Туркойчуьрчу Уьстмалахь кхаарий буса вийна бизнесхо, Ичкерин векал ларалуш хилла меттигера вахархо нохчо Онлу Медет. Полицин хьостанаша хаам бо, и вийнарг ши стаг ву, царех цхьаъ уьш тΙехь баьхкина машен лелош хилла, шолгΙачо, Онлуна герга а веъна, тата ца хеза тапча йиттина, бохуш. И хеннахь цΙа ца веъча, гергарчарна орца кхйкхийна хилла боху цхьаболчу хаамийн гΙирсаша.
Хиллачу бохамах лаьцна иштта дийцира телефонехула Онлу Медетан доттагΙ волчу ХΙонкарарчу ЧΙанга Джамила.
ЧΙанга: " Шен ламаз дан кечлуш хилла Медет. Баьхкинчара ара а вехна тапча йиттина вийна. Дала цунна гечдойла. Сан доттагI ма вара иза. ЧIогIа дика стаг а вара. Полици лохуш ю и вийнарш. Хетарехь, цунна карор а бу. Гергарчарна а, массарна а хета, телевизионаша а боху, иза Кадыровн ницкъаша вийна хила тарло".
Уьстмаларчу Маршо Радион корреспондента Исаев Сосламбека а довзийтира шена хаа аьтто баьлларг.
Исаев: "Вийна шимма, цхьаъ машен лелош хилла, шолгIаниг и вен неIаре вахана. Ламаз дан кечлуш вийна тапча йиттина. Массара а дуьйцург ду иза Оьрсийчуьрчу ницкъаша вийна бохург. Массо а нохчийн гIуллакхе хьожуш ма вара иза. Дукха нохчий хIаллакбина кху тIаьххьарчу хенахь.Деношкахь лазийна цхьаъ ву хIинца а дарбан цIийнехь".
Талламаш мухха а берзахь а, сапаргΙат бац Туркойчуьра вайнах. Ιедалша цхьа дуьхьало ца яхь, вуно маьрша ду зуламхошна цигара нохчий хΙаллакбан.