Усманов: Эльмурзаев Бека кхалхар боккха эшам бу вайн къоманна

Эльмурзаев Бека

Эльмурзаев Бекех а, и санна болчарах а културан дахар дIаделла нах олу. Иза тIаьххьарниг вара нохчийн хьалхалерачу иллиалархойх. Кху дуьненах дIакъаьстина Эльмурзаев Бека.

Your browser doesn’t support HTML5

Усманов Iимран: Эльмурзаев Бека дIавалар боккха эшам бу вайн къомана

Кхоллараллан белхахойн могIаршкахь Iадийна бу тахана иштта ирча кхаъ кхачар бахьана долуш. Муьлхачу стагах дуьсург я бахам, я дика дош, я цо дина дика гIуллакхаш хуьлу. Ткъа Эльмурзаев Бекас дитинарг ду тахана нохчаллех кийра бузош долу цуьнан иллеш аьлла, дийцира Нохчийчоьнан культуран министран хьехамчо Яндиева Хадижас.

Яндиева: «Вайна боккха бохам бу иза. Бека дика накъост а, дика говзанча а вара. Дагаев Валид а, Эдисултанов ШитIа а, Эльмурзаев Бека а. Цара дитина дукха хIума ду вайн халкъана. Нохчийн халкъан культура хIорданах хIоьттина хилча, уггаре боккха тIадам Бекин хир бара аьлла хета суна».

Нохчийн къам дохочу хенахь 8 шо хилла Эльмурзаев Бекин. ГIиргIазойчоьнан Сулюкте гIалахь дIатарбеллера цуьнан доьзал. Муьлххачу а нохчочунна санна, Даймахке сатийсам цуьнан бирзина иллешка. Цара дукхачу нехан дог а хьаьстина.

Шен дуьххьара иллиалархойн тоба цо вовшахтоьхнера цигахь. КIентий гулбан хала дацара, нохчийн зудабераш цу юккъе ца догIуш, кхечу къоман дерш далийра шаьш, аьлла дукха хан йоцуш дийцира цо меттигерачу телехьожийлехь.

Шен дуьххьара и тоба кхуллуш 19 шо хилла Эльмурзаев Бекин. 1957 шарахь цу тобано хьалхара меттиг яьккхина Москох дIаяхьначу Дуьненаюкъарчу кегирхойн а, студентийн а фестивалехь.

1958 шарахь дуьйна Эльмарзаевс Нажин-Юртарчу культуран кхерчехь кхоьллира хелхаран а, иллиаларан а, мукъамийн а коллектив, жимма тIаьхьо «халкъан» аьлла цIе тиллина йолу. ХIета гIараделира цо дIаолу «Махьмийн ловзар» а, «Сан нана» а, «Зама» а, «Малика» а иштта бIеннаш кхидолу иллеш а.

«Малика» иллин авторца Усманов Iимранца, Эльмурзаев Бекийн тезета воьдучохь къамел дойла хилира сан. Цо билгалдаьккхира нохчийн къоман а, цуьнан хьалкъан кхоллараллин хазна а мел боккха эшам бу Эльмурзаев Бека дIавалар аьлла.

Усманов: «Жима волчу дуьйна Бекин уллехь кхиъна ву со. Цул тIаьхьа училище а яьккхина со ваьлча, юха а цунна уллехь хилла со. Суна некъ белларг иза ву. Доккха дакъалаьцнарг ву иза нохчийн кхоллараллехь. Иза дIавалар а боккха иэшам бу вайн къоман».

Ша кехат пондар караэцначу хенахь дуьйна ша иллешкахь йийцинчу Нажин-Юртахь дIавоьллина Эльмурзаев Бека. Тезет дIадирзича Эльмурзаевн цIе тилла мегаш ю иза ваьхначу урамна я цо болх бинчу культуран кхерчана.