Your browser doesn’t support HTML5
Бохам хилла Берлинерчу Хохеншенхаузен кIоштарчу мухIажарийн юкъараIойлехь бехачу нохчийн доьзалехь. Полицино бинчу хаамца, 6 шо долу йоI кхечу берашца цхьаьна пхеалгIачу гIатта тIерчу петаран корана уллохь ловзуш хилла. Цхьаьна мIаьргонна галмарзах иккхина йолу йоI корехула ара а йоьжна, цIийна хьалхарчу байтIе охьакхетта.
Сихонца тIекхаьчначу Чехкачу Орцан лоьро цкъа цхьалха ша йолчохь интенсиве гIодина цунна, цул тIаьхьа Берлинерчу клинике дIаядийна. Амма шена хиллачу шогачу чевнех ца даладелла и бер – жимма тIаьхьа лоьрийн цIийнахь кхелхина Сумая цIе йолу йоI.
Хилларг толлуш йолчу полицин векалша журналисташка бинчу хаамца, масех бутт бен ца хилла и йоI шен доьзалца Германе схьаеана. Цигахь тховкIело а ехна, шайх Iедало сацам баллалца мухIажарийн юкъараIойлахь бехаш хилла и доьзал.
Немцойн низамашца, и санна болу бохам хилча полицино толлу, дас-нанас шайн берана Iуналла даран декхарш кхоччуш лардина хиллий-те бохург. И таллам кхелхинчу йоIан ден-ненан хьокъехь а бийр бу, Iедалхоша дийцарехь.
Карарчу хенахь шайга кхаьчначу воно дог Iовжийначу цу йоьIан доьзална а, иштта цу бохаман тешаш хиллачарна а Iуналла деш бу психологш.
Цу юкъана жимчу йоIаца хилла бохам чIогIа Iаьткъина Европерчу нохчашна. Иза чукхетнийла хиинчул тIаьхьа цунна дарба доьхуш доIнаш деш бара ватсаппехула цу бохамах лаьцна хиина болу Малхбузера вайнах. Цул сов, бохам кхаьчначу доьзалан вонехь дакъалаца ахчанаш гулдеш а бу Австрерчу а, Германерчу а диаспорийн векалш.