Нагахь хьал гуттар вочу далахь Украинина герз дала мегаш ду Iамерко. Цуьнах лаьцна хаам бина Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран гIоьнчо Шэннон Томаса.
Цо дийцарехь, и хаттар кхечаьрца цхьаьна дийцаре деш ду Вашингтоно Оьрсийчоьннна а, Украинина а юкъахь хIоьттинчу хьолаца доьзна.
Шэннон Томаса дийцарехь, Украинина Оьрсийчоьнна дуьхьал латта герз далар цхьаъ ю дуккха а варианташна юкъахь. Цо билгалдаккхарехь, карарчу хенахь хала ду Iамерка билггала Украинина герз дала йолалур ю ала.
Reuters-агенталлана ша еллачу интервьюхь Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан секретаран гIоьнчо билгалдаьккхира карарчу хенахь Украинин цхьамогIа гIаланашкахь хуьлург дагадоуьйтуш ду ГIирмехь шайна гинарг аьлла. Шэннона дийцарехь, цхьа а шеко а йоцуш гуш ду цигахь хуьлуш долчунна юкъахь дакъалоцуш Оьрсийчоь хилар. Иза вуно кхераме ду аьлла хета Вашингтонна.
Украинина эскаршца гIо дарх лаьцна аьлча, НАТО-на юкъайогIуш йолу пачхьалкхаш дагахь яц цу пачхьалкхехь хуьлучунна юкъагIерта. Люксембургехь цу пачхьалкхийн тIеман министрийн цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш волчу Чехин тIеман министро Стропницкий Мартина Шинарин дийнахь дIахьедар дира, НАТО Укринехь хуьлучунна эскаршца юкъагIортар хир долуш дац аьлла.
Амма Малхбузехь дуккха а политикаш бу Оьрсийчоь сацо мелла а мехала гIулчаш яха еза аьлла хеташ. Царах ву Iамеркера сенатор-республиканхо Маккейн Джон. Даханчу КIирандийнахь CBS News-телеканалана интервью леш Маккейна дIахьедар дира, Цхьаьнатоьхначу Штаташа Украинина герз дала деза аьлла.
Дукха хан йоцуш Киевехь хиллачу цо билгалдаьккхира «Украинин Iедал хаалуш дац шена гIортор еш Iамерка хилар» аьлла. Маккейна цул сов элира Iамерко а, Европо а луьра санкцеш кхайкхо еза Оьрсийчоь финансийн агIор гIорасиз хилийта аьлла.
Цу тайпачу санкцеша Оьрсийчоьнан экономика йохор ю аьлла хета Iамеркан сенаторна. «Ша пачхьакх ю моьттуш йолу мехкадаьтта духку колонка бен кхин хIума яц иза», - элира Маккейна.
Маккейн Джон Республикан партин цIарах дакъалоцуш вара 2008-чу шарахь Iамеркехь хиллачу президентан харжамашкахь. Цунна хетарехь Оьрсийчоь кхерамаш туьйсуш ю шен лулахочунна. Оьрсийчоь провокацеш лелош ю Малхбузе меттах яккха гIерташ, Украинин малхбалехь акцеш вовшахйетташ, аьлла хеташ ву Маккейн.
Шинарин Iуьйранна Донецк-кIошттахь террорана дуьхьал операци йолийна Украинин ницкъаша. Цунах лаьцна хаам бина Украинин Лаккхарчу Радехь вист хуьлуш цу мехкан президентан декхарш кхочуш дечу Турчинов Александра. Цо дийцарехь, иза дIахьура ю Iедалша цхьацца гIулч йоккхуш а, жоьпаллица а, ойла ярца а.
Турчиновс дийцарехь, Оьрсийчоьнан леррина эскаран тобанаш йоцург а, террорахой боцург а, Донбассехь бу бIеннаш эзарнаш Оьрсийчоьнан пропагандо Iехийна болу Украинин махкахой. Ткъа царна юххехь бу бIеннаш эзарнаш цхьа а бехк боцу украинахой.