Your browser doesn’t support HTML5
Венерчу 5-чу кIоштан урхаллин кхерчарчу йоккхачу зала чохь цхьа а мукъа меттиг ца биснера. Нохчийн къам дIадохорна леринчу суьйрене баьхкина австрихой а, вайнах а дукха хиларна. Охьаховша меттигаш ца кхаьчнарш пеношца лаьтташ бара. Тамашийна а дацара иза. Нохчийн мухIажарш Австре а, Европе а схьаиха буьйлабеллачу ткъех шарахь цу кепара цхьаьнакхетар дуьххьара дIахьош дара Австрехь.
Цкъа делахь, иза пачхьалкхан кхерчахь дара, 5-чу кIоштан урхалло шен уггаре а тоьлашхо йолу чоь а, цу чоьнахь мел оьшуш йолу техника а елла, и техника лелош гIодан шайн белхахой а белла. Ала дашна, цу кIоштан куьйгалхочо, магистро Шефер-Виерис гулбеллачарга маршалла хаттарца дIайолийра суьйре.
ШозлагIа делахь, Австрера политикаш а, тайп-тайпанчу хьукматийн а куьйгалхой, цу махкахь шуьйра бевзаш болу юкъараллин жигархой а, Iилманчаш а бара нохчийн бохамах лаьцна ладогIа баьхкина.
Цхьаьнакхетаран программа масех баттахь нохчийн, австрихойн жигархоша вуно дукха къахьегарехь вовшахтоьхна а, кечйина а яра. Австрихойн агIор журналист Андерл Габриэле а, антрополог Никнафс Каролине а яра суьйре вовшахтохарехь дакъалоцуш, нохчийн агIор ши цхьаьнакхетаралла – „Австрерчу нохчийн нанойн юкъаралла“ а, „Ичкери“ а.
Шех программех аьлча, нохчий, гIалгIай дIабохорах лаьцна рапорт йира Венерчу университетан профессоро Шмидингер Томасас.
Цо дуьххьара юкъараллина хьалха хьахийра нохчий, гIалгIай дIабохорехь хIетахьлерчу нацийн Германин а, цуьнца декъа хиллачу хIетахьлерчу Австрин а ролах лаьцна.
Сталинна къам дохон бахьана делларг фашистийн Германи Советашна тIелатар дара. Немцоша шайн эпсарийн десант Кавказехь йоссорий а дара, элира цо. Цу кепара, нохчийн бохамна бехке цхьана декъана вайн пачхьалкхаш а, вайн дедай а бу, аьлла.
Вуно чIогIа гулбеллачарна тIеIаткъам бира Венерчу нохчийн кхиазхоша йовзийтинчу арт-проекто. „Тхан дайн –нанойн кхолламаш“ цIе йолчу проектехь иттех кхиазхочо беттанашкахь теллинера шайн доьзалийн истореш. Юха уьш перформансан кепехь йовзийтира гулбеллачарна. Зала чохь гулбелла нахах доккхах долу дакъа, къаьстина австрихой, ахIинехь боьлхуш бара нохчийн 14 шарера 18 шаре кхаччалца долчу нохчийн бераш шайн доьзалийн, шайн дедайн-денанойн кхолламех дуьйцучу хенахь.
Иштта суьйренан программехь кхин цхьа рапорт а яра, „Нохчийн кешнаш сийсаздаран истори“ цIе а йолуш, къам дIадохийча нохчийн чартех советан Iедало некъаш а, хьакхийн фермаш а, гIишлош а ярх лаьцна.
Программа дIахьош уггаре а евзачех австрихойн журналист, Пачхьалкхан културехь, Iилманехь лакхарчу орденан лауреат Шолль Сюзанне яра.
Дуккхаъчу шерашкахь австрихойн коьртачу телеканалан Москохарчу бюрон куьйгалла деш хилла йолу Шолль дуккхаза а Нохчийчохь хилла а, нохчийн истори а, карарчу хенара хьал а дика девзаш ю.
Шен къамелехь цо элира, нохчийн къоман коллективан кхетамехь цкъа а ца йоьрзу чов а хилла йисина ю депортаци аьлла: „Сталинан къиза лелам нохчийн къоман коллективан иэсехь даиманна бисина. 90-чу шерашкахь а, 2000-чу шерашкахь нохчийн бераш оьрсийн бомбех дIалевчкъина гIишлошна бухарчу бункерашкахь Iачу хенахь церан дедайша, денаноша цаьрга дуьйцура депортацех лаьцна дийцарш. Коллективе травма ю иза, йицъян хала а йолуш. Цхьана чкъурера вукху чкъуре а юьйцуш, дайша-наноша берашка дIа а луш йолу“.
Венерчу цхьаьнакхетарехь иштта Австралерчу журналисто Трейл Кимс яьккхина шиъ йоца филм гайтира. Хьалхарниг депортаци ша лайна волчу Венерчу нохчочух Висханов Iарбих лаьцна яра. Ткъа шозлагIниг – Политковская Аннах лаьцна.
Официале программа дIайирзинчул тIаьхьа нохчийн зударша кечбина, депотацехь кхелхинчарна тIера сагIина беана къоман кхачанаш а бууш, кхин а масех сохьтехь дIаса ца боьлхуш Iийра суьйренан хьеший.