Украинан малхбузера Ивано-Франковскехь мемориалан у диллина къобалйазчу Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран сий деш.
ГӀалин куьйгалхочо Марцинков Руслана шен сайта тӀехь бина цунах лаьцна хаам. Хьалха а Дудаевн цӀе тиллинчу ураман юьххьехь хӀоттийна ду и у. Цу тӀе йаздина ду Дудаевс аьлла боху дешнаш, "Украинан малх схьакхетча Оьрсийчоь хӀаллакхир йу" - и цитата бакъ хилар тӀечӀагӀдеш дац.
У схьадоьллучу церемонихь дакъалаьцна Украинан агIор тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан командиро ЧIебарлойн Муслима, батальонан хьашташна аьлла 50 дрон йелира цуьнга.
2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Киеверчу цхьана урамна Дудаев Джохаран цӀе тиллира, оццу хенахь Грозненская урам хийцира Ичкерин урам аьлла. Дукха хан йалале, Харьковн кӀоштарчу Изюм гӀалара Тургеневн урамна Дудаевн цӀе йелира. 2023-чу шеран дечкен-баттахь Кривой Рог гIалахь гучудевлира Ичкерин тӀемалойн а, Дудаев Джохаран а, Ичкерин куьйгалхойн Арсанов Вахин а, Гелаев Хамзатан а цӀераш йолу урамаш. Украинехь Дудаевн цӀарах урамаш ду Львовехь а, Хмельницкехь а, Гошехь а, Полтавехь мемориалан у хӀоттийра.
Шайх Мансуран цӀарахчу батальоно 2023-чу шеран гурахь Днепропетровскан кIоштара Каменское йуьртахь шен белла эскархой дагалоцуш мемориалан стенд схьайиллира, ткъа Кривой Рог гIалахь XVIII-чу бIешерашкахь Кавказан тIамехь ламанхойн хьалханча хиллачу Шейх Мансурна лерина мемориал а йиллира.
- Дудаев Джохар (1944 – 1996) – нохчийн пачхьалкхан гӀуллакххо, республика Оьрсийчоьнах йозуш ца хилийтаран боламан хьалханча а, дIакхайкхийначу Нохчийн Ичкерия Республикан хьалхара президент вара. Советан заманахь — авиацин инарла-майор, Ичкерихь — генералиссимус. Боснехь а, Герцеговинехь а, Латвехь а, Литвехь а, Польшехь а, Туркойчохь а, Эстонехь а, Урдунехь а цуьнан цӀе тиллина урамаш ду.
- 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Украинан Лаккхарчу Радо тӀеийцира Нохчийчоь цхьана ханна Оьрсийчоьно дӀалаьцна территори хилар къобалдеш сацам, иштта йемал дира "нохчийн халкъана геноцид" йар. Цул тӀаьхьа бутт баьлча, Зеленский Владимира официалехь тергойира Ичкери йозуш ца хилар къобалдар доьхуш чуйеллачу петицин, цу тӀехь 25 эзар сов куьг гулдинера. Цуьнца а догIуш, низамаша тIедожош ду пачхьалкхан куьйгалхочунна и листар. Украинан президенто тӀедиллира мехкан арахьарчу гӀуллакхийн министраллана, шен компетенцихь петици тӀехь айдина хаттар таллар а, цуьнца доьзна хетарг шега схьахаийтар а. Делахь а карарчу хенахь Украино официалехь къобалйина йац Ичкери йозуш йоцу пачхьалкх санна.
- Карарчу хенахь къаьстина, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.