Iамерко "Магнитскийн цIейозана" юкъатоьхначу шийтта стагахь шиъ нохчо ву

Оьрсийчоь -- Магнитский Сергейн сурт тIехь долу хьталха латон нуьйданаш.

Iамеркан aинансийн министралло “Магнитскийн цIейозана” юкъатоьхна Оьрсийчура 12 стаг. Царах лаххара а шиъ нохчийн къомах ву.
Iамеркан финансийн министралло бинчу хаамца, «Магнитскийн цIейозан» юкъатоьхна кхин а 12 стаг. Царна дихкина Iамерке бахкар а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн банкашкахь финанасашца йоьзна операцеш яр.

Бухгалтер Магнитский Сергей Firestone Duncan олучу корнсалтинган компанехь болх беш хилла. 2008-чу шарахь Лахьан-баттахь иза лецира Оьрсийчоьнан талламан органаша. Магнитскийна бехке диллинарг дара Hermitage Capital Management фондан куьйгалхочунна Браудер Уильямана ял яларх къелхьара вала гIо дар. Амма таллам дIахьош цо бехке бира Оьрсийчоьнан ницкъаллийн структурин белхахой коррупци лелорна. Цул тIаьхьа вуьшта а могашалла ледар йолу Магнитский велира талламан изолятор чохь.

Хилларг тидам боцуш ца дитира Малхбузенехь. Iамеркехь, масала, тIеийцира «Магнитскийн акт» олуш долу низам. Цу юкъахь таханналц вара 18 стаг. ХIинца царна тIетоьхна кхин а 12 стаг.

Цу керлачу цIейозана юкъахь ву «Матросская тишина» цIе йолчу талламан изолятор чохь 2009-чу шарахь веллачу Магнисткийн гIуллакх луьсташ хилла Москохара Тверан-кIоштан суьан суьдхо Алисов Игор а, «Матросская тишина» талламан изоляторан хаьким Тагиев Фикрет а, Магнитскийс ша шена йиттина бохуш чIагIдеш хилла цигара набахтан лор Гаус Александр а, «Махаон» фирман куьйгалхо Хлебников Вячеслав а, «Парфенион» компанин куьйгалхо Маркелов Виктор а.

И тIаьххьарниг дакъалоцуш вара бюджетера 4 миллиард 400 миллион сом лачкъош.

Кхин а цу цIейозанна юкъатоьхна пхи стаг (банкираш а, ял яларан оргнанийн белхахой а, церан гергара нах а) дакъалоцуш хилла и ахча лачкъош.

ТIе тидам бохуьйтуш ду Магнисткин цIезанна юкъатоьхначу керлачу тоьбан юкъахь шиъ нохчо хилар. Царах цхьаъ ву цхьана хенахь Масхадов Асланан гIаролхо хилла Сугаипов Iумар цIе йолу стаг. Цунна бехке дуьллуш ду Венехь Кадыров Рамзанан гIаролхо хилла Исраилов Iумар вийначу нахаца уьйраш хилла хилар.

ШолгIаниг ву Масхадовн Европерчу пачхьалкхашкахь векал хилла волу Вахаев Муса. Иза дакъалоцуш хилла лоруш ву 2004-чу шарахь Москох оьрсийн маттахь арадолучу Forbes-журналан редактор Хлебников Пол вуьш. Магнитскийн цIейозанна юкъатоьхначу наха адамийн бакъонаш йохийна аьлла хета Iамеркан Iедалшна.

The Daily Beast хаамийн интернет портало биинчу хаамца, цу цIейозан къайлах долчу декъана юкъатоьхна кхин цхьа стаг а. Цхьаболчу зорбанан гIирсашна хетарехь, иза хила мегаш ву Оьрсийчоьнан талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр. Мухха делахь а, и тайпа лаам болуш вара лаххара а Iамеркан 4 сенатор.