Шатто Лаура: «Суна дуьхьал яьллера дийнна пачхьалкх»

Iамерка -- Шатто Лаура а, цуьнан хIусамда Алан а.

Кху шеран Дечкен-баттахь Техас-штатехь Iамеркерчу доьзало Оьрсийчура валийна 3 шо долу Максим велира. Цу хиламо дуьненаюкъара дов эккхийтира. Оьрсийчоьнан Iедалхоша бехке йира къант валийна йолу Шатто Лаура шайн махкахо верна.
Цу зудчо дуккха а хIума лайна кху тIаьхьарчу масийтта баттахь. Iамеркерчу кхело бехказа йитина иза. Амма оьрсаша цунна дехкина бехкаш юхаэцна дац. Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь Шатто Лаурас дийцаира хиллачух лаьцна.

2012-ша чекхдолуш шен хIусамдеца цхьаьна Шатто Лаурас дIаерзийра механа еза а, яхъелла а йолу Оьрсийчура шайн доьзалехь кхаба ши кIант Максим а, Кирилл а валоран процесс. Царна керла цIераш техкира Макс а, Кристофер а аьлла.

Дукха хан ялале Макс цхьана тамашийна бахьанца велира. Техасерчу а, Оьрсийчура а Iедалан белхахоша бехке йира иза кIант верна. Чиллан-бутт юккъебаьлча Шатто Лаурас а, цуьнан хIусамдас Алана а лайра динна пачхьалкхан оьгIазло. Макс Шатто валар коьрта тема хилира дуьненерчу зорбанан гIирсашкахь, цо Iаткъам бира Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а юкъаметтигашна.

Зазадоккху-баттахь кхело сацам бира Макс валар цIеххьана бохам а хилла, ларамаза хилла ду аьлла. Оьрсийчоь дуьхьал хиллахь а Шаттога бехк ца кховдийра Iамеркан Iедалша. И бохам хилла дукха хан ялале Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь Шатто Лаурас хиллачух лаьцна шена хетарг иштта дийцира.

Маршо Радио: Ахьа муха дуьцур дара, хIун дара хаьн кIант веллачу дийнахь хилларг?

Шатто Лаура: «Макс а, Крис а ловзуш вара арахь. Сайн гIуллакхана цхьана йоццучу ханна чуяха дийзира сан. Иза, баккъалла а дуьххьара хиллера аса царна тIера бIаьрг дIабаккхар. Со чу ца яхча ца йолуш яра. И шиъ кетIахь жIаьлешца ловзуш вара, леррина берашна кечйинчу меттигана юьстаха.

Со юха араяьлча, Макс бираьнчикана уллехь Iуьллуш вара. Иштта дерг Максаца хьалха а хилара. Иза, цхьана хIумантIера охьа а воьжна, хьала ца гIатталуш Iуьллуш ву моьттара суна. Иза меттавало гIоьртира со, амма иза садоьIуш вацара. ХIинца кхета со и дерриг а масех секундехь хилла хиларх. Иза кара а эцна, чухьаьдира со. Со кхийтира цхьаъ хилла хиларх, амма билггала хилларг хIун ду ца хаара суна.

Цунна тIера комбинизон дIаса а яьккхина, коч хьала а оьзна, даге ладуьйгIира аса. Орцаллан сервисе телефон а тоьхна, цуьнан дагна массаж ян йолаелира со. Цара суна дийцира 3 шо долчу берана иза муха ян еза. Тхоьга аьллера, Макс дагца сакхт долуш ву аьлла. Цундела цуьнан дог лазаро лаьцна аьлла хетара суна.

Тхо дарбан хIусаме даьхача, соьга а, Крисе а учахь собарде элира. Деле сайн кIантана гIо дар дехара аса. Эххаре а полицин талламхочо элира соьга, Макс велла аьлла. Сайн деган лазам бийца гIорта а ницкъа бац соьгахь. Иза сан бер ма дара. Иза сан бер ма дара! Иза ларамаза хилла бохам бара. Цара дийцарехь, Мак цхьана хIуман буьххье ваьллачух тера дара.

ЦIеххьана тидам цхьана кхечу хIуман тIе а бахана, ког а шершина чувоьжначух тера дара иза, бираьнчиках а кхеташ. Цхьана секундехь дагара ца долу суна, оцу дийнахь иза къелхьарваккхалур вара-кх соьгу бохург. Амма аса цхьа а хIума ца дина, иза вала бахьана долу».

Маршо Радио: «Оьрсийчоьнан Iедалан векалша сихха хьо бехке йира кIант верна. Уьш шеко йолуш бара Макс валаран бахьана цIеххьана хилла бохам бу аьлла эксперто динчу жамIах. Муха мах хадор бара ахьа и бохам бахьана долуш Оьрсийчоьно лелийначуьнан»?

Шатто Лаура: «Со цIена йийнера цара. Со баккъалла а йийнера цара. Цкъа а айхьа пIелг хьакхийна доцу хьайн бер йиттина дийна бохуш хьо бехке веш хилча, хIуна муха хетар дара? ХIун дийр ду ца хууш йисинера со. Цхьа а бахьана доцуш суна дуьхьал яьллера дийнна пачхьалкх.

Суна хетарехь, дукха корматалла йоцучу, моха еанчу нехан реакци яра цераниг. Цара хIиттийра шаьш цу кепарчу вочу хьоле. Уьш дагахь бац шайн ойла хийца. Уьш дагахь бац со къинтера яккха, дерриг а дуьненна а уьш нийса ца хилар хууш делахь а».

Маршо Радио: «Макс валар бахьана долуш Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьедар дира хьан шолгIа кIант, Максан ваша Кристофер цуьнан баккъалла а йолчу нене дIавала веза аьлла. Хьуна хIун аьлла хета цу хьокехь»?

Шатто Лаура: «Церан нана, Iедало бераш дIадаьхна йолу, къаьркъанча ю. Шен ши кIант муха Iаш ву хьажа берийн цIа ца яхана иза цкъа а. Амма зорбанан гIирсашкахула йист хила шен аьтто баьлча, цо элира маIарш тийсина сан ши бIаьрг схьабаккха лаьа шена аьлла.

Суна ца хаа цо иза шеггара элира, я цуьнах пайда ийцира цхьамма пропагандан тайнагах санна. Аса цунна жоп ло. Хьажа, хьайга хIун дало! Хьуна цкъа а дIалур вац Крис. Со ю цуьнан нана. Суна башхалла а дац иза дуьненчу хьа ваьккхина бохург. Со ю цуьнан нана!».

Маршо Радио: «Хууш ма хиллара, и бохам бахьана долуш Оьрсийчоьно дихкира Iамеркахошна шайн махкара бераш дигар. Хьуна хIун хета цу хьокъехь?»

Шатто Лаура: «Нагахь Макс валаро цхьа диканиг дохьур делахь, суна лаара Оьрсийчохь берийн цIенойн системина инзаре къезиг ахча луш хиларна тIе тидам бахийта. Берийн цIенош духуш ду. Макс латточу хилла меттехь берашна лвоза хIиттийначу хIуманашна тIехь яздина дара Iамеркерчу доьзалша сагIийна елла ю уьш аьлла. Со цецяьккхинера берийн цIахь болх бечу белхахоша. Уьш баккъалла а говзанчаш бара. Амма белхахой тоьаш бац.

Нагахь Астахов Павел а, Долгов Константин а баккъалла а Оьрсийчохь долчу берийн цIенойх сагатдеш валахь, цара мел лаххара а шозза алсамдаккха деза цигарчу белхахойн терахь. Цара тоалла кхача латто беза цигахь. Цара дегайовхо кховдо еза цу берашка.

Цу берашна оьшу шайн дахар кхолла аьтто бар. Амма президенто Путина и шиъ дIа а ваьккхина, Оьрсийчоь Iолдал хоьтуьйтуш дIахьедар деш долчу церан метта берийн гIайгIа бийра болу нах ца хIиттта бахь цу берашна оьшург дIакхочур ду бохучух тешаш яц со».