Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх деш хилла Нохчийчуьра бахархой йийсаре лецна Курскан кIоштахь украинхойн эскарш чудаьхкинчу хенахь. ТIемаш буьйлабеллачу йуьххьехь "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис а, Кадыров Рамзана а дIахьедира, махкара тIемалой дакъалоцуш бу дозана уллора регион Iалашйарехь аьлла. Оццу заманчохь Оьрсийчоьнан "тIеман корреспонденташа" чIагIдора, кадыровхоша салтийн баккъаш тIехьа а лечкъаш, кепаш хIиттош видеош йоху аьлла. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу аналитикаша тIечIагIдо: кест-кеста ахматхой билггал буьсу тIамана генарчу хьуьнан асанехь.
Лецна "Ахматера" йийсархой бу хIорш бохуш йаьккхина видео йаьржира марсхьокху-беттан 11-чу дийнахь. Билгалдоккхура, уьш дозана генарчу тылехь карабаьхкина бу, украинхойн эскархой салташна а, Оьрсийчоьнан ФСБ-н дозанхойн сервисан белхахошна а тIелеттачу хенахь. Верриг а видео тIехь гуш ву масех иттанашкахь йийсархо, амма церан цIераш билгалйаха аьтто бац, лецначийн йаххьаш къайлайаьхьна хиларна а.
Видео тIера кхаа стага дIахьедира, шаьш Соьлжа-ГIалара ду "Ахматехь" гIуллакх деш а дара аьлла, амма билгал ца даьккхира, дуьйцург муьлха дакъа ду (и цIе лелош дерриг а мел кIезиг а йейтта тIеман структура йу).
"Цара бахарехь, бовда гIоьртинера уьш, кара ца баха, хIунда аьлча, хьалхо Кадыров Рамзана дIахьедира, "Ахматан" эскархой йийсаре ца боьлху аьлла. ХIаъ, дукха хьолахь уьш тылехь хевшина Iа, амма Курскан кIоштахь хьал динамикехь хийцалора, ткъа "Ахматан" хIара эскархой дуьхьало йан а ур-атталла ца гIоьртира", - чIагIдо видеох лаьцна хIоттийначу постехь.
ТIаьхьо кхин цхьа видео а гучуйаьккхира: цу тIехь йийсаре эцначу тIемалочо (и вовза аьтто ца кхаьчна) чIагIдо, ша "Аида" олучу декъера ву. Соьлжа-ГIалара динчу дIахьедаршца, къаьсттина "Ахмат" спецназан и тоба йара хьалхо Курскан кIошта хьажийна.
КХИН А ХЬАЖА: Курскан кIоштахь йийсаре лецна "Ахматан" полкера кадыровхойКадыровхой кара ца боьлху…
Йийсархой гойтуш хьалхара видео зорбане хIоттайале ахсахьт хьалха Кадыров Рамзана дIахьедира, Орсийчоьнан тIеман министраллин "Ахмат-Нохчийчоь" полкан эскархоша аннекси йинчу ГIирмера хIордан пехотин 810-чу гвардин бригадаца цхьаьна Украинан техника йохийна, цу чохь хиллачаьрца аьлла. ХIоттийначу видео тIехь гойтуш йу йохийначу гIагI диллинчу машенан салон а, ВСУ-н барзакъца масех дакъа а. ТIом беш а, йохийна аьлла а кхин цхьа техника оцу кадраш тIехь йац.
Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Делимханов Адама, Кадыровн бIанакъоста мангал-беттан 12-чохь зорбане хIоттийра Курскан кIоштахь "Ахматан" эскархоша йаьккхина ши видео. Къаьстира, и видеош ВСУ чукхаьчначу Суджа гIалина иттаннашкахь чакхарма дехьа йаьккхина хилар.
Регионехь тӀемаш буьйлабелчхьана Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденташа" йаздора, доза лардархьама кхуза сехьабаьхна "Ахматан" ницкъаш тылехь нисбелла, цигахь шайн питане леларца меттигерчу бахархошца девнаш доху цара аьлла. ЧВК "Вагнерна" гергарчу блогеро Паркер Алекса, шен хьостанашна тӀе а тевжаш, бехкебира кадыровхой йамартлонна а, ВСУ-ца "вовшашна тIе ца лета" барт барх а. Къадийра, цара бертан дийцарш хьалхо Ичкерин агIонча а, Интернационалан легионан декъашхо а хиллачу Джамбетов Хьусейнехула дIадаьхьна хилар. Оьрсийчоьнехьа а ваьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна муьтӀахь хила дуй биира цо.
"Йийсаре вахна нохчо, кадыровхо вац кхин дIа"
Бегаш бан къаьстина бахьана хилира Алаудинов Аптис украинхойн тIемалой кадыровхойн каппашна тIех бевлла, дIабахара аьлла динчу дIахьедарх.
Курскан кӀоштахь йийсаре лаьцначу эскархочо Ковилкин Евгенийс дийцира, ша тIом бен дакъа Суджан кӀоштарчу Свердликово эвлан кӀоштахь лаьтташ хиларх а, луларчу гIортор йечу меттехь ахматхойн тӀемалой хиларх а: "Оха го бича уьш бевдира, хӀунда аьлча, кӀенташа ма-дийццара, Кадыровс нохчашка кара ма гIо аьлла. Муьлхха а кхерам хаалахь, уьш дIабовду. Цундела йийсаре лецна ду тхо".
"ТIеман полицица цхьаьна Курскан кIоштахь лабтташ бу уьш, тIеман машенаш соьцу, таллам бо царах… Балха тIехь (тIемашкахь. – Редакцин билгалдаккхар) суна уьш цхьанхьа а гина бац… Нийса дац, цара шайна иштта пиар йар а, тхан баккъаш тIехьа лечкъина церан Iар а", - боху InformNapalm йукъаралло зорбане йаьккхинчу видео тIехь йийсархочо Верин Анатолийс.
Йийсаре лаьцначу кхечу эскархочо дийцира, "Ахматан" тӀемалоша кхечу салташна ницкъ бора, хьийзабора уьш, йеттара царна, сийсазбеш аьлла. Дукха хьолахь оцу Ӏалашонца казарме вогӀура "Байкер" аьлла цIе лелон кадыровхо Заур. Кхечу ахматхошца цхьаьна иза ведда позицешкара Украинан тӀеман ницкъаш чубогIучу хенахь. InformNapalm йукъараллин авторша чӀагӀдо, вуьйцург Гуьмсера вахархо, "Буьйсанан берзалой" клубан декъашхо волу Чааров Заур ву бохуш.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо 2023-чу шеран чиллан-баттахь чIагIдора: "Вайна массарна а билггал хаьа, нохчий йийсаре боьлхуш цахилар". И тайпа дӀахьедарш цо дира цул дуккха а хьалха а – Донбассехь тӀеман конфликт йолайеллачу йуьххьехь.
"Ахмат" лерринчу ницкъийн буьйранчас Алаудиновс, Курскан кӀоштахь йийсаре лаьцначу эскархойн видеона комментарий йеш, йуьхьанца бохура шайггара даржийна хIума ду и. Амма марсхьокху-беттан 13-чу дийнахь цо эххар а тӀечӀагӀдира: "Ахмат-Нохчийчоь" олучу полкан пхи эскархо йийсаре лаьцна, церан цӀераш йевзаш йу Соьлжа-ГӀалахь. Алаудиновс билгалдаьккхира оцу йукъанна: "Йийсарехь хилла нохчо кхин дIа кадыровхо вац".
…йа тIом бан ца лаьа?
"Хууш ду, "Ахматан" эскархой Курскан кӀоштахь цхьацца дозанаш лардеш дӀахьочу операцешкахь дакъалоцуш хилар. Уьш баккъалла а Украинан ницкъийн карабахна хила тарлора, ур-атталла тӀеман гӀуллакхашкахь дакъа а ца лоцуш", - дIахьедира тӀом толлучу америкахойн институтан (ISW) эксперто Степаненко Катеринас "Кавказ.Реалии" сайте.
Цо билгалдаьккхира, йукъарчу хьесапехь аьлча, Нохчийчуьра оьрсийн дакъош "вон лар йолуш" хилар: "Масала, "Ахмата" 2023-чу шеран товбеца-баттахь ЧВК "Вагнеран" гӀаттам эша ца бира, царна дуккха а хан ийшира Ростов-на- Дону гIала кхача. Иштта, 2022-чу шеран бIаьста Киевна гергахь а, Мариуполь йоккхуш а бинчу тӀемашкахь номиналехь дакъалецира цара".
Оьрсийчоьнан интересаш къуьйсуш тIом бан цхьа а маьӀна ца го нохчашна – ур-атталла, лаамхой санна ницкъаллийн структурашкахь гӀуллакх деш болучарна а, бертаза цига хьежийнарш ца бийцича а. Нохчочун-бусулбан кхетамехь ахча а, даржаш а – иза политикан ловзаршкахь шен дахар кхераме даккхаран харц мотиваци йу. Цунах лаьцна дуьйцуш ву Украинехь тIемаш бечу Ичкерин агIончех лаьттачу Шейх Мансуран цIарахчу лаамхойн батальонан спикер хилла блогер Белокиев Ислам.
"Йоллу исторехь нохчаша къийсам латтош бу шайн маршонехьа, суверенитетехьа, динехьа а. Кадыровхоша хийцина лаккхара приоритеташ лахарчу меттигех. Кхузара ду мотиваци цахилар а, хьайн дахар кIелхIоттош тIом бан ваха лаам цахилар а. Шога аьлча, ахчана дуьхьа хьо тIом беш велахь, хIуъа дина а дийна висса веза хьо, и ахча дайъа таро хилийта", - дуьйцу спикеро.
Изза дилемма йу бохура Белокиевс, ша Кадыров Рамзанна хьалха лаьтташ йерг а: Ӏедал а, ресурсаш а оьшу цунна, амма оццу хенахь шен а, шен гергарчеран а дахар кхераме даккха кийча вац иза. Цундела, блогерна хетарехь, Кремль резайан Ӏалашонца Нохчийчоьнан куьйгалхочо республикера маьрша бахархой Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца хьийсабо бертаза.
"Орсийчоьнехьа къийсар дац и, шен дуьхьа хьийзар ду. Амма халкъо сихо ца йо, исламан динца бIостане йолчу, хийрачу империн амбицешкахьа хIаллакхила", - дерзийра къамелхочо.
Хьуьнан асанашкахь лечкъаш лела
"Мангал-беттан 7-чу дийнахь дуьйна тхуна хаамаш кхочу, Курскан кӀоштарчу нах бехачу меттигашна гергахь хьуьнан асанашкахь кадыровхой гуш хиларх лаьцна. Царех дукхахберш тӀемаш боьлхучу меттигна 5–10 чакхарма генахь бу", - бохура Украинан InformNapalm юкъаралло. Цара билгалдаьккхира, цхьайолу информаци меттигерчу бахархоша луш хилар, важа дакъа тайп-тайпанчу хаамаш гулбаран кепех пайда а оьцуш, схьаэцна хилар, шайна юкъахь социалан машанашкахь даьхна сурташ а, видеош а йолуш.
Масала, марсхьокху-беттан 8-чохь InformNapalm йукъаралло хаам бира Михайловка а, Пушкарное а, Сосновый Бор йартийн кӀошташкахь кадыровхойн тобанаш лаьттачу меттигах лаьцна. Аналистийн аьтто баьлла цхьахволчу эскархочун цIе хаа – иза ву хьалхо Запорожье кӀоштан оккупаци йинчу декъера сурт зорбане даьккхина Ризванов Мохьмад. Карарчу хенахь, InformNapalm-о бинчу хаамца, цара къастийна масех иттаннашкахь ахматхой лаьтташ болу меттиг.
Кадыровхо йийсаре эцар атта ду моьттург, харц хила а йиш йу
"Дерриг а хетало, кадыровхой салтийн баккъаш тIехьа а лечкъина, дозанийн шолгӀачу могӀанна тӀе дӀакхаьчна аьлла. Цигара рейдаш йан а, йа диверсан тӀелетарш дан а йиш йолуш, амма шайна алсам кхерамазалла йолчу метте", - бохуш, кхетадо украинхойн юкъараллин векало.
Цо бахарехь, хӀинца а хало ду ахматхой оцу меттигехь тIамна пайде хиларх хьесап дан. Йукъа-кара хедаш хаамаш кхочу тIемаш бечу аренашкара: цхьанхьа уьш йухабоьрзуш бу, лечкъина Iа, йа кIелонаш кечйеш бу, йа цхьаверг каравоьду.
"Цхьа "тIеман дохк" йу-кх. Амма муьлхха а герзаца волу мостагI кхераме ву, цо дагахь доццург дан а тарло. Цундела кадыровхо йийсаре эцар атта ду моьттург, харц хила а йиш йу", - дерзийра камелдечо.
- Украинан эскар Курскан кӀоштан дозанашка кхечира мангал-беттан 6-чу дийнахь. ХӀетахь дуьйна регионехь лаьтташ тIемаш бу. Оьрсийчоьнан могушаллин министралло бинчу хаамца, лазийна 100 сов меттигера вахархо, эвакуаци йина иттаннашкахь эзарнаш нахана. Мангал-беттан 13-чу дийнахь долчу хьолаца украинхойн эскаран таро йу 30 гергга нах беха эвалана тIехь Iуналла латтон.
- Йуьхьанца Оьрсийчоьнан агӀоно дӀахьедира, Украинан тIеман ницкъийн дозанал дехьадовла аьтто ца баьлла, уьш хIаллакбира бохуш. "Ахмат" спецназан буьйранчо Алаудинов Аптис а дийцира "луьра дуьхьало" йарх лаьцна. И дешнаш тӀеман говзанчаша а, милитаризмехьа болчу блогерша а тӀе ца дитира, цара йуха а элира кадыровхойх "тиктокан эскарш".
- Мангал-беттан 9-чохь, Курскан кӀоштахь хиллачу тӀемех лаьцна дуьйцуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо ши-кхо де даьлча "дика жамӀаш" хир ду элира. Цуьнан прогноз кхочуш ца хилира - хӀетахь дуьйна регионехь тӀеман майда алсамъйаьлла бен йац.