ХIинца Украинехь хуьлург бахьана долуш кхайкхийна санкцеш ца йийцича, ББС-но дийцарехь, кху тIаьхьарчу 50 шарахь Советан пачхьалкхана а, Оьрсийчоьнна а дуьхьал 6-зза кхайкхийна официалан кепара санкцеш.
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа керла санкцеш кхайкхийна Кремлна дуьхьал. Вашингтоно цу тайпа сацам бина, Украинин Малхбалехь оьрсашкахьара болу ницкъаш совцор бу аьлла Женевехь шена тIелаьцнарг Москох кхочуш дан дагахь ца хилар бахьана долуш. Цуьнца доьзна кху деношкахь Оьрсийчохь шуьйра хьехош ду «санкцеш» боху дош. Ткъа хьалха муха хилла исторехь санкцеш кхайкхор? ХIун жамIаш деана цара?
Исторехь дуьххьара санкцеш кхайкхийна хилар хууш ду вайн хан тIекхачале 423-чу шарахь. Хьалхалерчу занманчура Афинашоа дихкина хилла Мегара-кIоштарчу йохка-эцархошна шайн порташка бахкар а, шайн базаршкахь мах бар а. Амма 20-чу бIешаре кхаччалц иза наггахь а бен деш ца хилла дуьненаюкъарчу политикехь. Шайн юкъаметтигаш пачхьалкхаш къастош хилла тIеман аренашкахь бохуш, дуьйцу кху программехь дакъалоцуш волчу историн Iилманчо, политолого Вачагаев Майрбека.
Вачагаев Майрбек:
КхоалгIачу тIегIантIехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа керла санцеш кхайкхийна Оьрсийчура 7 Iедалан белхахочун дуьхьал. Reuters-агенталло бинчу хаамца, рогIерчу «Iаьржачу цIейозан» юкъахь ву Оьрсийчоьнан вице-премьер Козак Дмитрий а, Роснефт-компанин куьйгалхо Сечин Игор а, Ростехан инарлин директор Чемезов Сергей а, Кремлан администрацин куьйгалхочуьнан когаметта Володин Вячеслав а, президентан ГIирмехь волу векал Белавенцев Олег а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхо Пушков Алексей а, Федералан гIаролдаран сервисан куьйгалхо Муров Евгений а.
Цул сов, санкцеш къелъяхана 17 Оьрсийчура компани. «Эхо Москвы»-радионо бинчу хаамца, уьш ерш а Iуналла деш ю Путинан уллерачу наха Тимченкос а, вежарша Ротенбергаш а, хIинцале а санкцеш къел хилла волчу Кавальчука а.
ТIаьххьара Евроберто кхайкхийначу санкцешна юкъавахана 15 Оьрсийчура а, ГIирмера а, Украинин Къилба-Малхбалерчу регионера а Iедалан белхахо. Цу цIейозаннна юкъахь вац цхьа а бизнесхо а, я цхьа а компани а.
Вачагаев Майрбек, историк а политогол а ву. Санкцийн чулацамах лаьцна иштта дуьйцо цо.
ХIинца Украинехь хуьлург бахьана долуш кхайкхийна санкцеш ца йийцича, ББС-но дийцарехь, кху тIаьхьарчу 50 шарахь Советан пачхьалкхана а, Оьрсийчоьнна а дуьхьал 6-зза кхайкхийна официалан кепара санкцеш.
Эмиграци яр дехкар бахьана долуш 1974-чу шарахь Iамерко тIеийцира шайн йохка-эзаран низаманна Джексонан-Веникан цIе йолу тIетохар (инг. Jackson–Vanik amendment). Цуьнца а догIуш, Iамерко доьхкуш дара шайн махкара адамаш ара ца довлуьтучу пачхьалкхашца йохка эцар лелор.
1979 шарахь Советан Союзан эскарш ОвхIанистанна чудахар бахьана долуш бойкот йира Москох хиллачу аьхкенан Олимпиадина. Советан пачхьалкхана йохка магош дацара суперкомьютерш а, лаккхара технологин коьчаллаш а.
Амма цу гIуллакхо дIоггара жамI ца деара бохуш дуьйцу историко, политолого Вачагаев Майрбека.
Вачагаев Майрбек:
1983-чу шарахь Советан Iедало ракета а тоьхна чудаийтира тилделла шайн территори улле деана долу Къилба Корейн маьрша некъахойн кема. И бахьана долуш Советан пачхьалкхана дихкира цхьайолчу меттигашкахь хIаваэхула лелар, сацийра цунна мехкадаьттан а, газан а комплексан оьшу гIирс бохкар.
1998-чу гIалахь ГIажарийчоьнна зарратан а, ракетийн а технологеш яларна Iамерко санкцеш кхайкхийра Оьрсийчоьнан 10 компанина а, Iилманан институтана дуьхьал.
2006-чу шарахь тIеман-технологин юкъаметтигаш лелорна Iамерко санкцеш юкъаехира Оьрсийчура кхаа компанина а Сафронов Алексей цIе йолчу стагана а дуьхьал.
Набахтехь хьийза а вина, юрист Магницкий верна Iамеро а, Евроберто а санкцеш кхайкхийра цу зуламна бехке болчу Оьрсийчура Iедалан белхахошна дуьхьал, царан шайн тIерритори тIебовлар а доьхкуш, банкашкара церан чоьташ болх бечура а совцош.
Цул сов Iамерке а, кхечу цхьайолчу пачхьалкхашка бахкар дихкира цхьамогIа Оьрсийчура политикашна а, цхьацца нахана а. Царна юкъахь вара Лужков Юрий а, Жириновский Владимир а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутаташ Затулин Константин а, хIинца вице-президент волу Рогозин Дмитрий а, Лихачев Василий а, бизнесхой Дерипаска Олег а, йишлакхархо Кобзон Иосиф а, иштта дIа кхин а.
Бахьана дара цара кхечу пачхьалкхийн суверенитет йохоре кхойкуш дина дIахьедарш а, Дерипаска а, Кобзон а хьахош криминалан уьйраш хилар а.
Ша санкцеш ловш йолу Оьрсийчоь а ю шен политикехь жигара цу гIирсах пайда оьцуш. Къаьсттина иза цо леладо шел а экономикехула ледара йолчу, шен рынкех йозуш йолчу, ша газ а, мехкадаьтта а духкучу, белхан мигранташ богIучу Советен пачхьалкхана юкхахь хиллачу республикашца.
Дукхачу хьолахь Оьрсийчоьно шен санкцеш хьулйина лелош хуьлу. И дош лелош ца хуьлу. Амма шайн политикан проблемаш хилча, Роспотребсоюз олучу урхаллах пайда а оьцуш, цу мехкашкара дохьучу сурсаташца тIом бан буьйлало оьрсий.
Официалан кепара Оьрсийчоьно цкъа кхайкхийра санкцеш - 2008-чу шарахь шаьш тIом бинчу Гуьржийчоьнна дуьхьал. Амма исторехь бисина Оьрсийчоьно бина болу дуккха а йохка-эцаран тIемаш. ЧагIаран а, боржоман а тIом Гуьржийчоьнца, чагIаран а, коньякан а, стоьмийн а Молдавица бина тIом а, Украиница бина кемпетийн тIом, Беларусица а, Литваца а бина шурин тIом, Литваца шпротийн тIом, стоьмийн а, баIарийн а Таджикашца бина тIом а.
Кхин цхьа герз а леладо Оьрсийчоьно. Баларусино а, Эрмалойчоьно а луш болчул а, шозза Украино алсам луш болу газан мах бу иза.
Украинера хьал дуьйцуш Iамерка а, Евробарт а сихлуш бац катоьхна Оьрсийчоь горхIотто гIулчаш яха. Цуьнан бахьана иштта го Вачагаев Майрбекана.
Вачагаев Майрбек:
ГIирма дIалоцуш, 2008-чу шарахь Гуьржийчу санна, Украине хьовсийна бара Нохчийчура, эр вай, ницкъаллин структурийн белхахой. Уьш шайх ца лоруш бу дуккха а вайнах. Комментарех кхехкаш интернет, нохчий ца кхета цу бесса шайн мохк а, латта а лардан кийча болу нах Украинехь къезиг хиларх, бохуш дуьйцу политикан говзанчо Вачагаев Майрбека.
Вачагаев Майрбек:
Юха а хаттар хIутту, ткъа болх бой цу санкцеш, аьлла.
Советан пачхьалкхехь хилла коммунистийн раж эххаре а юьйхира, Гуьржийчохь Iедал хийцаделира, цу мехкан куьйгалле мелла а оьрсашкахьа ойла йолу нах а хIуьттуш. Амма ала хала ду мел Iаткъам бира цу хиламашна билггала шаьш санкцеша. Мухха делахь а, сихха болх ца бо цара. Санкцеша гIо ца дина дуккха а меттигаш ю исторехь.
«Санкцеш кхайкхор гIоле ду, хIумма а ца деш Iачул а.Уьш мелла а Iаткъаме хуьлу зуламхо йолчу пачхьалкхан векална дов а дина Iад Iачулл аа, уьш мелла а гIоле ю тIемал а. Цара моралан там бо. Наггахь уьш болх бан а йолало» - бохуш яздира 2006-чу шарахь Лондонехь арадолучу лоруш долчу Economist-журнало.

Your browser doesn’t support HTML5