КIирандийнахь леринчу пресс-конференцехь Малхбалерчу Украинера Донецкан, Луганскан кIошташ дIакъастарх йолчу референдуме Брюселан болу официала хьежам бовзийтира Эштон Катринан пресс-секретара Косьянчич Майяс.
„И „къоман кхажтассарш“ шайх олуш йолу референдумаш низамца йогIуш а яц, цхьанна а кепара демократикалле легитимаци йолуш а яц“, - элира цуо, Евроберто церан жамIаш къобалдийриг ца хилар билгал а доккхуш. Иштта цуо элира, и тайпа къажтийсарш дIадахьар Женевехь бинчу берташца цхьаьнадогIуш дац, аьлла.
КIирандийнахь, стигалкъекъа беттан цхьайтталгIачохь, Донецкий, Луганский, цу шина гIалина гуонахьара кIошташий Украинех дIакъастарх йолу сихаллех вовшахтоьхна референдумаш дIаяьхьира цигахь къепе дацарш лелочу Оьрсийчоьнгахьа йолчу тобанаша.
Сепаратистийн долаяьллачу 14 гIалахь дIадаьхьира кхажтассарш, цхьа а дуьненаюкъара тергамхой а боцуш, я харц-бакъ лардеш хилар цхьаммо а толлуш а доцуш. Шаьш цу кIошташкахь Iедал шайн карадерзийначу сепаратисташа Луганскехь харжамхойн 70 процентано дакъалаьцна кхажтассаршкахь, ткъа Донецкехь 75 процентано, аьлла дIахьедина.
И референдумаш низамца йогIуш ца хилар а, дуьненан юкъаралло цкъа а къобалйийриг ца хилар а хIинцале а кхеташ ду массарна а бозуш боцучу тергамхошна. Аналисташа билгалдаккхарехь, мел кIезга а, масийта бахьана ду уьш питане а, зуламе а лара.
Цкъа делахь, и референдумаш дIакхайкхийна долу меттигера Оьрсийчоьнгахьара „Iедалш“ легитиме дац. Муьлш бу а ца хуу, цхьаммо а хаьржина боцу герзех боьтина нах бу и Iедал шайн кара а дерзийна, цу гIаланашкахь къепе дацарш лелош берш. ШозлагIа делахь, цара цхьанна а кепара билгалъяьхна яц харжамхойн цIераш, муьлха а бозбуанчаллаш лелон шайна маршо а юьтуш. КхозлагIа делахь, цхьа а возуш воцу тергамхо вацара и кхажтассарш нийса-бакъ дIадахьар толлуш.
Ткъа и референдумаш тIеман хьелашкахь дIахьош хилар а, Украинин Конституцица цхьаьнадогIуш ца хилар а хьехон а ца оьшу.
Ала догIу иштта, Малхбузерчу хаамийн гIирсаша шуьйре дийцаре деш ду, референдумаш дIаяхьале цхьа де хьалха Украинин полисхошна бIе эзар сов, хьалхехь тIе куьйгаш а яздина, кечйина йолу бюллетенаш карийна хилар.
Славянск гIалин уллохь полисхоша сацийначу цхьана машена чохь Iедалхошна гучуевллера, харжамийн тускаршна чукхийса бен ца езаш, куьйгаш таIийна, кечйина йолу бюллетенаш а, амма царел сов дуккхаъ герзаш а, патармаш а. Кхеташ ма-хиллара, цу массо а бюллетен тIехь „Донецкан къоман республика“ ша шех цIе тиллина йолу сепаратистийн пачхьалкхенан кеп къобалйеш долу кхьаьжнаш дара.
Тамашийна дац цундела, Европехь цхьаьнаболхбаран а, кхерамазаллин а юкъараллин парламентан ассамблеян куьйгалхочуо Кривокапич Ранкос и кхерамийн а, гIелонашйаран а, низамаш хьешаран а хьелашкахь дIаяьхьана йолу ша-башха плебисцит цкъа а къобалйийр яц аьлла дIахьедар дар. „Абсурде хIума ду цу кепарчу хьелашкахь маьрша а, нийсоне а кхажтассарш дIадахьа йиш ю аьлла хетар“, - элира цуо журналисташка кIирандийнахь.
Кхардаме лерира Малхбалерчу Украинехь дIаяхьана йолу референдумийн кепаш иштта Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Вальтера а. Карарчу хенахь Брюсселехь Евробертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрийн цхьаьнакхетарехь Оьрсийчоьнна дуьхьал яха керла санкцеш йийцаре еш хиллачу цуо и кхажтассарш, забар а йоцуш, дийцаре до хIума а дац, элира. Шинари дийнахь Киеве ваха лерина волу немцойн арахьарчу гIуллакхийн министр иштта Украинин малхбале кхача а дагахь ву.
Ала дашна, Оьрсийчоьнна дуьхьал керлачу санкцийн гуо билгалбаьккхира Брюсселехь Евробертан векалша оршот дийнахь. I3 стаг а, шиъ фирма а ю цу гIуданашца билгалбаьхначеран могIаршлахь. Цу нехан а, фирманийн а цIераш цкъачунна зорбане яьхна яц, амма, дийцарехь, ГIирма ах-гIайренна Оьрсийчоьно аннекси еш жигара хилла нах а, ткъа иштта ГIирманехь бизнес лелош йолу фирманаш а хир ю уьш.
Брюсселехь оршот дийнахь санкцийн гIуллакх дийцаре дан гулбелла хиллачу Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министарша билгалдаьккхира, нагахь санна стигалкъекъа беттан 25-чохь Украинехь дIабахьа лерина харжамаш ца нислуш биссахь, тIаккха Евроберто рогIера, Оьрсийчоьнан экономикана дуьхьал лерина йолу, санкцеш билгалйохур ю аьлла.
Хьалхехьуо „Маршо“ радионо дийцаре дина ма-хиллара, Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал жим-жима йохуш йолу гIуданаш даран гIулчаш цуьнан экономика цхьа яй къовзор бен, кхин зене яц, я Кремлан куьйгалло кхерам санна тIеоьцуш а яц. Изза аьлла хеташ ву вевзаш волу немцойн Оьрсийчоьнах волу аналист Ригерт Бернд а.
Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал йохуш йолу санкцеш маха Iиттар санна хIума ду элира цуо „Дойче Велле“ агенталлийца ша динчу къамелехь. Ткъа царел лазамех йолу гIулчаш яха Европа хIуттуш ца хилар билгал а доккхуш. Цуо иштта ирачу критике йира Европера юкъаралла а, Украинехь хIуммаъ доцуш санна ехаш йолу. „Мичахь ду европахойн инзарбовлар?
Мичахь ю къайлаха тайнаша дIасаийзочу оьрсийн питанчашна дуьхьал йолу демонстрацеш? Европерчу коьртачу шахьаршкарчу Оьрсийчоьнан векалташна хьалха ян декхар йолу пикеташ мичахь ю?“ - элира цуо, европахойн бендацарх емал деш.