Нохчийчохь къайладаьхьна зуда йалийна мехкан урхалхочун кхин а цхьана кIантана – 17 шо долу Кадыров Эли ву иза, цо йалийнарг йу Оьрсийчоьнан парламентан депутатан Делимханов Адаман гергара йоI. "Новая газета Европа" хьасто йаздо цунах лаьцна. Хаамийн гIирсаша иштта дуьйцура Кадыровн кхозлагIчу кIантана – 16 шо долчу Адамна а зуда йалийна бохуш. Оцу керлачу хаамаша йуха а хеттарш гIаттийна регионехь хьалхе зударий балорах, бохура Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.
Кадыровн шолгIачу кIанта Элис (вуьшта олу цунах Зеламха а, Iела а) зуда йалорах дуьххьара дийцадаьккхира оппозицин пабликаша, Кремлехь Орсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цуьнан цхьанакхетар ма-хиллара. "Новая газето" цо йалийнарг йу бохура Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думин депутат волчу Делимханов Адаман йоккхаха йолчу йоьIан Делимханова Хедин йоI. Публикацихь иштта билгалдоккхура, нускал берхIийтта шаре далаза ду, цуьнан ненан шерашка хьаьжча, йоI дейттта шаре йалаза хила йеза бохуш. Оцу йукъанна Кавказ.Реалиин редакцин хьасташа тидаме ийцира, йуьйцург депутатан йишин йоьIан йоI йу, цуьнан шен йоьIан йоI йац бохуш.
КХИН А ХЬАЖА: Деден метта а, тхьамда а: Кадыровн кхин а цхьа кIант тIеэцна Кремлехь ПутинаНускал далийна ловзар хIоттийнера шогачу къайленехь: воккхаха волчу Кадыров Ахьмадан а санна, хьешашна ца магийра суьрташ йа видеош йаха, ур-атталла оцу тойнах лаьцна дийцар а, йаздо "Новая" газето. Цу дийнахь дIакъевлинера федералан "Кавказ" олу боккха некъ а, делахь а, кордонаш хиллехь а, дуьхьал йогIуш хиллера цхьа жима машен, нускал далош йогIучу машенийн коврана йукъарчу гIагI диллинчу автомобилах кхеттера иза. Газетин хьасташа бахарехь, оцу машенчуьра лазийнарг дарбанан цIийне вигинера.
Зуда йалочу дийнахь трасси тIе волучу меттигашкахь ха хIоттийнера, тIечгIагIдо Нохчийчуьра Кавказ.Реалии редакцин хьасто. Къилбаседа Кавказан мехкашкара а цхьана хьеший оцу тойне бахкарца дузу цо и.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхаха йолчу йоIа Кадырова Iайшата шен инстаграме хIоттийнера агIоне йазъйеллачу цхьаммо вешина зуда йалорах лаьцна шега делла хаттар. Бакъ дуй хьан вашас Делимхановн йоI йалор йаздича, доцца "дац" аьлла, жоп деллера цо (скриншоташ йолуш йу редакцин долахь). Ткъа муха дIадирзира ловзар аьлла шега хаьттича, мехкан куьйгалхочун йоIа жоп деллера "чIогIа кIадйелла" ша, амма дерриг а "дика дирзира" аьлла.
"Новая" газето йаздинера Кадыровн кхозлагIчу кIантана Адамна а зуда йалийна бохуш – масех бутт хьалха тIеман министраллин батальонан а, "Оьрсийчонан спецназан университетан" а куратор хIоттийра иза. КъорIан дагийна аьлла лаьцна, СИЗО-хь латточу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан "турпалхочун" седа а белира цунна. Газетан хаамашца Адама йалийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу гонера, республикин цIарах сенатор волчу Геремеев Сулейманан йоI. Цунах лаьцна хууш хIуммаъ а дац.
Элина нускало далочу заманчохь кечамаш беш гIо деш вара Кадыров Адам, бохура регионера редакцин хьасто. Нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара а бохура изза; цуьнан дешнашца, Адамна зуда йалорах хаам тIечIагIбан аьтто ца баьлла.
Ахьмадан ловзар
Хенал а хьалха зударий балор хуьлуш хIума ду Нохчийчохь. Масала, стохка цуьнан воккхаха волчу вашас Ахьмада а йалийра зуда, шен 17 шо долуш. Оьрсийчохь зуда йалон магош ду низамашкахь 18 шо дуьзначул тIаьхьа, делахь а Доьзалан кодексехь магийна ду цхьа таро йоцуш гIуллакх Iоттаделлехь йалон магош. Регионера Iедалхойн карахь йу и агIо.
Зуда йалайале масех де хьалха кхиазхо волу Ахьмад президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхийтира – Кадыровс-воккхахволчо элира "официалехь" доцуш, цхьа "даггара" дара и вовшахкхетар аьлла.
Кадыровс гулбина мостагIий лерича, кхеташ ду дас сагатдарх
Нускал дерзийра дай баьхначу Ахмат-Йуьртахь: хьешашна шога дихкира, Элин тойнехь а санна, суьрташ дахар, видеош дIайазйар а. Цундела машанехь цхьа а сурт а, йа видео а йацара оцу ловзаргахь йаьккхина, Нохчийчохь и тайпа хIума чIогIа тамашен ду. Кхузахь ламаст ду суьрташ даха а, видео йаккха а говза видеооператорш кхойкхуш.
Ахьмада йалийнарг хиллера Махматова Тамила, Соьлжа-ГIалина кхеташонан депутатан, стоматологин кхо клиника шен долахь йолу Махматов Насрудин йоI. Коьрта ду иза а Бенойн тайпанах хилар, КадыровгIар а санна, цо а дIагойту Кадыров шен клан чIагIйан гIерташ хилар.
Таханалерачу дийнахь 18 шо долу Ахьмад спортан министран даржехь ву, ишта цуьнгахь ду "Ахмат" футболан клубан президентан дарж а. Оцу гIентахь цо хийцира регионан премьер-министр Даудов Мохьмад.
Кхерамзаллин уьйраш?
Нохчийчохь нислуш хIума ду хьалхе зуда йалор, бохура шен цIе къайла а хьош, Къилбаседа Кавказехула эксперт волчу, Москвара цхьахйолчу институтан белхахочо. Цуьнан дешнашца, Кадыровн доьзалх дерг аьлча, шен бераш "когаштIе хIиттон" хьийза иза, ша политикан майданара дIавалале. "Ша дийна воллучуьра шен тIаьхье дIанисйан хьийза иза- хIора а дас дендерг ду и. Къаьсттина Кадыровс шена гулбина мостагIий лерича. Шен доьзалхойн кханенна сагатдан церан бух болуш бу", - элира эксперто.
Шен доьзалхойн кханенна сагатдан цуьнан бух болуш бу
Шена муьтIахь уьш хиларца ладам боллуш тешам хиларна, оцу доьзалашкара зударий балабо Кадыровс шен кIенташна, тешна ву талламча.
Нохчийчохь хууш ду, Кадыровс а, цуьнан гонерчу нехан а вежаралла дуйна тIехь хилар, тIетуьйхира юристо, бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара: "Динан процедурехула цо боьхкура шен гонера нах, йамартбевр бу аьлла кхерам ца хилийта. Амма хIинца Кадыров кхин а гена ваьлла, цо боьхку шен бIанакъостий уьйрашца – захалонаш туьйсуш. Цигахь цхьа пайда бу – дахар Iалашдар, йамартло цахилийтар".
Цунна хетарехь, оцу доллучо а чIагIйеш йу республикера Оьрсийчоьнеха йолу номенклатура: "Кадыровн доьзало а, цуьнан герггарчу наха а Москвана шаьш Iаламат чIогIа муьтIахь хир ду аьлла, гарантеш луш йолу дуккха а зама йу, ткъа "церан хIу эдаро керла функционерийн кеп кхуллур йу: арахьа нохчий, чоьхьа боцуш".
- Нохчийчуьра Iедал цIеххьана хийца дезахь а бохуш, Кремлехь сценарий кечйан буьйлабелла аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа Кадыров Рамзанан могушалла йуха а йийца йаьккхина. Бахьана ду боху политикан лазар чIагIлуш хилар. Шен ма-хуьллу, массо а агIор и бакъ дац бохуш, нах теш.
- Зазадокху-баттахь Кадыров Эли хIоттийра республикера боксан федерацин президент а, латархойн "Ахмат" клубан коьрта директор а. Официалехь цхьа а дарж доцуш, цо зуда йалайале хьалха тIеийцира иза Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Кремлехь.
- СИЗО-хь Журавель Никитина йеттар бахьана долуш скандал иккхинчул тIаьхьа 16 шо долчу Адамна дуккха а совгIаташ дира. Шен ден кхерамзаллин хьукматан куьйгалхо вира цунах, Росгвардин, ТIеман министраллин батальонийн куратор хIоттийра, ишта "Оьрсийчоьнан спезназан университетан" куратор а. Цигахь кечбеш бу Украинерчу тIаме хьийсон лаамхой олурш.
- Шен хьал цхьана эшарехь доцчу хьелашкахь Кадыров декхаре ву оцу кепара гIулчаш йаха, ишта иза цомгаш ву бохуш, хабарш хезорна а, тешна бу Кавказ.Реалии сайто хеттарш дина эксперташ.