Соьлжа-ГIаларчу Ленинскан кIоштан кхелехь доьрзуш ду 52 шо долчу Мусаева Заремин бехктакхаман гIуллакх листар. Кху шеран дечкен-баттахь суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамнана, жигархойн Янгулбаев Абубакаран а, ИбрехIиман а нана бертаза лаьцна, Лаха Новгородера Нохчийчу дIайигира курхаллаш лелорца гIаттийначу гIуллакхан теш санна. Эххар а Мусаева бехкейира – цунна кхел йеш ю цхьахволчу нохчийн полисхочунна тIелатарна. Оцу хеначохь хиллачу коьртачу хиламех дуьйцу Кавказ.Реалиино.
Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин белхахой чулилхира 2022-чу шеран дечкен-беттан 20-чохь Лаха Новгородера Янгулбаев Сайди а, Мусаева Зарема а дехачу хIусаме. Юьхьанца Iалашо йара церан хеттарш дан дIавига суьдхо лаьттинарг, амма царна ийшира Коьртачу прокуратурера а, кхелахойн квалификацин Лакхарчу коллегира а бакъо. ТIаьххьара а лачкъийра цуьнан хIусамнана.
ТIе хIума ца йохуьйтуш, тIехула йухург а, молханаш а схьаэца а ца юьтуш, цунна оьшуш долу инсулин а цхьаьна, дIайигинера иза. Масех бутт баьллачул тIаьхьа кхелехь Мусаевас дийцарехь, ницкъахоша новкъахь эцна хиллера цунна и преперат, цо масийттазза латкъамаш бинчул тIаьхьа. Иштта цо билгалдаьккхинера, ша юьгу машен маса хаьхкинера, магийначу барамел а совбуьйлуш, некъан низамаш хьоьшуш, амма машен цкъа а саца ца йира аьлла.
Тиларчу йоьдучу хьолехь кхачийра иза Соьлжа-ГIала – иза гуш ду, Нохчийчуьра омбудсменан Солтаев Мансуран шен аккаунте хIоттийначу ролика тIехь. Камери хьалха цо элира, шеца шогалла ца лелийра, амма хIума йаа ца лора шега бохура, инсулин цахиларна. Цуьнан кIанта Янгулбаев Абубакара дIахьедира хIетахь, шен нана оцу хьолехь цкъа а гина йацара шена.
"Шайггара кхоьллинчу гIуллакхехь хIун талхийна хир ду?"
Нохчийчохь Мусаева бехкейира полисхой сийсазбарна – оцу тIехула административан гIуллакх айдина, 15 дей-буьйсий туьйхира цунна чохь даккха. ХIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIдора, Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIаьрг баккхаза ваьлла иза" бохуш. Оцу юкъанна, хууш дац оцу кхелехь цара велла адвокат мукъна а хиллий-те Мусаеван – масех кIиранах цунна тIе ца витинера "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" адвокат Немов Александр.
СИЗО-хь латторо цуьнан могушаллина дика болх ца бо. ТIехьаьжна ишта ца хета, хIунда аьлча, доьналлица гойту цо ша
Дукха ца Iаш юкъараллехь къепе латточу МВД-н полицин хьаькаман гIовса Айдамиров Хьусайна адвокате дIакхачийра, Мусаевас йаздина ду аьлла, Немовн хьашташ оьшуш дац аьлла, дIахьедеш кехат. "Iазапашна дуьхьалойаран Командан" бакъонашларйархоша тIехтесира и кехат, чиллан-беттан 8-чохь аьтто хилира церан адвокат тIевитийта – тIаккха хиира царна, административан гIуллакхехула кхеташо йоьдучу хенахь иза кхетамчохь цахиллийла.
Бакъонашларйархочун нана кхетамчуьра йаьллера, шен цIе яьккхинчул тIаьхьа, ткъа меттайеанера 15 дей-буьйсий тухуш таIзар динчул тIаьхьа спецприемник чохь.
ХIара дуьххьара дац Мусаевана кхелехь вон хилар: товбеца-баттахь цхьахйолчу кхеташонехь лазар деанера цунна – охьа а йоьжна, эгайора иза.
Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, гIуллакх толлучу юкъанна СИЗО хьажавойла дац диабет а, цуьнца цхьаьна кхин а цамгарш йолу стаг, хIунда аьлча, ФСИН-н таро йац царна оьшу дарба латтон, билгалдоккху бакъоларйаран жигархочо Янгулбаев Абубакара. Адвоката Немов Александра бахарехь, аьхка дуьйна адвокато тIедожийнера кхачам боллуш Мусаеван могушалла талла аьлла, амма дIахьедира, иза СИЗО хьажорна дуьхьал дац шаьш аьлла. Юккъерчу барамехь аьлча, Мусаева лаьцна латтон 11 бутт бу.
" СИЗО-хь латторо цуьнан могушаллина дика болх ца бо. ТIехьаьжна ишта ца хета, хIунда аьлча, доьналлица гойту цо ша, - боху Янгулбаевс. – СИЗО-хь магийна долу чу-ара йалар дац мамин, хIунда аьлча, ламеш тIехула лартIахь лела ца ло иза. Лоьрийн гIо латтадо цунна, амма кхачам боллуш дац иза а".
Изза тIечIагIдира Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас. Цо хаийтира, дIоггара тIех Мусаеван бакъонаш хьоьшуш хIума ца го, цуьнан могушалла эшна йогIуш йелахь а.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо лечкъа ца дора Мусаева лацаран билггал долу бахьанаш: цо бахарехь, ЯнгулбаевгIеран доьзал боьзна бу оппозицин 1АДАТ телеграм-каналца. Дечкен-беттан 21-чуьра 24-чу дийне кхаччалц Кадыровс оцу темина хьажийна итт текст а, видео а хIоттийра шен телеграм-канелхь. Чиллан-беттан 1-чохь Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама дIахьедира, "синош, бахам ца кхоош, дийнахь а, буса а" ЯнгулбаевгIеран доьзална тIаьхьадевлла лелар ду шаьш.
Тешаш боцу гIуллакх
Мусаева Зарема бехкейо зуламан шина къепехула: курхалла (ч. 3 ст. 159 УК РФ), Iедалан векалан дахарна кхераме ницкъ дуьхьалбаккхарна (ч. 2 ст. 318) а. Хьалхарчу къепехула ялх шаре гергга хан кхачайо цунна, шолгIачуьнца – итт шаре гергга.
Мусаеван гIуллакхехула кхелаш юьйлаелла товбеца-баттахь – хIетахь суьдхо Башуев Ахьмад шен лаамехь юкъара велира и гIуллакх луьстучуьра, цуьнан административан гIуллакх ша листина аьлла, кхета а деш. Цул тIаьхьа суьдхо Эдиев вара дов хоттург, марсхьокху-баттахь иза дуьхьал хиллера кхелан процесс кхечу регионе дехьайаккхийта – Соьлжа-ГIалахь гIуллакх озабезамаш боцуш толлур дац бохуш, тийсабелира адвокаташ.
Дог дохийла ю процедура низамаш талхош дIайаьхьна хир ю аьлла
Талламан версица, экс-суьдхочун хIусамнана тIелеттера полисхочуна Абдулхамидов Мохьмадна, цуьнан юьхьа тIера кховраш а дохуш. Цунах лаьцна мукIарло дина "зенхиллачо" а, "тешаша" а. Адвоката Немовс бахарехь, тIаьххьарчарна маьхьарий хезна, ткъа цхьа хан йаьлча "ницкъахо гинера таммагIашца".
Экспертиза хIоттийнера прокуратуро, цо а тIечIагIдинера, ницкъахочун могушаллина гIеххьачул а зен дина хиллера аьлла.
"ДНК-н цха экспертиза схьаэцнера пхи де даьллачул тIаьхьа, цо гайтинера, мамин маIаршна юккъехь полисхочун цIийн ларраш йисинера аьлла. И экспертииза къовсаме ю – оццул хан яьлла, цуьнан йиш ца хилла куьйгаш дила а, лийча а. Цул совнах, цуьнан бу боху бехк тешаша тIечIагIбо – интерес йолу нах а полицин белхахой бу", - боху, гIуллакхан материалаш йевзачу Янгулбаевс.
Адвоката Немов Александра ма-дийццара, и экспертиза цхьана а агIор къовсийла дац хIинца – Нохчийчуьра говзанчаша йина йара и, процедура чекхйаьллачул тIаьхьа матераилаш хIаллакйина цара.
"Дог дохийла ю процедура низамаш талхош дIайаьхьна хир ю аьлла. Низамашкахь магош ду материалаш хIаллакйан, амма и муха дара хьуна аьлча, леррина дина хIума дара иза, цу тIехь тхан шеконаш йац", - билгалдоккху адвокато.
ГIуран-баттахь Мусаеван адвокаташка кхачийра, шайн инициативаца Краснодаран кIоштахь цхьана агIор йинчу экспертизин жамIаш – дуьххьара хиллачун жамIаш дерриш а аьлча санна харцдира цо. Нохчийчохь официалан талламаш бечу хенахь а санна, изза хеттарш хIиттийначу экспертана хетарехь, МВД-н белхахочун юьхьтIера таммагIаш "адаман могушаллина зен ца дина ларш" ю. Прокуратуро протесташ йешшехь, и экспертиза кхело гIуллакхна юкъайахийтира – рогIерчу кхеташонехь дечкен-беттан 12-чохь хеттарш дийр долуш ду и йинчуьнга а.
"Полисхо лазоро, ма-дарра аьлча, цуьнан могушалина цхьана а кепара дина зен дац – таммагIа ду и, кховраш дац даьхна. Цундела, 318-чу артиклан шолгIачу декъехь лорийла дац хIара, хьалхарчу декъехь мел а (могушаллина зен доцу ницкъбар). Шуна дагадагIахь, митингаш йирзинчул тIаьхьа полисхочун агIор ластийна стака а ницкъахошна тIелатар дар санна лорура, амма цуьнан дахарна кхерам боцу", - дуьйцу Немовс.
Оцу юкъанна гезгамашин-баттахь СИЗО-хь Мусаева йовзуьйтуш, дакъалаьцначу тешаша а дийцира кхелехь оцу процедурехь низамаш талхорах. Царех цхьаммо дIахьедира, иза йовзийтале а хьалха гинера шена фигурантаца цхьаьна иза йовзуьйтуш хуьлу статисташ-нах аьлла. Кхечо хаамбира, Мусаевах тера бацара статисташ, цул совнах, иза йовзуьйтучу барамехь берш хевшина бара, цхьа Мусаева ирахь лаьтташ йара аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Мусаева Заремин гIуллакхехула лелийначу харцонех дийцина тешаша кхелехь"Бакъо йоцуш дIайигинера Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала. Иза цхьаммо а тIекхайкхина йацара, 2000 километар некъ а беш, иза дIайига цхьа а бух бацара. И ца динехь, 318-гIа артикл а хир йацара. Видеокамераш болх беш ца хилла, тIелатачу хенахь хилларг дIайаздина дац боху, уьш болх беш хиларх тоьшаллаш оха дIаделлашехь, кхело гIуллакхна юкъа а ма дахийтина уьш. Кхин хIун эр ду? ХIун низакм талхийна меттигаш хир бу шайггара кхоьллинчу гIуллакхехь?", - хеттаршка вуьйлу Немов.
Оцу юкъанна курхалла лелорца йолчу эпизодехь тоьшаллина прокуратуро оццу артиклехула таIзар дина меттигера яхархо ялийнера. Янгулбаев Абубакара дIахьедира, "полицица бертайаха" реза хиллера иза, Мусаева Соьлжа-ГIала йалийначул тIаьхьа, зудчо дIахьединера, экс-суьдхочун зудчо хьехнера шена кредиташ оьцуш, нах Iехон кеп-кепара схемаш.
Кхин цхьана а кепара оцу гIуллакхехь тоьшаллаш дац: тешаш бац, йа документаш дац, Мусаева таIзардинчуьнца йевзаш хилар тIечIагIина а дац.
ХIума дицдалар а, тIаьхьабовлар а
Ша Мусаевас кхелехь мукIарло дина –цо аьттехьа а тIе ца дуьту шена дохку бехкаш, лачкъийначул тIаьхьа ша гIора эшна, де долуш а йацара цхьанна а тIелата аьлла. Мусаевас дIахьедира, зен хилла ву боху, шен гIуллакхна юкъахь волу полицин белхахо ца вевза шена, йа иза гина а вац шена, хIунда аьлча, ша тIелетта бохучу заманчохь талламхочун кабинет чохь йара ша цкъа хьалха, цул тIаьхьа омбудсменан Солтаевца цхьана зал чохь йара.
ТIаьххьарчу шина баттахь сайна тIаьхьабевлла хаабелла бац суна – ас нахаладаккхаро а, ФСБ-не арз дарна а хила тарло
Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь адвокато Немовс аьлла оцу гIуллакхехула тешийна даредарш "кегаре" ду. Мусаеван кIанта Абубакара хьалхо йаздира, хеттарш дина тешаш-полисхой дуьхьал хилира хIума къастош совнах деллачу хеттаршна жоьпаш дала, текхна коронавирус бахьана долуш хIума дицло шайна аьлла.
Кху шеран аьхка, Соьлжа-ГIаларчу кхелехь гIуллакх листа долийначу юьххьехь, Мусаева Заремин адвокаташа латкъамбинера шайна тIаьхьабевлла нах бу аьлла – цара бахарехь, дечкен-баттахь дуьйна буьйлабеллера уьш, амма тIаьххьарчу хенахь цхьа кеп а хIиттош. Хетарехь, царна тIаьхьабевллера Нохчийчоьнан МВД-н урхаллин белхахой, цара куьйгаш лора аэропортера полисхошка, цхьана а базехь йоцучу машенаш тIехь дIасалелаш бара.
ХIетахь адвокаташа ФСБ-н директоран цIарах чу дIахьедар делира, шайна тIаьхьабевлла нах бу аьлла. ХIинца Немовс дийцира, дIахьедар Нохчийчухула йолчу МВД-н урхалле дIахьажийнера, ткъа МВД-хь жоп ца делира аьлла.
"ТIаьххьарчу шина беттачохь тIаьхьабевлла нах хаабелла бац суна – тарло гIуллакх нахаладаккхро а, ФСБ-не дIахаийтаро а гIо дина. ХIун маьIна ду цуьнца? Оха цхьа а хIилланаш а, кийтарлонаш лелош йац, хIуммаъ вониг лелийна дац. Юьхьанца дуьйна а тамашен хIума дара и церан агIор", - дийцира Немовс.
Адвокатийн хьалхарчу инстанцехь болх боьрзур бу хIара шо довш аьлла, Iалашо йара, ткъа хIинца гуш ду, процесс мел а дIайахйина – бакъонашларйархошна хетарехь, вердикт кхайкхор ю кхелахоша дечкен йа чиллан баттахь.
Шен нана бехказа йоккхур ю бохучух тешаш вац Янгулбаев Абубакар – цунна хетарехь, бехкбуьллуш таIзар хир ду. Цхьа хаттар дуьсу таIзарх лаьцна: билггал чохь йаккха хан тухур ю цунна, йа арахь йаккха.
"Суна хетарехь, и гIуллакх иштта нисдинчунна шена а хууш хир дац. Кхеташ хилча, тоххара сацам бина хир бара цара, шаре дIадах ца деш", - тешна ву Янгулбаев.
***
Иза лачкъийчхьана Мусаева Заремин боллу доьзал Оьрсийчуьра дIабахана – цуьнан хIусамда Янгулбаев Сайди шен йоIаца Алияца Евррпе дIавахара. Церан воIарий Абубакар, ИбрахIим, Байсангур дозанал арахьа бехаш бу 2021-чу шарера схьа дуьйна. Заремин гIуллакх ишта дирзина ши кIира даьллачу хенахь Янгулбаев Сайдигара дIайаьккхира федералан суьдхочун леррина статус – оцу хенахь дуьйна лакхарчу инстанцешкара пурба а доцуш, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдан бакъо йара.
Дечкен-баттахь, оппозицин 1АДАТ болам вовшахтоьхна Янгулбаев ИбрахIим лаца кхайкхийра, оцу каналехь публикацеш йарна цунна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхан гурашкахь. Ткъа заздокху-баттахь Росфинмониторинган террорхойн а, экстремистийн а тептаре йазвира иза. Лахьан-баттахь оцу тептаре ваьккхира Байсангур а – мича буха тIехь, хууш дац.