Туркойчоьно Евро Бартана критик йина дипломатан девнехь Голландин агIо лацарна. Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министералло шинарин дийнахь динчу дIахьедарца, Евро Бертан Туркойчоьнах йолу позици “кхане чоьте ца оьцуш а, цхьа а мехала йоцуш а ю”. Евро Барто Туркойчоьне тIех сов кIоршаме дIахьедарш ма де аьлла динчу дIааларо “тидаме ца оьцу Голландино дипломатан конвенцеш а, низам а талхор”, аьлла дIахьедина Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министералло.
Голландина а, Туркойчоьнна а юкъахь дов иккхира масех де хьалха Голландино 2 Туркойчоьнан министер шен пачхьалкха чу ца витча. Уьш бара Оханан-беттан 16-чу дийнахь Туркойчоьнан президентан ЭрдогIан Тайипан бакъонаш шоръян референдумехь меттигерчу туркошка дакъалаца ала кампани дIаяхьа лерина.
Оршотан дийнахь Туркойчоьно политикан санкцеш юкъаехира Голландина дуьхьал, шина пачхьалкхан дIахьош хилла политикан дийцаредарш а совцийра.