"ТIоьрмигашца а, берашца а шина дийнахь некъ". Европехь беха нохчаша муха гIо до Украинерчу мухIажаршна

Украинера мухIажарш

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграмерчу каналехь Украинерчу тIамех лаьцна хIора денна видеош арахоьцу. Оьрсийн эскарийн агIонехьа тIеман тийсадаларшкахь дакъалаца шайн лаамехь бахначех ю царах шортта видеош. Оцу эскархойх цхьаберш, Кадыров Рамзана бахарехь, 1990-чу шерашкахь Ичкерин агIонехьа тIом бина бу. Амма тIе ца эцначу республикан кхин а дуккха а агIончаш бу хIинца украинхойн эскаран агIо лаьцна тIом беш. Царах тIом ца беш хиллачийн Украина дIатаса дезна Чиллан-беттан 24-чул тIаьхьа – миллионаш мухIажаршца цхьаьна. Кавказ.Реалиин корреспондента къамел дина Австрин коьртачу гIала Вене кхаьчначу мухIажаршца.

Венерчу аьчкан некъан вокзалехь гIоьналлин "Каритас" организацин масех тIеэцаран меттиг ю. ЦIен духар доьхначу наха тIелоцу цIерпошташкахь схьакхочу Украинера мухIажарш. Кхузахь мехаза бовха кхача, хи, сим-карташ, берийн ловзоргаш, памерсаш, берийн кхача, вижа меттиг бу царна лерина - доьхначу хьоло балийначу нехан аьтто бу вокзалехь цхьана-шина буьйсанна дIатарбала. Цхьацца йолчу чоьнаш чохь буьйса яккхийта маьнганаш охьадохку. Цхьаберш луларчу отелехь дIатарбо цхьана ханна.

Ши де ду тхо берашца, тюкашца новкъахь долу, чIогIа гIелделла, кхин гIора дац

МухIажарийн берашца вокзалехь жухаргаш-волонтераш ловзу, ткъа баккхийчеран оцу хеначохь аьтто бу шаьш тIелацаран хьокъехь хеттарш дала, медицинан страховкица а, болх барца а йоьзна консультаци эца а. Евробертан дозанашкахула транспортаца мехаза дIасаваха аьтто бу стаг билгалвоккхуш украинхойн кехат карахь мел долчунна. СадаьIча нехан аьтто бу кхин дIа баха, йа Австрехь цхьана шарна тховкIело еха. Царна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь регистраци йо, тIаккха коьртачу гIалин йисте, йа Австрин кхечу гIаланашкара каппашка дIатарбо.

Берийн аьтто бу школехь деша йа берийн цIийне лела. Юкъараллин организацин волонтераша царна лерина барамаш хIиттабо, иштта аьтто ло царна шайна хетарг дийца, оьрсийн эскарша тохарш деш, блоке луьйцуш, оккупаци еш йолчу Харьковехь, Киевехь, Мариуполехь, Украинан кхечу гIаланашкахь шаьш лайнарг дуьйцуьйту. Чиллан-беттан 24-хь Оьрсийчоь чугIоьртичхьана мухIажарш хилла виъ миллион сов украинхо.

"ХIора денна бIеннаш доьзалш"

Къобалязчу Ичкерин Австрера векал, Нохчийчуьра Дунаева Роза ткъа шаре ца кхоччуш хан ю Венехь еха. Цхьана хенахь иза ша яра мухIажар – Нохчийчуьра тIом бахьана долуш. Чиллан-беттан чекхенгехь дуьйна иза хIора сарахь аьлча санна йогIу Венан коьртачу вокзале малхбалера цIерпошташ тIелаца, мухIажаршна меттиг йовзуьйтуш гIо дан, оьрсийн, украинхойн меттанаш ца девзачу волонтерашца къамелаш гочдан а, хьаькамийн йа юкъаралхойн контакташ лоьху, дIатарбаран хеттаршкахула зIене юьйлу, логистикан хьолах лаьцна а дуьйцу.

"Чиллан-беттан тIаьххьарчу терахьашкахь мухIажарийн вуно яккхийра ковранаш юьйла елира. ХIора денна бIеннаш доьзалш. Нохчийн зударша даккхийн яйш чохь чоьрпеш йора, юха уьш вокзале схьаяхьара. Украинхой Iадийна, кхерийна, боьхна бара. Цхьаболчара вокзалехь пхи-ялх де доккхура, волонтераша, шайн декъехь нохчий а болуш, церан гIайгIа бора", - дуьйцу Дунаевас.

Цуьнан телефонан номер мухIажарша вовшашка кар-кара ло. Керлачарна цуьнах лаьцна шайн махкахошкара хаьа, иштта цуьнгара орца доьху цара а.

ХIай, мича воьду хьо кадыровхойн байракхца? Охьаяьккха, цуьнца гена гIур вац хьо

"Волонтераш маьршачу графикаца болх бо. Тахана гочдархо ву, кхана вац, амма мухIажарш тIебахка йиш ю муьлххачу минотехь, - дуьйцу Кавказ.Реалиица къамелдечо. – Со вокзалана генахь Iаш яц, сихха схьаян аьтто бу. Кхузахь цец воккхуш гIодаран меттигаш хуьлу. Къеначу шина австрихойн доьзало шайн долара петарш Украинерчу шина доьзална дIаелла, царах цхьаъ – нохчийн. Шаьш пенсхой цхьана шарна гIаланал арахьа йолчу хIусамашка дIабахана. БIеннашкахь австрихоша вокзале хIуманаш яхьара, мухIажаршна дIалора, шайга баха кхойкхура. ЧIогIа дог кIаддо цо. Тхуна массарна 90-гIа шераш дагадаьхкира, тхан тIом болабалар".

Схьакхаьчначийн терахь дукха хиларна хьере вой, аьтто ца бо верриг сихонца дIатарван. Охан-беттан суьйре. Залан центрехь гулйина шортта чамданаш ю, ткъех бер а, кхиазхой а бу. Зударша, церан наноша а, кхечу гергарчара а, волонтерашна го бина, шаьш мича баха беза дицийтархьама. Дунаевас церан къамел гочдо.

"Тхо шовзткъе итт стаг ву, тхо кхо кIира хьалха схьадаьхкина, Линцера лагерехь дехаш дара. Тхо массо хIуманна реза дара, амма масех де хьалха дукхачарна кхачанийн цатам хила болабелира. Лагерь дIакъевлира, цигара дIадаха дийзира тхан. Вене схьадаьхкича йохъеш йоцу, цхьа а таронаш йоцу кхечу лагере хьовсийра тхо, цигахь дисса аьтто бацара, кхуза вокзале юхадаьхкира тхо. Ши де ду тхо берашца, тхайн шеддашца новкъахь долу, чIогIа гIелделла, кхин гIора дац. Еххачу ханна баха меттиг лохуш гIо дайша тхуна. Хьаьнга хаьттича а, цхьанна ца хаьа тхо мича даха деза", - латкъамаш до мухIажарша.

"Каритасан" волонтераш вовше дагабевлира, амма хаттар сиха листаран некъ ца карийра. Шена евзаш йолу лагершка а, миграцин сервисан декъашка а телефонаш етта юьйлира Дунаева, Украинера схьабаьхкиначийн тоба Зальцбургехь тIелацийта барт бан аьтто белира цуьнан.

Царна генахь лаьтта кхин а масех нохчий волонтераш. Цара шайн машенашкахь мухIажарш кхечу лагершка, йа вокзалашка дIабуьгу, меттигерчу диаспоро гулдина гуманитаран гIо схьадахьа. Шайна юккъехь дуьйцу кадыровхоша оьрсийн-нохчийн тIамехь дакъалацар.

"Вайна хIинца гуш ду, тхо Iазапехь латтош, тхо дойъуш лелларш Украинехь эшна богIуш бу, шаьш бу леш, хIунда аьлча, карахь герз долчу нахаца царна тIом бан ца хаьа, гIорадоцу нахаца бен, - боху божарех воккхачо, - ша [Нохчийчоьнан куьйгалхо Рамзан] Кадыров герз карахь долчу нахах дукха чIогIа кхерарна, цуьнан шен ницкъахой и волчу мидалш схьаэца богIу карахь герзаш доцуш, йа патармаш дIадаьхначу тапчашца".

Юьстахволу пхьуьйша тIехь а, тIоьрмига тIехь а нохчийн республикан байракхаш йолуш камуфляжан духар доьхна стаг. Гулбеллачара сихонца реакци йо, юха нохчийн маттахь олу: "ХIай, мича воьду хьо кадыровхойн байракхца? Охьаяккха, цуьнца гена гIур вац хьо, проблемаш хир ю хьан!"

Камуфляж йоьхначу стага реакци ца йо шега дуьйцучунна, амма жимма дехьа а ваьлла, дIавирзича байракхаш йолу тIелетийнарш охьайоху.

"КIентий а, цIийнда а охьаваьккхира"

Луиза Нохчийчуьра ю. Вокзале еана иза гуманитаран гIоьнна юкъара берашна мачаш харжа. Цуьнца ши кIант а, школехь хила тарлу йоI а ю. Сихонца бевдда уьш, кечбала ца хIуттуш. Луиза Киевехь 25 шарахь яьхна, тIаккха кхо кIира хьалха Венера генарчу гергарчаьрга кхаьчна. Цуьнан аьтто баьлла шен доьзалца Киевера тохаршна кIелара дIаяха. Амма дозанехь цуьнан цIийнда а, кхоъ воккхаха волу кIант а автобусчуьра охьавоссийра, хIунда аьлча, тIеман хенан низамашца, 18 тIера 60 шаре кхачалц болчу божарийн йиш яц Украинера дIабаха. Нохчийн зудчо бехкейо ша, цаьрца автобус чуьра охьа ца йоссарна. Кавказ.Реалиин корреспонденте цо йийцира ша ядаран истори.

Ур-атталла кхузахь, Венехь, йоI хьалаэккха трамвай тIехйолуш а. КIант цуьнан са паргIатдаккха гIерта, цо олу, вай шеко йоцуш тоьлур ду

"Оьрсийчоь Украинана тIелатар дуьйцуш Iара тхо, амма ца тешара. Чиллан-бутт болалуш со берашца Нохчийчу схьаян кийча яра, амма цIийнда а, воккхахволу кIант дуьхьала вара. ЦIийндас олу иза питана ду, ткъа со, Iовдал, тешаш ю. 1992-1993 шерашкахь Нохчийчохь хиллачух тера дара хьал, республикера цIаьххьана оьрсийн эскархой дIабоьлхучу хенахь. Аса тIаккха а билеташ ийцира, амма Оьрсийчоьно доза дIакъевлира, Соьлжа-ГIалара Киеве йогIу автобус йиссира. Тхо диссира, шоьтан-дийнахь, Чиллан-беттан 26-хь дIаяха сацам бира аса. Амма тIом 24-хь болабелира. Доллу некъаш дIакъевлира. Со цIийндена оьгIаз оьхура, цо дIадаха новкъарло ярна. Дуьххьара ойла: со ца ларий. Йоьхна хьийзар. Тхо Киев схьаяккхарна кхераделира. ЦIийнда вист ца хуьлура", - дагадоуьйту Луизас.

ШолгIачу дийнахь цуьнан хIусамна тIе ракета кхийтира, дуьххьара лазийнарш гучубевлира. Латта бухара машенаш хIитточу меттехь дIалечкъара нах. Кегийн бераш кхоьруш, доьхна хьийзара. Киев хIинц-хIинца схьайоккху бохуш, къамелаш дуьйладелира. Луизас такси кхайкхира. Жимачу машенчу тарбелира берриг доьзал – бархI адам а, ши цициг а.

"Вокзалашкахь адамийн тобанаш цIерпошташна тIелетара. Массо хьере хилла уьдура, машенаш дIаюзура. ХIаваан кхерам, сиренин мохь. Львове дIакхечира тхо, вокзалехь буьйса яьккхира. Маьждиге бахара. Цигахь тхоьга элира, цигахь дукха ханна ца совцар гIоле ду, хIунда аьлча, полици схьа а йогIий кехаташка хьоьжу. Дукха бераш долу стаг хиларна цIийнда дIахецарна сатуьйсура аса. Цуьнан 55 шо ду, иза эскархо а вац. Варшаве кхаччалц автобусна тIе билет ийцира оха, амма дозанахь кIентий а, цIийнда а тIаккха а охьаваьккхира. Со чIогIа дохкояьлла цаьрца охьа ца йоссарна! Со хIинца йоьлхуш ю, дагалеца а хала ду иза", - дуьйцу къамелдечо.

Варшавехь иза тIелаьцна вешин зудчо, Венерчу шен йишица зIене елира иза. Ишта кхаьчна Луиза Австре – генарчу гергарчаьрга. Цо дийцарехь, Нохчийчуьра шен гергарчаьрга дукха баьхна цо, Украинехь цкъа а ца хилла нацисташ, цхьамма ца доьхку цуьнан берашна школехь, арахь оьрсийн мотт бийца, цхьанне агIор культурана дозанаш ца детта, бохуш, Оьрсийчоьнехьа цабезам хилар гучудаьлла дуьххьара 2014 шо дIадаьлча, ГIирмана аннекси а йина, Донбассехь тIом болабелча.

Киевн кIошт ерриг минех цIан а йина, тохарш севча цIа ерза дагахь ю Луиза. ХIинца иза Iаткъам хиллачу берийн синошна гIоле ян хьийза.

"Ур-атталла кхузахь, Венехь, йоI хьалаэккха трамвай тIехйолуш а. КIант цуьнан са паргIатдаккха гIерта, цо олу, вай шеко йоцуш тоьлур ду. Иза [Украинан президентан Владимир] Зеленскийн эфирашка хьоьжу, гергарчу хенахь цIадоьрзург хиларх теша иза. Суна а хета ишта: президент ведда ца хилча, делахь кхин башха кхераме дац-кха дерриг. Тхо тешна ду, тIом гергарчу хенахь боьрзург хиларх", - чекхдоккху къамел нохчийн Украинера мухIажаро.

***

Охан-беттан 10-гIа де – буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIоьртина шовзткъе ялхалгIа де ду. Украинхойн таллархойн хаамашца, оьрсийн эскархой малхбалехь шайн болу меттиг а хийцина, Харьковн агIонехьа тIебахка кечамбеш бу. Украинан президент Зеленский Владимир: "Вайна гуш ду чIогIа доккхачу, цхьамма бахарехь – къастаме хирдолчу, тийсдаларшна кечам беш хилар вайн пачхьалкхан малхбалехь".

Еврокомиссин хьалханчас Урсула фон дер Ляйен а, ЕС-н арахьарчу политикан урхаллан куьйгалхочо Боррель Жозеп а оьрсийн оккупацехь лаьттачу юкъанна бIеннашкахь маьрша нах байъинчу Буча гIала деана.

Американ президента Байдена оьрсийн мехкадаьттана импорт йар доьхкучу низамна кIел куьйгяздина, цо бакъо ца ло Оьрсийчоьнан Федерацера энергетикан сурсаташна импорт йан. Иштта тIеэцна Оьрсийчоьнца а, Белорусица лартIахь йолу йохк-эцаран юкъаметтигаш сацоран Низам а.

Хуьлург онлайнехь еша аьтто бу шу Кавказ.Реалиин лайв-блогехь.