Венехь оршот сарахь схьайиллира цхьа мехала хIусам – динашна а, къаьмнашна а юккъехь диалог лахаран кхерч аьлла цIе а йолуш. СаIудийна Iедалша кхоьллина йолу иза доллучу дуьнентIера а беза хьеший а баьхкина, йазйира Австрин президентан белхан резиденцехь. Цу хьешана юккъехь Цхьанакхеттачу къаьмнийн инарла секретар Бан Ки Мун а вара.
СаIудий Iарбойн пачхьалкхий, Испаний, Австрий – и кхо мохк бу Венехь схьайиллина йолу саIудийн элин IабдуллахIан цIе лелош йолу Дуьненаюкъара Тайп-тайпанчу Динашна а, Культурашна а, Къаьмнашна а юккъехь Диалог Лелоран Кхерч кхоьллинарш.
Цундела цу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраш, - саIудерчу элин кIант а, министр а волу СаIуд аль Фейсал а, Испанера Хосе Мануэль Маргаллос а, Австрера Михаэль Шпинделеггер вара, цу Кхерчан инаугураци дIайолийнарш.
Даздарш Австрин президентан резиденцехь Хофбургехь дIахьош дара. Цига дIакхачале а гуш дара, меттигерачу полисхоша шайн болх вуно сема дIахьош буйла. Хиламехь аккредитаци йина болу журналисташ а, хьеший а масех таламмийн дозанех чекхбовла безара.
Царех хьалхарчехь сан, ала дашна, инзар яларца тергал дан дийзира, дагахь а доцуш, сайн тIоьрмиг чохь дисина долу цхьа жима швейцархойн урс полисхочо, шен цецвалар хьул а ца деш, хьаладакхар. Цу бехкечу хьолах муха кIелхьара ер яра теша бохуш ойланаш еш йолчу сан коьртахула чекхделира эзар сурт: „нохчо- австрерачу президентан резиденци- урс- террорхо“ бохучу схемина гоунахьа хьийзаш йолу, Оьрсийчохь яьккхинчу хенан лараш Европехь а дIа ца йовш хиларна тоьшалла а деш.
Амма полисхочо, со эчиг лохуш долчу кевнах чекхъяьллачул тIаьхьа, вела а велла, юха дерзийра сан урс а, тIоьрмиг а. Схьахетарехь, цунна кхин кхераме герз а ца хеттачух тера дара соьгарниг.
Инаугурацин сийдолу хьаша санна Вене веана вара Цхьакхетачу къаьмнийн инарла секретар Пан Ги Мун. Цуо шен къамелехь элира, ша дукха хан йоцуш Гергарчу Малхбалера юха вирзина ву, аьлла.
Цигахь го, къаьмнашна а, динашна а юккъехь цакхетамаш а, гамонаш а хиларо мел инзаре вуонаш а, баланаш дахьа адамашка, элира цуо шен къамелехь, Венехь и кхерч кхоллар вуно мехала хилар билгал а доккхуш.
Пан Ги Мун: «Иза Цуьнан Возаллин эла IабдаллахIин уггаре а баккхийчех сатийсам а хилла дIахоьттинера — стигланийн динаш шайх олучу динийн векалш вовшашна герга балон йиш йолу хIусам кхоллар. Эла Iабдалла тешна ву, и хIусам юккъера Венехь схьайоьллуш хилар ларамаза а дац, иза вуно доккха мехалалла а, маьIна долуш хIума а ду бохучух. ХIунда аьлча, Вена Европин дега юккъехь Iуьллуш ю, ткъа Австри дуккхаъчу шерашкахь кхечу пачхьалкхашна юккъехь толеранталлийца а, хийрачу динашка а, культурашка а болчу ларамца гIараяьлла а ю».
Форуман хьешанна юккъехь бара доллучу дуьнентIера тайп-тайпанчу динийн лаккхарчу даржашкара векалш. Масала, Константиполан экуменийн патриарх волу Бартоломеус а, Ватиканерачу Папин динашца уьйраш латоран хьукматан куьйгалхо кардинал Тауран Жан-Луи а, Мадридера епископ Антонио Варела а. Иштта Европерачу раббинийн куьйгалхо а, Москохарчу жуьгтийн коьрта раббин а Пинхас Голдшмидт а, бусулбачийн цхьаьнаболхбаран юкъараллин куьйгалхо Исаноглу Элемеддин а, дуьненюкъарчу Исламан Лигин куьйгалхо доктор Iабдулла ат -Турки а.
Австрерачу коьртачу шахьаран уггаре а хазчу меттехь, Шоттенринг урамехь, шен туш долчу цу кхерчан куьйгалла деш ву мацах Саудийн Iарбойн дешаран министр хилла волу Фейсал Iабдурахман бин Муаммар. Ткъа цуьнан хьалхара гIоьнча Австрин юстицин министр хилла йолу Клавдия Бандион -Ортнер хIоттийна.
Кхерчан болх билгалбоккхуш хир ю 9 стагах лаьтташ йолу Кхеташо, дуьненан даккхийчу динийн векалша юккъехь а болуш, - кхоккха бусулбий, керистийн динашкара, цхьа-цхьацца жуьгтийн динерий, иудаизмерий, буддизмерий а волуш.
И кхерч кхоллар 2007-чу шарахь Саудин эла IабдаллахI Ватикане а вахана, цигахь Папица цхьанакхетачул тIаьхьа долийнера. ХIетахь дуьйна цу кепара динашна юккхехь тIай кхолларан кхерч яр — иза эла IабдаллахIан боккха лаам бар, бохуш, дийцира цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро СаIуд аль Фейсалс.
СаIуд аль Фейсал: «Иза Цуьнан Возаллин эла IабдаллахIин уггаре а баккхийчех сатийсам а хилла дIахоьттинера — стигланийн динаш шайх олучу динийн векалш вовшашна герга балон йиш йолу хIусам кхоллар. Эла Iабдалла тешна ву, и хIусам юккъера Венехь схьайоьллуш хилар ларамаза а дац, иза вуно доккха мехалалла а, маьIна долуш хIума а ду бохучух.
ХIунда аьлча, Вена Европин дега юккъехь Iуьллуш ю, ткъа Австри дуккхаъчу шерашкахь кхечу пачхьалкхашна юккъехь толеранталлийца а, хийрачу динашка а, культурашка а болчу ларамца гIараяьлла а ю».
Элин кIанта СаIуда аль Фейсала иштта карладаьккхира, и кхерч шен-шен латта тIехь схьаеллар къуьйсуш Берлин а, Мадрид, Вена а хилла хилар.
СаIудий Iарбой бу кхерчан коьрта спонсораш а. Хьалхарчу кхаа шарахь I5 милион евро ахча хьажор ду цу махко цуьнан хьашташна. Цул совнаха, цара иштта 7,5 миллион а делла, и кхерч чохь йолу хIусам эцна, масех шарахь дуьйна Австрин куьйгаллин тоян ка ца долуш я ахча ца тоьуш лаьтташ хилла йолу иза тоян декхар шена тIе а йоьцуш.
Цу кхерчаца бала боккха бара Австрерачу юкъараллехь а, журналистийн гонашкахь а. Нагахь санна националистийн хьежамаш болчу меттигерачу FPÖ партин векалша кхерамаш баржош хиллехь, «бусулбанаш бу богIуш» я «СаIудера ваххабиташа Венехь туш тоьхна» бохучу паролашца, прессехь кест-кеста бистхуьлура тайп-тайпана «эксперташ».
Цара дийцаре дора, мегар дуй теша, шайн махкахь зударшка машен а ур-талла ца лелайойтуш болчу саIудашка Венехь и тайпа кхерч схаьеллийтар, цуьнна куьйгалла дайтар а, бохуш. Критикаша билгалдоккхура, и кхерч оьшуш а, пайде а хилара, амма бакъахь хир дара саIудхой цунна ахча а луш а, амма цуьнан балхан юккъе а ца гIерташ Iад йича, бохург. Доцца аьлча, «ваххабитийн ахча шаьш ваххабиташ йистах а болуш новкъа-м хир дацара» бохучу хьесапехь.
Делахь а, дукхох болу меттигера политикаш а, юкъаралин жигархой кхеташ бу, и кхерч, ша саннарг дуьненчохь хIинцалца схьа хилла а боцу, вуно пайдехьа хиларх а, цуо динашна а, къаьмнашна а юккехь барт барехь гIулчаш йохург хиларх а.
Австрин арахьарчу гIуллакхийн министро Шпинделеггер Михаэла элира цу хьокъехь : «Диалоган кхерч- иза доккха гIо ду, дуьненчохь толеранталла яржорехь а, вовшашка болу тешам алсам баккхарехь а. Ас дозазалла до, и хIусам Венехь кхоьллина хиларна», - аьлла.