Your browser doesn’t support HTML5
Къилбаседа ХIирийчоьнан лаьмнашкахь деши лоьху Оьрсичохь маьIданаш толлучу "Росгеологино". Юхьанцара жамI: долуш ду деши ламан тархашца. Къасто дезаш дуьсу: маьIна ду я дац иза доккхуш харжаш ян.
Цкъачунна тIех пайде маьIданаш дац дохуш хIирийн махкахь. Йоккху гIум-тулг, гIишлошна оьшу латта, доломит, мокхаз, миллионаш шераш хьалха хилла чим, хи. Ткъа деши – иза ша-тайпа, алхимин могIара яьлла дегайовхо ю кхузахь.
"Деши ду бохург – иза цкъачунна къамел бен а дац. Геологин маьIне диллина, мел ду иза ломан лаьттаца къасто деза. Лабораторехь, химин гIоьнца билгалдаккха деза, кларкашкахь ду, я кхин сов-кIезиг ду лаьттан тонница деши", - дуьйцу "Кавказ.Реалиига" "Росгеологин" геологин декъан куьйгалхочо Туаев Олега.
Цкъачунна талламаша гойту дешин барам "хаалуш-ца хаалуш" бохучунна тIера "гIеххьачу барамехь" бохучу кхоччуш бу.
"Геологашна тоаме дац деккъа дIа "деши ду лаьмнашца" алар, хаа деза, мел ду, муьлхачу меттехь даккхар тоьлу", - билгалдоккху Туаевс.
Карарчу хенахь толлуш ду Ламардонера, Какадурера лаьмнаш. 34 километр дIалоцу зуьйш йолчу майданаша. "Кернаш" олу зераш деш доккхучу лаьттах. Электростанци тIе а ялийна, гIум-латта охкуш, хишца дуьлуш, белхаш бу хьош карачу муьрехь. Талламаша гойтур ду хиндерг, карарчу ханна къаьстинарг ду шаьш талламаш дIабахьа маьIна хилар.
"Хила тарлучу пайдан геологигин-экономикан мах ца хадийча, олийла дац хIун перспектива ю лехамийн", - боху Туаевс.
Деши доцург, кхидолу мехала маьIданаш а лоьху "Росгеологино".
Туаевс бахарехь, дахначу бIешеран 70-чу шерашкахь хааделла маьIданаш а ду хIирийн лаьмнашкахь Какадурехь – толлуш: даш, цинк. Ткъа царех даккхало дети, индий, кадмий.
ХIирийн лаьмнашкахь деши ду ала хьалхе ду, боху Туаевс. Делахь а, кIезиг-дукха хаало. ЖамIе а даккхина, "Росгеологина" "ду" я "дац" ала йиллина хан чекхйолу 2019-чу шарахь.