Your browser doesn’t support HTML5
Хангошвили Нона, цIахьболчара Тумиша а олу цуьнах, ПIангазахь йина а, кхиъна а ю. Ша лор елахь а, нохчийн култура а, гIиллакхаш а, истори а дукха езаш ю иза. Цундела тамашийна дац цо шен мукъа еана хан цу гIуллакхана хьажош хилар.
Дукха хан йоцуш Гуьржийчохь зорбане яьлла Хангошвилис кечйина «Вайнехан исбаьхьалла» цIе йолу леррина албом. Уггаре а хьалха тIе тидам бохуьйтург ду иза чулацаме а, хаза а, лаккхара дикаллица даьхна сурташца кечйина а хилар.
Нохчийн а, гIалгIайн а исбаьхьаллах лаьцна албом арахоьцуш дакъалаьцна Гуьржийчоьнан Iедалша.
И проект кхочушйина Гуьржийчоьнан културан министраллан рицкъах. Хангошвили евзаш яра Гуьржийчохь цо шен куьйга цхьацца зудараша кечлуш ухку хIуманаш еш хиларца. Шаьш накъосталла а дира дара хьуна, ахь нохчийн култара йовзуьйтуш болх кечбича аьлла кховдийна хилла цуьнга гуьржийн културан министраллан белахоша и проект. Амма ша санна говзалла йолу дуккха а ма бу вайнахана юкъахь аьлла леррина албом кечъян йолаелира ша бохуш, дуьйцу Хангошвили Нонас.
Хангошвили: "Кхузахь, Гуьржийчохь вайнах чIогIа дукха безаш бу. Гуьржаша олу кху дуьнентIехь долчу къаьмнашна юкъахь уггаре а цхьа дукха дезаш къам ду тхуна нохчийн къам олий. Даима а олура цара шун култура муха ю хаа лаар шайна олий.
Културан министраллехь соьга аьллера, айхьа беш болчу балхах лаций албом кечъяхьа, шаьш финансаш лур яра хьуна аьлла. ТIаккха ойла еш, деладахь, ас беш болу болх башха боккха болх а ма бац, ас санна болх беш вайнахана юкъахь дуккха а нах ма бу, цара бина белхаш вовшахтоьхна вайнехан корматалла йовзийтича цунах доккха гIуллакх хир дара-кх аьлла иза дагадеана йолаелира со".
Хангошвили жима йолуш дуьйна говза яра цхьацца куьйга хIуманаш ярехь. Цуьнан белхийн сурташ а ду албомехь.
Вайнехан исбаьхьалла а, културан тIаьхье а гайта Нохчийчу а, ГIалгIайчу а яха аьто ца хилира шен, Оьрсийчу яха виза йоккхуш дукха хан езаш хиларна боху Хангошвилис. Цундела, цо дийцарехь, «Вайнехан исбаьхьалла» проект кхочуш еш жигара дакъалецира Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а говзанчаша, сурташдахархоша а, музейша а.
Хангошвили:
Хангошвилис кечйина албом масийтта декъах льатташ ю. Цу тIехь гойтуш ю вайнехан бIаьвнаш, духар, герз, цара шайн дахарехь хIора денна пайда оьцуш хилла хIуманаш: пхьегIаш, йийбар, цхьацца цIера салпал.
Шен меттиг дIалоцуш ю албомехь ПIаьнгазарчу нохчийн исбаьхьалла. Дуиси эвлахь музехь гойтуш ю меттигерчу бахархоша гулйина хIуманаш.
Масала, кху сурт тIехь долу ага дина Багакашвили Мухмада.
Тахана а истангаш песаш а, вертанаш а деш къахьоьгуш ю вуно лакхара говзалла йолу Гумашвили Жения а,
Маргошвили Натела а,
церан накъостий а.
Хангошвилис кечйинчу проетан цхьа дакъа ду леррина бустамашна хьажийна.
Царна юкъахь ю нохчийн а, гIалгIайн а орнаменташ а,
19-чу бIешарахь Шема а, Урдане а кхаьчначу вайнехан мухIажирийн тIаьхьенийн белхаш а.
Хангошвилис дийцарехь, карарчу хенахь Гуьржийчохь кечбеш бу нохчийн сурташдахкахойн шуьйра гайтам. Кхаа дийнахь Тбилисерчу «Art Palace» олучу исбаьхьаллан хIусамехь гойтур ду церан сурташ.