КхоалгIа кIира ду Украинехь евроинтеграцехьа болу бахархой а, Iедалан урхаллаш а дуьхь-дуьхьал лаьтта. Цкъачунна цхьа а агIо а юхаяла дагахь яц. Ткъа Евробертан куьйгалхой, оцу юкъана, саготта бу Украинехь цIий Iана тарлуш хиларна.
Лакхарчу Iедалан гIишлошна гонахара шайн туш чIагIдеш бу Евромайданан декъашхой, урамашкахь баррикадаш а еш.
Хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, Киев-гIалин юкъ, цхьа а машен паргIат дIасаяхар а доцуш, сецна лаьтташ ю, оппозицино урамаш дIакъевлина хиларна. Цу хьокъехь Европе интеграцехьа а, Европехь лелачу Iадаташка а, низамашка а гIертачу майданерчу жигархойн куьйгалло шаьшна бехк ца биллар а дийхира гIалин бахархошка.
„Тхо иза ца дича ца довлура, Йозушъяцаран Майдане арабевллачу бахархойн аьзнашна къорачу Iедална тIеIаткъам бархьама“, - аьлла яздинера „Удар“ цIе йолчу партин векалша шайн леринчу дIахьедарехь. „Нагахь санна Iедална Майданера аьзнаш ца хазахь, тхо царна улле ца даьхкича девр дац. Оха сатуьйсу, некъаш дIакъовларца доьзна долу цатемаш дукха дахлур дац, ткъа Iедална шен халкъо дуьйцург хезар ду аьлла“, - иштта ду цу йозанехь кхин дIа а билгалдаьккхина.
Цкъачунна Украинан куьйгалла халкъе ладогIа кийча долчух тера дац. ХIунда аьлча, цо Киеверачу Михайлован Майданна тIететтина эскархойн колонна, мел кIезиг а 10 йоккхачу бIаьхой дIасалелочу машенех лаьтташ ю. Цаьрца баьхкина чоьхьарчу гIуллакхий министраллан эскархой, тIамна кечбелча санна, духар а, герз а долу, Йозушйацаран Майда йолчухьа, дуьхьалонан акцин декъашхой болчу агIор дIагулбелла.
Ткъа цу юкъана, Евробертан куььйгалхой а, цхьаццачу Европерчу пачхьалкхийн Iедалхой а вуно саготта бу Киевехь цIий Iанарх а, Iедална а, оппозицин а дуьхь-дуьхьал хIоттар тассадаларшка дерзарх а.
Еврокомиссин президента Барозу Жозе Мануэла шен Украинин президентаца Янукович Викторца тIаьххьарчу масех дийнахь шозлагIа хиллачу къамелехь юха а билгалдаьккхира, Киевехь кхолладеллачу хьолехь политикан сацам лаха а, карон а безаш хилар.
Януковиче цIий ца Iанадайта Iалашонца цуьнца зIене бевллачу дуьненан куьйгалхойх вара Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъараллин инарла секретар Пан Ги Мун а. Ша Украинехь кхоладеллачу хьолана вуно саготта хилар хьахийра цо, оппозицица машаречу дагадовларшка а кхайкхира Украинан куьйгалхо.
Ткъа Европарламентан президента Шульц Мартина Януковичан хьокъехь ира критика йира. „Сочера ловзарш чекхдевллачул тIаьхьа, и шен Iаьнан ловзарш а саца а дина, эххар а Майданерчу низаме кхойкхучу аьзнашка Янукович ладогIа волалург хиларе сатуьйсу ас“, - аьлла яздинера цо шен „Твиттерехь“.
Иштта немцойн канцлера Меркель Ангелас а, меттигерчу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, шен лаам бовзийтина, вевзаш волу боксёр Кличко Виталий украинахойн тайп-тайпанчу оппозицин партийн а, боламийн а юкъара куьйгалхо хилийта.
Цу хаамашца, Кличко рогIерачу Евробертан пачхьалкхийн куьйгалхой вовшахкхетаре кхойкхур волуш ву, цхьана кIиранах Брюсселехь дIахьон йолчу.
Хьахо догIу иштта, Кличкос куьйгалла ден „Удар“ партина немцойн Аденауэран цIарахчу фондо ахчанца гIодеш хилар. Ткъа и фонд Меркелс куьйгалла дечу Керста-демократийн партин гергара фонд ю.