Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчоьнехьара болчу Украинера сепаратистийн могIаршлахь тIом бина а, Европехь ултра-аьттоагIорхьара тобанийн балхана юкъахь дакъалаьцна а волу Iамеркахо дукха хан йоцуш, тIеман кечамах чекх а ваьлла, гIуллакх дан вахана ХIавайашкахь йолчу Iамеркан гIашсалтийн дивизе.
Цунах лаьцна хаам бина Washington Post газето, язо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо.
Iамеркан армерачу хьостана тIе а тевжаш, газето яздарехь, 29 шо долу Кювелье Гийом Дечкен-баттахь Форт-Беннингехь (Джорджия) йолчу тIеман базе хьажийна хилла къоначу салтичун курсашка. Уьш чекхъяьхначул тIаьхьа цунах хилла гIашсалти.
Washington Post газетан корреспондентаца къамел деш Кювельес бакъдина ша Iамеркан армехь хилар.
Кювелье вина а, кхиина а ву Францин къилбехь. Иза махкахо ву Францин а, Iамеркан а. 2014-чу шарахь, Украине а вахана, кара масатоп эцале Кювельес масийтта шо даьккхина ультра-аьттоагIорхьара организацийн декъашхошна юкъахь.
Цунна тоьшалла ду цуьнах лаьцна яьккхина документалан филм а, социалан машанашкахь йолу публикацеш а, иза вевзачу наха дийцинарг а, яздо Washington Post-о.
Цу газето дехар дарца, тIеман министралло таллам болийна Кювельен хьокъехь. Цунах лаьцна хаам бина Iамеркан арме керла эскархой оьцучу буьйранчаллан векло Бланд Келлис.
Украинехь Кювелье вевзаш ву Ленорман цIарца. Иза тIом беш хилла Оьрсийчоьно гIортор ечу «Донецкан халкъан республика» олучу тобан тIемалошна юкъахь. Украинин Iедалша и тоба терроран лоруш ю, иза иштта юкъахь ю Iамерко санкцеш кхайкхийначу вовшахтохараллашна.
Кювельес сепаратистийн могIаршкахь тIом баро дохийна Iамеркан президенто 2014-чу шарахь Зазадоккху-баттахь тIеэцна указ, билгалдоккху Washington Post газето.
Цу указаца а догIуш, Iамеркан махкахошна доьхкуш ду санкцеш кхайкхийначу нахана а, тобанашна а гIо дар. Ткъа цо бакъо ло федералан Iедалшна Кювелье кхеле озо.