Оьрсийчоьнна герз дохкар а доьхкуш ду. Мегаш дац Оьрсийчоьнна дохка тIеман хьашташна пайда эца мегар долу сурсаташ.
Иза баккъалла а лазаме хила мега Оьрсийчоьнан экономикана аьлла, хета цхьаболчу эксперташна. Ткъа вукхара цу тайпа гIулчаш тоьаш яц бохуш дIахьедарш до. КхолагIчара дуьйцу, Евроберто а, Iамерко Оьрсийчоьнна духьал йохуш йолу санкцеш беламе ю бохуш.
Исханов Хьусайн Ичкерин парламентан декъашхо хилла а, шина тIамах чекхваьлла а ву. Цунна дика евза Оьрсийчоьно лелош йолу политика. Iамерко а, Евроберто а кхийкхош йолчу санкцеша хуьйцур юй Оьрсийчоьно Украина хьокъехь лелон политика аьлла, шега хаьттича Исханов Хьусейна иштта жоп делира.
Your browser doesn’t support HTML5