабовлучу хенахь гергарчаьрга дIайелира иза – девешига а, дейишига а, цуьнца цхьаьнакхета аьтто ца хилла адвокатийн.
  • Кху шеран чиллин-баттахь Сулейманова лачкъон гIоьртинера цуьнан вежарий, цул тIаьхьа болх а, ша йеха адрес а хийцинера цо, дуьйцу "СК SOS" тобано. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь бакъоларйархошка орца дехнера цо, ша кхачам боллуш динехь цахиларана, гергарчара "сий лардеш" йерна кхоьруш. ТIаккха Нохчийчуьра йеддера йоI.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиин сайто дийцира, гIело латторах бевддачаьрга йуха Нохчийчу дIабигча камерана хьалха а хIиттош, шайн проблемаш йац бахийтарх. Бакъоларйархоша хIиттийна суьрташ ду боху и сюжеташ: лечкъийна бигина нах, шайна тIехь ницкъбинчийн йуха каракхаьчча, царна дуьхьал ца бовлу.
  • Солтаев Мансур Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Украинан а санкцеша лаьцна ву.
  • Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара. Бакъоларйархойн хаамашца, дукха хьолахь дойу марехь доцу зудабераш, йа марера цIабаьхкина кегий зударий, цхьа наггахь нисло цаьрца марехь берш а. Дайша, вежарша, хIусамдайша, девежарша бойу уьш.