"Йийсархойн концлагерш"? Украинхойн салтий муха латтабо Оьрсийчоьнан къилбехь

ФСИН-ан урхаллин белхахо талламан изоляторехь, гайтаман сурт

Gulagu.net проекто а, иштта телеграмерчу каналаша а хаамбина, украинхойн йийсархой Волгоградера Камышино эвларчу СИЗО-хь а, Ростоверчу колонешкахь а латтош хиларх. Iедало и хаамаш тIе ца чIагIбо, харц а ца бо, амма бакъоларъярхоша дуьйцу цхьамогIа къилберчу регионашкара изоляторш дIаюьзна хиларх.

Gulagu.net гIирсан хьостанаша дийцарехь, Охан-беттан чакхенгахь украинхойн тIеман йийсархой Зверевера №1 а, Каменск-Шахтинскера ИК-12 колонешкахь латтош хилар, тIаккха цигара дIалецнарш, бахарехь, Зазадоккху-беттан юьххьехь кхечу леринчу хьукматашка дIабига болийна.

"ХIинца ИК-1 а, ИК-12 а – ма-ярра концлагерш ю тIеман йийсархошна лерина, тIом боьдучу аренашкара дIалецначу украинхойн салтех дIаюзуш ю уьш. ТIеман йийсархошна тIехь контроль латтош бу ФСИН-ан, ФСБ-н, Росгвардин белхахой, иштта, хан тоьхначу жигархойх болу къайлаха агенташ а – царах дукхахберш Iазап латторца евзаш йолчу колонешкара а, СИЗО-шкара схьабалийна бу", - дуьйцу Gulagu.net гIирсан хьостано.

Халахетахь а, шинна а агIоне ца кхоллало тIеман йийсархой вовше дIасабаларан чекх са гуш йолу механизм

Оцу хаамийн цхьа дакъа тIечIагIдина Таганроган яхархочо, цо яздинера, гIалара СИЗО-2 украинхойн эскархойх йоьттина ю, ткъа хьукматана уллохь лаьтташ тIеман полицин машенаш ю, тIеман йоккха машен а ю тIехь "Z" элп долуш.

Ростован махкан ФСИН-н урхаллина юкъайогIуш 20 лерина хьукмат ю, хьахийна ерриг - Таганрогера, Каменск-Шахтинскера, Зверевера а – Донбассан уллохь ю. Масала Зверевера ИК-1 украинхойн дозанера 10 километр генахь бен яц.

"Камышинскера набахте кхин а 200 тIеман йийсархо валийна Украинера. Тидам бе. Хаам талла безаш бу. Амма масех тIеязвеллачара дуьйцу тхоьга иза", - хаамбора Охан-баттахь "Подсмотрено. Камышин" паблико.

"Яблоко" партин федералан бюрон декъашхочо Ефимов Александра прокуратуре, ФСИН-ан урхалле, Волгоградан мехкан Юкъараллин тIехьежарийн комиссига а аьрзнаш хьежийна, и хаамаш талла аьлла дехар деш.

И хаам бовзийтина волчу Ростован мехкан Юкъараллин тIехьежарийн комиссин хьалханчас Омельченко Игоря а аьлла, украинхойн эскархой Таганрогерчу СИЗО чохь латтош бу боху информаци тIечIагIйина яц.

Эскархойн "фильтраци" а, дуьххьара кхелаш а

Шинна агIоно йо тIеман йийсархойн фильтраци. Оьрсийчохь цаьрца болх бо коьртачу тIеман талламан урхаллан оперхоша а, ФСБ-н белхахоша а, тIаккха украинхойн агIонехула и болх дIахьош СБУ ю. Зуламаш лелоран а, низамехь доцу тIом баран а тоьшаллаш доцурш хийца йиш ю. Иштта хийцамаш хIинцле а дIахьош ду, дIахьедина Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь "Салтийн нанойн комитетан" хьалханчас Голуб Светланас.

Къамелдечо билгалдаьккхина, хийцамаш даран дийцаршкахь цхьанне агIор дакъа лоцуш бац бакъоларъярхой – царна тидам ца бо шинна а агIоно. Голуба дукхазза кхехьийтина Киеве аьрзнаш, уьш дерриг жоьпаш доцуш диссина.

"Журналистийн гIоьнца Арестович Алексейга (Украинан президентан офисан хьехамча, украинхойн агIонан коьртачех цхьа спикер. – Редакцин билгалдаккхар). И хаттар шега дала дезаш дац, аьлла жоп делла цо. Вовшахкхета а реза ца хилла, аьлла : "Стенна?", - иштта журналиста дийцина соьга. Халахетахь а, шинна а агIоне ца кхоллало тIеман йийсархой вовшашца дIасабаларан чекх са гуш йолу алгоритм, хIара дахлуш ду", - тидам бо бакъоларъярхочо.

Оьрсийчоь а, Украина а, шаьш куьйг яздина йолчу Женеверчу конвенцин низамашца доза кхетта ю. Цуьнца а догIуш, ерриг комбатантийн – тIеман ницкъийн декъашхойн – цхьатерра статус ю.

"ЛДНР-н" дозанехь муха латтош бу йийсархой хууш дац, деккъа "мокха доза" ду иза

Уьш йийсаре лецна пачхьалкх декхаре ю уьш лартIахь долчу хьелашкахь латтон, лоьрийн гIо дан а, сийсазаллехь, Iазапехь ца латтон а, гергарчаьрца зIене бовла аьтто бала а. Иза хьакхало конфликтан массо а официалерчу агIонех, шен декъехь, Донбассан сепаратистийн республикийн "къоман милици" олучучех а, тидамбо "Гражданин и армия" бакъонашларъяран организацин директора Кривенко Сергейс.

Женеверчу конвенцехь нисс дIа яздина ду, муьлхха а Iаткъаман кепаш йихкина хилар, Iазап латтор магийна ца хилар, йа эскархошкара муьлхха а хаамаш дахархьама кхинболу ницкъбар а. Жоп дала реза воцучунна кхерамаш тийса а, сийсазе къамелаш дан а, йа вуьшта тIаьхьваьлла лела, доза детта а йиш яц.

Цундела Кадыров Рамзанан ницкъаллин блокехула волчу гIоьнчас Алаудинов Аптис украинхойн йийсаре лаьцна эпсар гойту, тIехь ницкъбина хилар гуш волу​, тIаккха Нохчийчоьнан куьйгалхочо ца вашарца забарш йо, иза "ца хууш кIомсарна тIе ваьлла, го лаьцначу гIишло чуьра араволуш" – иза Женеверчу конвенцин низамаш нисса дIа хедор ду. Оцу тайпа хиламаш а нисло украинхоша шаьш дIаязйинчу видеош тIе.

"Иштта делахь а, тIеман тийсдаларш доьлхучу юкъанна йийсархой дIайсалучу конфликтан декъашхойх йолчу пачхьалкхана тIедилларш конвенцехь хьехош дац. Иза яздина дац, амма пачхьалкхо шен лаамехь лелон йиш йолуш ду. ТIом чекхбаьлча йийсархой хийцар "массарна дуьхьала массо" олучу кепехь хуьлу, зуламаш лелийнарш биссалц, хIора пачхьалкхо ша кхел йо ишттачарна", - тIетуху Кривенкос.

Украинехь хIинцле а хилла оьрсийн эскархошна тIехь дуьххьара кхелаш. Сумскан кIоштера маьрша вахархо верна валлалц чохь яккха хан тоьхна 21 шо долчу Шишимарин Вадимна, 4-чу танкан Кантемировскан дивизин декъан буьйранчана. Полтавскан кIоштехь кхел йина Дергачи юртана тохарш дина волчу машен лолорхочунна а, артиллери тIехьажочунна а. Бобыкин Александр а, Иванов Александр а ву и шиъ, 11 а, ах а шераш тоьхна царна чохь яккха.

Оцу хеначохь Оьрсийчоьнан Ростован махкахь кхело талламан дехарца дIалаьцна Украинера дуьххьара тIеман йийсархо Мурыга Денис, "Айдар" батальонна юккъехь хиллачу Добассерчу тIеман конфликтан декъашхочунна. Мурыгана тIехь еш йолчу кхело тоьшалла до, тIеман йийсархой Ростоверчу СИЗО-шка хьийсош хиларна.

Чохь латторан а, цIаберзоран а хьелаш

Женеверчу конвенцин кхин цхьа коьрта дакъа, билгалдоккху "Гражданин и армия" бакъонашларъяран организацин директоро, иза йийсархошна къаьстина гIишло хилар – уьш рогIерчу набахтешкахь а, талламан изоляторшкахь а латтон йиш яц.

Делахь а, шортта информаци кхочу, украинхойн тIеман йийсархой Волгоградан а, Ростован а мехкашкарчу тIеман декъашкахь нах лаьцна латточу меттигашкахь хилар дуьйцуш. Иза ишта хилар талла аьтто бац цхьанне агIор. Амма иза ишта делахь, цо Женеверчу конвенцин низамаш хедадо. "ЛДНР-ан" дозанехь йийсархой муха латтош бу хууш дац, деккъа "мокха доза" ду иза", - тIе тидам бохуьйту Кривенко Сергейс.

"Набахте" бохучу дашца ца йогIу тIеман йийсархошна лерина лагерь  

ТIеман йийсархошна лерина хьелаш оьшуш хилар Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгалдаьккхина Волгоградерчу пачхьалкхан университетан конституцин а, муниципалан а бакъонан кафедран хиллачу хьехархочо, дуьненаюкъарчу бакъонийн жайнийн автора, юридикан Iилманан кандидата Мельниченко Романа. Социалан машанашкахь тIамна дуьхьала арахецарш дарна балхара дIаваьккхира иза, хIинца и сацам кхелехь къуьйсуш ву иза.

"ТIеман йийсархой латточу меттигах "лагерь" олу дош леладо дуьненаюкъарчу бакъоно. Йийсархошца йолу юкхаметтиг юьйцучу конвенцин текстаца дуьстича, иза вуно доза тоьхна меттиг ю, шена чохь лецнарш латтон чоь а йолуш, новкъарло йоцуш оцу чухула дIасабаха аьтто а болуш. Бехктакхаман гIуллакхашкахула нах чубоьхкинчу "набахти" бохучуьнца, йа кхинйолчу чохь латторан хьукматашца ца йогIу тIеман йийсархошна лерина лагерь", - дуьйцу къамелдечо.

Цо билгалдоккху, "тIеман йийсархо" а, бехктакхаман гIуллакхца лаьцна волу "тIеман йийсархо" бохучу дешнашна юккъехь башхалла гуш хила еза, аьлча а, шолгIаниг билггала долу зуламашна шеконашкахь верг, йа бехкевийриг ву. Иза колонехь латтон йиш ю.

"Йийсархой цIаберзоран хаттарца дерг дийцича, дуьненаюкъарчу бакъонаш дуьхьало ца йо агIонашна иза дан лаахь, амма цхьанне агIора цунна тIехь контроль ца латтайо. Делахь а, дуьненаюкъарчу тIеман низамна юкъадогIу рогIерчу бакъонийн низамаш а, царна юкъадогIу "массарна дуьхьала массо", "нийсонан принцип", "дифференцин дIасавалар" а боху формулаш", - чIагIдо Мельниченкос.

Цо бахарехь, муьлххачу а конвенцин ницкъ дуьненаюкъарчу низамийн субъектех хьакхало, оцу кхетамна юкъайогIу конвенцина куьйг яздина йолу къобалъянза латтанийн вовшахкхетараллаш а.

"Аьлча а, "ЛДНР-х" хьакхалуш Женеверчу конвенцехь долу дуьненаюкъара низамаш ду, амма (конвенцехь дIаяздина) конвенциалан барамаш санна ца лела уьш, рогIера дуьненаюкъара тIеман барамаш санна лела", - билгалдоккху къамелдечо.

Цул сов, оьрсийн ницкъаша украинхойн эскархой йийсаре лаьцча, церан бакъо яц уьш сепаратистийн кара дIабала, хIунда аьлча, цара Женевера конвенцина куьйг ца яздина, чекхдаьккхина Мильниченко Романа. Цо иштта тIетоьхна, мухха делахь а, Оьрсийчоь хир ю дIасабеллачу йийсархойх дуьненаюкъара-бакъонийн жоьпаллехь.

***

Чиллан-беттан 24-хь чугIортар доладелчхьана Оьрсийчоьнан а Украинан а юккъехь дуьххьара буьззинчу барамехь нах дIасабалар хилира Зазадоккху-беттан 21-хь. Москвано дийцира, исс эскархо юхавирзина аьлла, Киево элира, иттанна дуьхьала итт стаг а луш хийцира. Оьрсийн агIонехула и гIуллакх лелош омбудсмен Москалькова Татьяна ю, ткъа Украинехь оцу тIехь болх беш ю цхьана ханна оккупаци йинчу латтанаш тIехь реинтеграци йаран хаттаршкахула йолу министр Верещук Ирина. Охан-бутт болалуш керла йийсархой дIасабаларх лаьцна хиира – 86-нна дуьхьала 86.

Мангалан-беттан 6-гIа де – Оьрсийчоьно Украинана дуьхьала тIом бен 103-гIа де ду. ТIеман тийсдаларш муха доьлху буьззинчу барамехь кхузахь еша.