Your browser doesn’t support HTML5
Гериев Жалавдин да а, нана а дара тешна аппеляци йича, цунна хьалхарчу кхело кхайкхина хан дIа а яьккхина, шайн кIант цIавоьрзур ву бохучух. Амма хетаррг ца хилла шайна, аьлла Маршо Радиога дийцира Гериев Жалавдин дас Насрудис.
Гериев Насруди: «Хьалхалера сацам харцонца бина бара. Иза нислур бацар-те аьлла аппеляци йинера оха. И харцо кхин а чIагIйелла-кх тхуна хIинца. Кхин цкъа а арз дийр ду оха. Гойтур ду-кх замано».
Гериев Жалвдин дена Насрудина тамашийна хета, гуш лаьтташехь, кIайн дерг Iаьржа ду а бохуш, харцонца цунна тIехь кхел яр. Шен кIанта КъорIан тIехь биина дуй а ца тоьира царна, элира цо.
Гериев Насруди: «Жалавдис ша пачхьалкхан дуьхьал лелийна хIума ма дац, наркотикаш лелийна яц аьлла дуй биинера КъорIан тIехь. Делахь а, иза тидаме а ца оьцуш, хан хийца а ца хуьйцуш йитина цара».
Ша Гериев Жалавдис, шега деллачу тIаьххьарчу дашехь кхелахошка кхайкхам бира, шаьш бусулба ду бохуш шу делахь, дуй баа, ша бехк а болуш набахте вохуьйтуш ву аьлла. Йиш йоьхна, цо ша а биира дуй наркотикашца цкъа а уьйр хилла яц шен аьлла.
Гериев Жалавди: «Делан неIалт хуьлийла вайх харц луьйчунна. Суна а Делан неIалт хуьлийла, со оцу наркотикашца уьйр йолуш валахь. Делан неIалт хуьлийла, ас дина доцу зуламанна со бехке вечарна. Лараме кхел! Со маьрша ца воккхуш аш тIеоьцу муьлхха а сацам бакъонца хира бац.
Аш шайн сацамца жоп дала дезаш ду, юй Нохчийчохь бакъонца кхел бохучу хаттарна. Нагахь санна ю аш бахахь, тIаккха суна тIера бехк дIабаккха беза. Нагахь яцахь со набахте дIагIур ву-кх. Сан кхин хIумма а дац ала!».
«Кавказский узел» сайтан корреспондент Гериев Жалавдин гIуллакх нохчийн юккъараллехь тидамехь латтийна а ца Iаш тергонехь ду, цу кеппара кхелан харцонашца Iоттабеллачу нехан а. Чергасбиева Зулиханан кIант а ву, 18 шо а тоьхна, чувоьллина. Цо иштта мах хадийра Оьрсийчохь кхелаша лелочунна.
Чергасбиева: «Оьрсийчохь цхьанна а меттехь нийсонца кхел йоцийла хаьа суна. Изза хьал Нохчийчохь а ду. Нанойн къиношка хьожуш цхьа а вац. Вайн тоьлла кIентий, дIа а луьйцуш, боцу бехкаш а бохкуш чубухкуш бу».
Гериев Жалавдин гIуллакх нийсонца ца дерзадахь шаьш Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхача дагахь ду аьлла дIахьедар дина цуьнан адвокаташа.