Мотт бетташ болу нах маьрша бу Нохчийчохь

Чувоьлличхьана дуьйна тIехь къизаллаш латтийна волу Зубайраев Зубайр (Сурт - адвокат Хадисов Муса)

Нохчийчохь жигара тIемаш боьлхуш, хеццна чубоьхкина хилла нохчийн кегий нах жим-жима цIаэха буьйлабелла оьрсийн набахтешкара. Эвланашна го а беш, оьрсийн эскархоша шайн цIера дIабигинчул тIаьхьа чубоьхкинарш бу цхьаберш. Вуьйш, ницкъаллийн структураша терахьана лецна а, кхелашкахь церан бехк хиларан тIечIагIдан цхьана кепара бахьана ца хиларна, еха хенаш тоха аьтто ца баьлларш бу. Церан кхин цхьа дакъа а, ницкъаллийн структурийн белхахоша мотт бина чубохкийтинчех а бу. Республике цIабоьрзучарна а, арабовла герга болчарна а кхераме хьал хIоьттина Нохчийчохь.

Цхьаннена къайле йоцуш, тIемаш боьлхучу юкъанна Нохчийчохь чIогIа баьржинера ахчанах бохкабелла я кхин Iалашонца мотт бетташ болу нах. ХIинца уьш нохчийн юкъараллехь кIезиг бу бохург дац иза. Бекх буй-баций ца къестош, хIетахь мел лаххара а пхи шо тохара цкъа Iедалийн караваханчу стагана. Цхьа жима бахьана карийча-м, I5 шо тухий, Нохчийчоьнна уггар генарчу оьрсийн набахте хьажавора.

Хьалхарчу могIарерниш хIинца цIаберза буьйлабелла республике. Селхана тутмакхаш хилла нах хаза нехан санна могашалла телхина, набахтешкахь ма-хуьллу тIехь ницкъ бина кегий нах бу. Аьлча а, церан IиндагIаш. Баханчу Мангал-беттан юьххьехь набахетар аравалийтина Нохчийчура Дойкур-эвлара Зубайраев Зубайр. Цуьнан йиша Малика ю иза чувоьлличхьана дуьйна, иза ваьккх-ваьккхинчу набахтешкахула цунна тIаьхьа оьхуш лелла. Цо дийцарехь, тIаьхьавала стаг воцчу оьрсийн набахтешкара вайнехан тутмакхийн гIуллакхаш чIогIа ледара ду.

Малика: ГIалгIай бу, нохчий бу, Дагестанера бераш ду, дукха бу... ЧIогIа хьийзош бу уьш. Хьийза-м шайниш бо хир бу цара, амма вайниш къаьсттина хьийзабо ламаз дарна а, къомах кавказхой хиларна а. Кхин цхьа а бахьана дац.

Сан вешица цхьанакхетар къиза нисдора. девнаца лора, тхоьга набахтин йистехь кIира, ши кIира доккхуьйтуш. Низамехь тхан бакъо йоллушехь, ца лору. Шаьш хIокхунна йиттина хилар гайта ца лууш гуттар а бара уьш. (Зубайрина) оха дохуьйтучу ахчанах цуьнга яахIума ца эцийтара. Цуьнца чохь болчу кхечу нехан цIарна тIе а доккхий и ахча, цаьрга Зубайре дIадалийта хIума леладора оха. Ур-атталла, шаьш гIазакхаша а гIо деш, молханаш чуделла оха.

Цигарчу адвокаташка чудалийтара оха молханаш. Оха (гергарчара) делларш ца хIокхунна дIа ца лора. Вовше накъосталла деш, хаза нехан санна доьналла а долуш, (набахтешкахь дика кIентий бу вайн. Уьш байа а бойуш, цIеранаш тIаьхьа баха йиш-таро а йоцуш, цIа бахча и дийца ца баьхьаш, оцу набахтешкахь и хьал долуш ду. Сайн вешина аса айина хIара (гIуллакх) дуьне мел ду, дийна тхайна схьавалийта... (йоьлхуш ю)

Маршо радио: Набахтера араваьлла стаг маьршонечу дахаре юхавоьрзуш ву бохург аьттехьа а бакъ дац. Араволуьйтучу минотехь а кхерам тIебазло – кисана наркотик я патарма а кхуссий, кхин а масех шарна юха а чувуллу. Оьрсийн пенитенциаран ямарт система дика евзачу нохчаша адвокат вуьгу хIинца. Делахь, пенитенциаран система а яц къаръяла дагахь. Стаг араволу хан хуьйцу, уллехь гергарнаш а, царгара гIо а ца хилийта.

РогIера кхерам цIахь бу. Оцу кегий берашна мотт бинарш хIинца юха а меттах бевлла. Цкъа делахь, уьш шайна бекхам барна кхоьру. Иштта, Зубайрин гIуллакхехь а ву цу кепара цхьа декъашхо Хамбулатов Аслан. Иза ша ницкъаллийн структурийн векал ву. Ерриг Дойкур эвлана вовза а вевзаш. Зубайраев воцург, кхин нах чубухкуш а дакъа лаьцна цо. Зубайраева Маликас дуьйцу:

Малика: ХIинца иза кхайкха а хIунда дина бохуш хьийзош ду тхо. Иза дийна ара ца валийта хьийзина уьш. Адвокаташ лаьцнера оха. ЦIера нана а кхерайо цара тхан. Шен карьера ярхьамма динера цо иза (Хамбулатов Аслана).
Сан нанас аьллера цуьнга: "Аса кхаба ма кхаьббера хьо, урамехь цхьаммо чу а ца буьтуш, церан доьзал лелачу хенахь". Маситта шарахь ваьлла лелла иза, юьрто чу а ца вуьтуш. "Хьан нана а, доьзал а лела ма бинера аса, хIунда динера ахьа иза?" аьлла шена хаьттича, "со цу юкъа вахана ваьллера, сан дан хIума дацара. Со хIинца доьзал ца кхаьбча ца волу со. Сан бепиг ду иза", бахара цо. Со уллехь а йолуш, сан ненега иштта (дешнаш) аьлла ву-кх иза.

Соьга а бохура цо, "шуна иза хIете-вете а дийна цIавогIур волуш вац. Тийна-таьIIина чохь Iие" бохура. Шайн-шайна цо цхьа бохам барна кхобруш, оцу эвлара цхьа стаг вац цуьнга хIумма а ала ваьхьаш. Иза Iедалан стаг ву, цо милла а вухкур ву, бохуш.

Маршо радио: Набахтера ара валийтар а ша-тайпана дара Зубайрин. Маршо радионо дийцира цунах лаьцна. Пхеа шарахь тIехь латтийначу къизачу гIелоно могашалла дIаяьккхина Зубайрин. Дийна иза Нохчийчу дIакхачалур вац аьлла, дарба леладайта, дарбан цIийне виллина иза цуьнан гергарчара. Кхеташ ма-хиллара, шайн чотах лоьрашка дарба леладойтуш ду цара. И хьал хуъушехь, Церан керта хIуьттуш ду Iедал. Уггар хьалха уьйтIа баьхкина, тамашийна делахь а, иза лоцуш хилларш а, иза лацийтинарг а.

Малика: Ша дерриг и айина лелаш верг и ву иза (Хамбулатов Аслан). ХIара цIа хIунда ца веана, боху цара. ЦIавеанчул тIаьхьа (Зубайрин) цхьанхьа ваха йиш яц, шен карахь ву хIара, бохург ду иза цуьнан. И аьлла цара тхан нене.

Маршо радио: ЗубайраевгIеран адвокато Хадисов Мусас бахарехь, Зубайраевн хIуьттаренна кхаа шарана тIехьожу хан ю хIоттийна. Оцу юкъанна баттахь шозза Iедалшна тIе а воьдуш, куьг таIон дезаш ву иза. Цхьанххьа дIасавала бакъо ца ло цунна.
И хьал ахьа муха туьду ахьа аьлла шега деллачу хаттарна жоп луш адвокато элира.

Москохара адвокат, Хадисов Муса, 2012 шо

Хадисов Муса: Цхьа а бахьана уьш (ницкъаллийн структурера) бахка. Нагахь санна (уьш) баьхкина хиллехь, Зубайрина кхерам бу. ЦIа ца вахаран (бахьанина) кехаташ долуш ду кхузахь. Иза вахалур ма вац Iедална тIе. Дарбан хIусамехь ву иза. ЦIакхочий а ца хаара иза (Зубайра), оццул вуо хьал долуш вара иза набахте араваьлча. Иза лечкъош лелаш цхьа а вац. (Дарба а дина) цIакхаьччхьана, шайн куьйгаш теIош Iийр бу-кх уьш

Маршо радио: Зубайраев вехачу урамах жоп луш волу полицин векал вахарх кхеташ ду. Стаг набахтера араволуьйтучу хенахь, иза вехачу меттигерчу Iедалан векалшка хаам бо.
Оцу хьоле хьаьжжина хIинца кехаташ кечдан деза бохуш дийцира Зубайраев Зубайрин хьокъехь Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь «Гражданское содействие» организацин векало Ганнушкина Светланас.

Ганнушкина: Кхин хаттар ду, бехк кхин цкъа а тIехьарчо тарлуш хиларца доьзна. Зубайра дакъазаваьккхина а, заьIап висна а, цуьнгара цхьа а кхерам бацахь а – иза хIокхул хьалха цкъа хиллехь а - иза хила тарлуш хIума ду. Амма, халахеташ делахь а, иза тидаме а эцна совцур бац цунна тIаьхьабевлларш. ЧIогIа чолхечу хьолехь ду тхо. Зубайраевга хIун ала деза ца хууш дисна тхо.

«ЦIа а гIой, Iедалшка иза хьесапе эцийта» аьлла оха хьехар дича, юха а иза набахте хьажор вац ала дац. Ишттаниг хилла меттигаш дукха евза тхуна. Набахтера цIабохкуьйтучу нахана тIехь алссам тидам хуьлу, царна тIе бехк билла атта ду, уьш экаме бу.

Iедална хьалха шаьш бинчу балхах декъешца рапорт ечу полицегахьа ду иза. Уьш декъий дацахь, "низамехь йоцчу тIеман тобанашна" гIортор ярна бехке ийзочу нахана тIехьарчош ду зуламаш. Оцу кепара, набахтера цIабаьхкина нах ша-тайпана кхерамечу тобанна юкъа нисло.

Маршо радио: Зубайрина мотт бинчу цуьнан луларчу стагана чIогIа ца лаара иза дийна цIавогIийла. Иза мел заьIап велахь а, де доцуш кIел виснехь а, ша йинчу харцонан теш велла хуьлуьйтур вара цо. Цул сов, иза тешна волчух тера ду, шена цкъа а таIзар хир дац бохучух а, оцу кепара даьккхина «бепиг» шена хьарам дац бохучух а. Ганнушкинас дуьйцу.

Ганнушкина: "Цуьнан бепиг" хIун ю? Цуьнан бепиг - низамехь йоцчу герз карахь долчу тобанашца къийсар ду. Цхьаммо а цуьнга хIумма а бохур дацара, цо шен бепиг хьанала даккхахьара. Цара и къийсам боккъалла а беш белхьара, нах бойучарна, терроран акташ ечарна духьало яхьара, талламан болх бахьара, царга хьан хIун эр дара? Амма цара ишта болх ца бо. Шайна атта волу цхьа пекъар лохий, шаьш болх бен сурт хIоттадо.

Оьрсийчура кхелан система йохарца доьзна ду иза. Вайн йозуш йоцу кхел елхьара, нагахь санна, оцу мотт беттачу нахана шайн гIуллакх кхеле а даьккхина, цу кхело нийсонца сацам бийр буй, харцо лелорна жоьпе озор дерш шаьш хир дуй хаахьара, цара иза дийр дацара. Гуттар санна, лортIехь болх беш йоцчу кхелан системех гIоьртина ду иза. Йозуш йоцу кхелан система ца хиларал совнаха, хIаллакьхилла ю иза.
Цундела, цхьа стаг схьа а лоций, цунна тIе бехк хьарчабой, болх бинарш хуьлу Iедалан ницкъашкахь болх беш берш. Изза ду Москох а. Нохчийчохь хилла ца Iа иза.

Цхьа зулам до цхьаммо. Боккъалла а иза талларна метта, бехк кховдон атта волу цхьа миска стаг лоцу. Уьш нохчий а хуьлу, царна коча баха атта ду. Белхалой-мигранташ а бу. Бехк-гуьнахь доцу стаг ша ца динчу зуламах жоп дала дезачу хьоле хIоттаво. Талламан болх чекхбаьлла сурт хIоттадой, талламхочо и гIуллакх кхеле дIало. Прокуратуро, ше нагIра, и бехк тIечIагIбо. Харцонна дуьхьало ца йо цо. Кхин дIа кхел хуьлу. ТIаккха цигахь, мелла а говзалла лакхара йолчу юристо и гIуллакх оьшучу кепе даладо, кхачамбацарш дIа а дохий. Бехк баран документан тIехь еккъа цхьа цIе бен ца хуьйцу. Системано ишта болх беш хилча, аса юьйцучу экамечу тобанехь нисло хенаш а яьхна, цIабоьрзуш болу нах.

Адамийн бакъонашларъярхо Ганнушкина Светлана, 06ГIа2011

Маршо радио: Цуьнан кхин цхьа бахьана ду, хьаннашка я лаьмнашка а вахана, герз кIел хIуттучул а, стоьлан хьалха хиина Iашшехь, карьера ян атта хилар. Цкъа дахар галдаьлла волчу гIийла мисканах - цуьнан бехкана иза хиллий-ца-хиллий цхьаммо чоьте ца оьцу - шен карьера еш пайда боккху. Оьрсийчоьнан Къайлахчу Сервисехь а, Коьртачу Талламан Урхаллехь а, кхечу, оцу тIегIанера хьукхматашкахь а болх бинчу нохчаша цу тIехь йина шайн карьера.
Бакъонашларъярхо Ганнушкина Светлана цецъюьйлу ишта нах нохчийн юкъаралло емал ца барх. Уьш маьршша баха аьтто болуш хиларх.

Ганнушкина:
Нохчийчохь иза кхин а чолхе долу доьзалан а, тайпанийн а, тукхумийн а юкъаметтигаш йолун дела. Нах шайна бекхам барна кхоьру. Цундела царна атта ду, шайга жоп доьхур дерш геннахь чубоьхкина хилар. Церан гергарнаш шайна таIзар дарна метта, шайн чувоьллина стаг араваккха хьовсуш а, набахтешкахь царна мелла а аьттонаш баха Iалашонца лелар оцу мотт лелочу нахегхьа ду. Цунна шортта ницкъ, ахча а оьшу. Дика болх беш болу адвокаташ беза хуьлу. Хала хеташ делахь а, тхо гуттар а Iитталуш долу хIуманаш ду уьш.

ХIинца Зубайраеван доьзална дан хIума доцуш дисина тхо. Дика хир дара дера, иза пачхьалкхал а арахьа йолчу меттигехь нисвелча. Амма цуьнан хьолехь цуьнан карахь я паспорт дац, я Оьрсийчура аравала бакъо а яц. ТIаккха цIаваха бен некъ бац цуьнан. Цундела оцу гIуллакхана гонаха мелла а чIогIа гIовгIа яккха еза юкъараллехь. Нохчийчохь орца даккха деза Iаткъам болчу нахе. Цигахь адамийн бакъонашкахула векал ву бохуш цхьа стаг а ву. Республикан куьйгалхо а ву. Дашна ала, иза боккха Iаткам болуш стаг ву. Нагахь санна Рамзана "хIан-хIа" алахь, тIаккха иза "хIан-хIа" бохург хир ду.

Маршо радио:
ЗубайраевгIеран ахчанаш долччул бен лелор дац Зубайрина дарба. Дийнахь-бусий дарбан цIийнахь иза беккъа маьнги тIехь Iилларх а йолу йоккха харж. Цхьа йораха петар а лаьцна, дийнахь иза лоьрашна тIе лелош ву. Когашна тIе иза маца хIуттур ву бохург а, доккха хаттар ду. Цундела, шен цIа ца вахана, кхин ваха меттиг йолуш вац иза.
Низамо аьлларг дина, Зубайр ша вехачу эвла дIаводахь хIун хир ду? Низамо цуьнан кхерамазаллех жоп лой аьлла хаьттира Гуннушкине Маршо радионо.

Ганнушкина: И ма ду иза. Низамийн новкъахула гIо алахь, иза вуьйр ву. Суна ма-лаъара, низам ца дохош лела, сан ала йиш яц цуьнга. ХIунда аьлча, низамаш болх беш доций хаьа суна. Хала хеташ делахь а, делан дийне дирзина долу "куьйган урхалла" ду хIокху пачхьалкхехь. И бохург, Iаткъамечу стагана тIе боьлху, тIаккха оцу Iаткъамечу стага низамехь йоцу процесс сацайо. "Куьйган урхаллан" кеп ю иза. Нохчийчохь кхин цхьана а хIумане дог дохийла яц.

Маршо радио: Хьанна тIе баха беза Нохчийчохь ЗубайраевгIар а, кхин болу, оьрсийн набахтешкара цIабоьрзуш болу тутмакхаш хилла нах а? Зубайраев Зубайрин а, Муртазалиева Зараин а, Талхигов Заурбекан а гIуллакхаш, масала, дийша а ца дуьтуш дуьйцуш хиллехь а, гуш лаьтташехь ечу харцонна дуьхьала дош ца хезара Нохчийчура.

Ганнушкина: Нухажиев - лерринчу цхьана Iалашонна болх беш волу официала стаг ву. Амма иза Iаткъаме стаг ву. Оцу шен Iаткъамах пайда эцахьара цо нохчашна гIо деш. Малика Нухажиевна тIе яха еза дера я нийсса Кадыров Рамзанна тIе кхача хьажа еза, нагахь санна иза цунна тIе юьтур елахь. Делахь а, цхьа хIума ду.

Зубайраевгахьа цо гIо ца даьхна, цунна гонаха гуттар а гIовгIа лаьттинехь а. И гIуллакх лелон цунна луур дуй ца хаьа суна. Цундела, республикан хьалхарчу стагера аудиенци яккха атта хир дара аьлла хета суна. Рамзана а тIеоьцур яцара те иза (Малика)?

Маршо радио:
Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIе а лаьцна, ЗубайраевгIеран саннарг гIуллакхана цо йист йоккхуш хилча, Зубайра чуволлийтинарг а, Зараъ чуйоллийтина Амхаев а, и санна болу кхин берш а, маьршша лелар барий те? И шаьш доккхуш долу «бепиг» сиха эккхарна кхоьрур бацара? Шаьш оцу режимана хьашт долу нах хетий те царна?
Масала, Зараан нана Тоита маситтаза хьаьжна оццу Нухажиевна тIекхача. Амма, цунах гIуллакх ца хилла цуьнан. Ганнушкинас дуьйцу.

Ганнушкина: Ма-дарра аьлча, уьш чIогIа сиха юхабевлира. Массарна а, дерриг дуьненна а хууш ма ду Муртазалиева Зараъ цхьана хIуманна бехке йоций. Цхьана хIуманна тIехь бехке яц и йоI. ХIа, кеста араяла езаш ю иза. Стенга гIур ю иза? Иза Нохчийчу дIайодахь иза тIе муха лоцур ю? Цуьнан нене хIун аьлла хьехар де аса? Суна хьалха а хиина, 8 шарахь эха шарахь шен бехк боцуш, таIIийна чуйоьллинчу йоьIе хьоьжуш йолу нана йоьлхуш Iаш, аса хIун ала деза? Ша кхоьру боху цо, шен йоI Нохчийчу йига. Иза набахтера араяла хан герга мел кхочу а, шен сингаттам алсамболу боху цуьнан нанас.

Кхузахь хIун эр ду? Юхахьа хIунда бевлира уьш (Нохчийчура Iедалш а, Нухажиев а)? Рамзан хIунда ца тасавелира цуьнгахьа? Цара жоп хIунда ца дийхира Зараана тешнабехк а бина, иза чуйоллийтинчу Ахмаевга?

Ахмаевн бепиг - бехк боцу зуда чу а йоьллина даккха дезаш ду? Бепиг ду иза? Болх бу иза? Питанаш лелорехь бу цуьнан болх? Аьшпаш боттареххьий? ХIора пхеа минотехь видео йоккхучу хIусаме ямартло а йина, зудабераш далор ду? Хаддаза видео а яьккхича а цу тIехь цхьа хIума дацара цуьнга кховдон. ХIетте а тIе зулам хьарчийра цунна.

Кхеташ ду, цхьаннена а ца лаьа шена иза дуьхьала долийла. Боьхучу хIуманна цкъа а ма ца лаьа, шена дуьхьало йойла. Со кхеташ яц, чIогIа дукха дуьйцу "Нохчийчохь гIиллакхаш-Iадаташ ду, наха шаьш нийсонехь къастадо тIехIоьттинарг" бохуш дийцарх. Ахмаевгара жоп хIунда ца дехна цхьаммо а? Муьлхачу кепехь деха деза ца хаьа суна. Ницкъ барна дуьхьала ю со. Амма, юкъараллин цхьа хьажам хила ца беза ишттачу ямарт нахе? Цунна а, цуьнан гергарчарна а Нохчийчохь баха эхь хоьтуьйтуш хIума хила ца деза? Иза дац. Цуьнан хIума чекхдолу.

Маршо радио: Ахмаев СаьIидан а, Хамбулатов Асланан а, кхин болчу, и санначу нехан а, цкъачунна сагатден хьал дац. Таханлерчу заманан билгало ю уьш.