Закаевн вешин кIант тIаме хьажор, "вийна" Бакаев, депорт йарна кхоьру нохчо. КIиранан жамIаш

Кадыров Рамзан а, Закаев Ахьмад а

Нохчийн оппозиционеран гергарниг Украинерчу тIаме хьажийна Кадыровс, иллиалархочун Бакаев Зеламхин гIуллакхехь керла хаамаш гучубевлла – цунах лаьцна а, кхиндолчух а хезар ду шуна Маршонан 21-чу подкастехь.

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийн политикан гергарниг Украинерчу тIаме хьажийна Кадыровс | МАРШОНАН ПОДКАСТ #21

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Закаевн вешин кIант тIамтIе хьажийна

Эскархойн рогIера тоба Украине хьажорах дIахаийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Бу царлахь, Кавказ.Реалиин хьасташа дийцарехь, политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант Хьусейн а. Цуьнца цхьаьна ву боху махкахь "бехкалавахна" хилла 200 стаг а. Уьш стенна бехкебо, редакцина хууш дац. Шайн гергара стаг тIамтIе вахийтарх иштта дуьйцу Закаев Ахьмадан кIанта Шемала: "Iуьйранна "Северный" аэропортера, "бехкала бахна", йа царна товш боцчу 200 стагаца цхьаьна дIавигира иза. Цуьнан могушалла дика йацара, масийттазза букъана операцеш йина цунна, къуркъалца бала хьоьгуш ву иза. Суна схьахетарехь, коьрта бахьана ду – сан дас, Закаев Ахьмада а, оха а лелон гIуллакх, иштта оьрсийн агрессорна а, оккупантана а дуьхьал латточу къийсамехь кхузахь, Украинехь, оха гIо дар а".

Дагадоуьйту, 39 шо долу Закаев Хьусейн лецира шен вешица Бисланца чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина чуйогIучу Кадыров Ахьмадан цIарахчу 2-чу полкан эскархоша. Бислан тIаьхьо дIахецнера, Хьусейнан кхолламах хIуммаъ а хууш дацара.

Закаев Ахьмад – мацах дуьйна Кадыров Рамзанан дуьхьалонча ву, кест-кеста вистхуьлу иза цуьнан рожана дуьхьал. Шо хьалха Украинехьа тIемаш бен батальон, Ичкерин тIеман ницкъийн батальон ОБОН олу цунах, вовшахтуьйхира Закаевс.

ГIадужу-баттахь хаамбора, Закаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккхарх, цо ютьюбехь батальон кхолларх видео хIотторна.

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Украинехь тIемаш бечу махкара бахархошка кхайкхамбира Кадыровс, Закаев Ахьмад ве аьлла. И дан ка йаьллачунна хьоле дахар хуьлуьйтур ду ша республикехь элира цо. Иштта Нохчийчоьнан урхалхочо чIир хьейира Украинехьа болчу Ичкерин агIончашна. Товбеца-баттахь Украинан байракха бухахь тIемаш бечу батальонийн декъашхоша дIахьедира, Нохчийчохь Кадыровн рожана дуьхьал йаккха гIаттамхойн тоба вовшахтухуш ду шаьш аьлла.

Кадыров Рамзана кест-кеста дIахьедо Нохчийчуьра Украине тIом бан рогIера "лаамхойн" тоба хьажорах. Цо чIагIдора, махкахь хIора кIиранахь тIамехь дакъалаца 200 стаг ву кечвеш бохуш.

ХIара дуьххьара дац, Кадыровн рожана дуьхьалболчийн гергарнаш бертаза тIаме хьийсор, Украине бахийта къайлахчу набахтешкахь нах латтош бу Нохчийчохь аьлла, масала, бакъоларйаран СК SOS проекто дийцира.

Бакаев Зеламха вийна кадыровхоша

Нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха, 2017-чу шарахь тIепаза вайна хилла, вийна нохчийн ницкъахоша, регионан урхалхочо Кадыров Рамзана омра а дина. Цунах лаьцна дуьйцу "СК SOS" кризисан тобано шен талламехь. Республикера Iедалхоша иза лачкъийна хила тарло бохуш, къедораш йора тоххара дуьйна а, амма ша Кадыровс тIе ца дуьтура, Бакаевн гегарчарна тIехь ду жоьпалла бохура цо.

Божаршца уьйраш йолуш ву аьлла, шеконаш кхоллайеллачу нохчийн полисхоша тергоне эцна хиллера иза, тешна бу СК SOS тобанера бакъоларйархой.

Шен дукхахйолу йолу хан Москвахь дIахьора цо, иза тешаш вацара, ша вуьйр ву аьлла. Кхерам лаьтташехь, Зеламха Оьрсийчохь висира шен цомгаш нана дIа ца тасархьама. Организацица къамел динчунна хетарехь, Бакаевна "мотт тоьхна" хила тарло цуьнца уьйрашкахь хиллачу жимчу стага – иза а хилла Москвахь вехаш, Нохчийчуьра ницкъахошца зIе а хилла цуьнан.

Бакаев божаршца гIуллакх догIуш ву аьлла хаам Кадыров Рамзанан лерех кхетча, Зеламхаца "йистйаккхар" тIедожийнера цо, боху. И шиъ вевзаш вара, иллиалархочуьнга куьг а луш, ткъа цуьнан ориентацино ша сийсазвина аьлла хеттера цунна, чIагIдо тобано.

Веле хьалха артистана тIехь бехха ницкъ бина. Бакаев билггал нохчийн ницкъахоша вийна: цуьнан дакъа дега-нене дIаделлера, "жIала санна дIаволла" аьлла, тешна бу оцу гIуллакхан таллам бинарш.

Иштта дийцира СК SOS кризисан тобанан директоро Истеев Давида. "Тхо Iиттаделла хIуманаш ду хIорш, оцу стагана хьалха харжам буьту: йа набахте воьду хьо, цигахь кхайкхадо хьан ориентацих дерг – иза -м валар ма дуй стагана. Йа Украинерчу тIаме воьду хьо олий. Дукхахболчара ца хоржу набахте, цхьаболчара тIом хоржу. Суна дага ца догIу, нохчийн полицино тIехь ницкъ ца беш стаг дIахецна меттиг. Церан карара вала аьтто бу, кхерам хиларх хьо хууш велахь, хьоьга хаийтинехь, тIаккха ведда-вала йиш йу хьан. Амма хьо каравахний, шансаш йац. Кеп-кепара ницкь бо хьуна тIаьхь, тайп-тайпанчу хьелашкахь араволуьйту хьо оцу набахтешкара, бакъду, Iазапаш массарна а тIехь хьоьгу цара".

КХИН А ХЬАЖА: Бакъоларйархой: Бакаев Зеламха вийна нохчийн ницкъахоша

Батаев Iела а, иза дIавала кхерам а

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь дуьйна Швейцарера депортацин центрехь шена Оьрсийчу депортаци йаре лаьдоьгIучу Нохчийчоьнан вахархочун Батаев Iелин гергарнаш болчу баьхкина хилла полисхой. Хьалхо дуьненайукъара барамашца ша Iалашвар дехнера Батаевс, иза тешна ву, нагахь ша даймахка дIахьажавахь, Кадыров Рамзанан рожана лерна вен тарло ша аьлла.

Кхин дIа къийса а ца луш, депортацина иза реза хилийта хьийза ницкъахой гергарчарна Iаткъам а бина, хаамбина бакъоларйаран "Европера машаран ЦIийнан" куьйгалхочо Гашаева Зайнапа.

40 шо долу Батаев Iела дуккха а шерашкахь Украинехь ваьхна, шайн пачхьалкхехь ваха бакъо а йеллера цунна. Амма Украинехь тIом болийча Европе дехьавала дийзира цуьнан. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Швейцарин Iедалхоша лецира иза, хIетахь дуьйна депортацин центрехь ву. Товбеца-бутт йуккъе баьллачу хенахь мацалла кхайкхийра цо 30 денна, ткъа бутт бовш дийца даьккхира цуьнан могушалла цIеххьана эшна аьлла.

Цуьнан дег1аца тоххара дуьйна хилла лазарш карзахдевлла мацалла хьегарна. Доьлех цIий оьху, хинан къурд бан а хала ду цунна, хаамбина бакъоларйархоша. Ша лоьрех чекхваккхар доьху Батаевс, дарбанан цIийне охьа а виллий, амма цо бохург деш дац.

Австрера а, Германира а, Швецера а векалташна хьалха митингаш хIиттийра нохчийн диаспоран векалша Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал.

КХИН А ХЬАЖА: Швейцарихь депортацин центрехь волчу нохчийн мухIажаро мацалла бахьанехь ша дарбанан цIийне охьавиллар доьху

ГIалгIайчоь ВИЧ-инфекцина а, наркотикашна а талламбар

Керла доьзал кхуллучу хенахь цIийца имунно-дефициатан ун а, наркотикашца йоьзна хIума а йац аьлла, анализ йайтина лоьрашкара кехат доцуш там-мах бар дехка дагахь бу динан дайшца йукъахь гIалгIайн Iедалхой. Оцу гIуллакхан инициатор ву регионан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела, шен белхахошна тIедиллина цо цуьнца йогIу бакъонехь проект кечйе аьлла. Iедалхоша дIахьедарехь, лоьраша делла кехат бух болуш дуй хьожуш, леррина толлур долуш ду.

Оцу гIуллакхах лаьцна дийцарединчу хьаькамийн цхьаьнакхетарехь иштта хьехна доьзал къастахь, шайн доьзалхо наркотикех кхеташ хилар, кхин долу вон лазар делахь а дас-нанас къайлахьохь, -царна гIуданаш детта деза аьлла.

Оцу йукъанна, карарчу хенахь лелачу оьрсийн низамашца, ВИЧ-ун таллар оцу стеган шен лаамца хила дезаш ду, и хаамаш нахалабаха бакъо йац, пациентера бакъо йоцуш муххале а. Низаман тIегIанехь шайн инициатива муха чIагIйан дагахь бу мехкан Iедалхой, хууш дац. Бакъду, луларчу Нохчийчохь 2018-чу шарера схьа дуьйна бакъо ца ло там-мах бан, нагахь санна, могушалла Iалашйаран министраллера ВИЧ-инфекци йац аьлла, делла кехат карахь дацахь.

КХИН А ХЬАЖА: Доьзал кхуллуш ВИЧ-уьнан тестах чекхваккхар йукъадаккха хьийза ГIалгIайчохь

Кадыровн нуц – Нохчийчоьнан вице премьер

Нохчийчуьра министрийн кабинетан вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийна Мацуев Висхан – мехкан урхалхочун йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат йахнарг ву иза. Хьалхо бахаман, латтанан йукъаметтигийн министр вара иза. Кадыров Iайшат культурин министран даржехь йу.

Шен нуц керлачу дарже хIотторах хаамбина Кадыровс телеграм-каналехь. Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу кхеташонехь иза хIоттор "доьхуш" вистхилира Хучиев Муслим, ткъа республикин куьйгалхо цунна тIетайра.

Мацуев Висхана хуьйцур ву оцу даржехь Кадыровн йишин кIант Закриев ИбрахIим (Якъуб) – дахначу кIиранахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омраца пачхьалкхан дола йаьккхинчу Danone компанин куьйгалле хIоттийна иза. Оцу йукъанна министран даржера Закриев дIавоккхуш хиларх цкъачунна хаийтина дацара.

Бахаман, латтанийн йукъаметтигийн министралле кхачале хьалха Мацуев Висхан Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин миграцин хьукматан хьаькам вара. Цуьнан да – Мацуев Зеламха – Кадыров Рамзанан доттагI а, хадархо а хилла ву.

Нохчийчохь иттаннашкахь республикин урхалхочун гергара нах хIиттабо регионера лаккхарчу даржашка.

Урхаллин йоллу аьлча санна система Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонан а карахь йу, оцу йукъанна шен доьзалера нах даржашка хIиттор башха цецвийла хIума а ца хета цунна. Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан шен бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой, иштта кхин дIа болу герганаш а.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоьнан вице-премьер хIоттийна Кадыровн нуц

***
Аша ладуьйгIира Нохчийчоьнах лаьцна коьртачу хаамашка. Йазло тхан агIонашка шаьш ладоьгIначохь, йахкийша лайкаш – цара аьтто бийр бу хIара подкаст кхин д1а а йаржон.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: